ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пионтковский Андрей: «Кадыров» проект йохахь, вон хьал хир ду Путинехь


Оьрсийчоь - Пионтковкий Андрей, политолог, журналист, 2014
Оьрсийчоь - Пионтковкий Андрей, политолог, журналист, 2014

Кест-кеста бовлу Нохчийчоьнан олалле йоьрзуш лаьтта Оьрсийчоь олу политикаш оьрсашлахь. Царех ву деношкахь шен рогIера артикл арахецна журналист, либерал, «Яблоко» партин декъашхо Пионтковский Андрей а. Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а юкъаметтигех лаьцна дийцира цо Маршо Радиона.

«Дантонан цIий ду хьан садукъдеш, зуламхо...» аьлла ша оршотдийнахь Каспаров.ру сайтехула яржийначу артиклехь Пионтковскийс хьадо мила ву президентна Путин Владимирна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, мел кхераме ду Кремлна иза даржах вохор боху хаттар.

Политик Немцов Борис вер толлучу Федералан кхерамзаллин урхалло (ФСБ-но), Пионтковский Андрейна хетарехь, «юкъараллин кхетамехь кхуллуш ю зулам дина хила тарлучу нахана тIера Кадыров Рамзанна тIейоьду зIе: Дадаев-Геремеев-Делимханов».

«Тахана «Кадыров» цIе йолу проект дIакъовла гIортахь, Оьрсийчоь Нохчийчуьрчу шолгIачу тIеман эшаме а, кхоалгIа тIом дIакхайкхоче а кхочур ю. Иза уггаре эшначу 1999-чу шеран вочу позицешка хьал юхадалош нисло.

Цул совнаха, «1999-чу шарахь даймохк кIелхьарабаьккхина» цо олуш волчу Путинна еш юьззина политикан делегимитизаци а ю иза». Иштта боху Пионтковский Андрейс.

Маршо Радион къамел хилира хьал шатайпа а, майра а дийцаредечу политикца Пиантковский Андрейца.

Пионтковский: «Къайле яц, Москох къовсам лаьтта ФСБ-ний, Кадыровний юкъахь. Немцов Борис верна веккъа цхьа Дадаев бехке а вина соцуш яц ФСБ, цо Кадыровна герга болу кхин а лакхара нах бу – шен Кадыровн биста кхаччалц – бехкебеш.

Путин оцунна ма-хуьллу дуьхьаллаьтта. Путин Кадыровх алссам возуш ма ву, Кадыров Путинах возучул а дукха. МутIахьалла тIекIаеш, Нохчийчохь олалла латтор Кадыровга а делла (Кадыровс, ша Оьрсийчоьнна муьтIахь хиларал а хьалха Путинна муьтIахь ву ма олий), Путина шегахь иллюзи кхобу, ша нохчийн проблема кхочуш йича санна. Ша Нохчийчоь олалле ялийна, тIамехь толам баьккхина, вай паргIат даьхна террорхойх, боху цо.

ДагадогIий шуна, муха болабелира Нохчийчохь тIом? Оццу ФСБ-но цIенош лелхийтира, Басаев Дагестан яккха вахийтира, тIаккха халкъана хьалха хIоттийра вевзаш а воцу стаг, хIара ву вайн Турпал, кхо вай террорхойх лардеш ду, аьлла.

Путинан политикан а, моралан а легитимизаци йозу цо Нохчийчохь тIом а болийра, толам а баьккхира бохучуьнца. Цундела Кадыров зуламхо ву аьлла дIакхайкхор, я иштта дIа даржера дIаваккхар – иза Iаламат боккха эшам бу Путинна».

Тахана федералан кхерамзаллин сервис (ФСБ)? Путинна Кадыров Рамзан мел чIогIа оьшу гушшехь, цунна тIекхачош йоллу Немцов Борис веран ларш. Оцу хьоло гойту Кремл шина декъе екъалуш юйла, цхьа дакъа Путинна дуьхьал ша хIоттош дуйла.

ХIоьттина хьал кхетош хила тарло нохчаша а, царна ца хьогийла дац гIаьттинчу къовсамехь Кадыров а, цуьнца цхьаьна Путин Владимир а эшарх, цул тIаьхьа дика хийцамаш дахаре биссарх а, боху Пионтковский Андрейс.

Пионтковский: «Шеко а йоцуш, диктаторна дов ду кхайкхош. Ткъа Нохчийчохь а нах, гарехь, Москох а санна, леррина терго еш Iа хуьлуш долчух. Резабоцурш цигахь а ма буй дуккха а, цундела цигарчу адамашкахь а бу шайн сатийсамаш.

Ткъа Нохчийчохь-м иза хила тарлуш муххале а ма дуй. Оьрсашца шу дуьстича, шун цкъа а паччахьна тIегIиртина дац. Оьрсашлахь лелла паччахьан культ шуьца хилла яц. БIешерашкахь тайпанашкахь даьхначу аш цкъа а къобал ца вина массарна тIехула лаьтта эла.

Цундела, хьанна хаьа итт шарахь халкъана тIехь кхаьбначу Кадыровх хIун хуьлу а? Бакъду, хьалха федералашка шуна тIехь эрдоккхуьйтуш хилла, тIаьккха шу оцу балех дохуш, «Кадыров» проект кхоьллина. Оцо юхьанцарчу ханна беллачух тера ду Кадыровн гонна халкъалахь ша беза бу моттуьйту некъ».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG