ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкан ницкъахоша нохчий кIезиг бойуш санна...


Деношкахь Нохчийчу къепе чIагIъян бахкийтинчу Ставрополан махкарчу полисхоша Соьлж-гIалахь герз тоьхна стаг вер, коьртах даьккхина дуьйцуш ду махках.ТIебаьхкинчу низамхошкара даьлларг саннарг, кхайкхош доцуш кесст-кесста нисло Нохчийчохь.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хааме дакхарца, цхьана ханна Нохчийчу гIуллакх дан хьовсийначу Ставропол кIоштерчу низамхоша леррина тIеман операци дIахьуш, Iедало лехаме велла хилла Дадаев Джамбулат цIе йолу вахархо вийна, герз а тоьхна, Соьлжа-гIалахь, кху оханан бетта I9-чу дийнахь.

Iедалан хьостано Iорадаккхарца герзаца волу зуламхо полисхойн машен тIе машен тоха воьлча, цуьнга кIоршаме зенаш ца дайта, вен дезна.

Вер-ваккхарца бозабелла и бохам коьртах а баьккхина бийцаре беш бу нохчийн юкъараллехь. Дадаев вер хьокъехь махкарчу Талламан комитето зераш долийна.

Говзанчашна хетарехь оцу урхаллин белхахойн коьрта Iалашо ю Ставропол мехкан полисхойн герз тоха хьашто ярий техьа, стаг веллал кхераме хилла-те кхолладелла хьал бохучу хеттаршна жоьпаш карор.

Нохчийчохь бу мел боху лаккхарчу тIегIан Iедалдай а болуш ша дIаехьначу кхеташонехь стаг а вуьйш, Соьлжа гIалахь герзаш дийлар дийцаре дина Кадыров Рамзана а.

«КIирандийнахь гIалахь дIайоьдуш «Терек» - «Динамо» матч а йолуш, бIеннашкахь баьхкина туристаш а, кхин лераме хьеший а болуш, масатоьпаш етташ, герзаш дийлина гIалахь. Билгалдаьлла цхьа Дадаев цIе йолу вахархо лоцуш, тIеман операци дIаехьнарш Ставропол махкара полисхой хилла, мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллина хууш хIума а доцуш».

Ишта дIахьедар дина куьйгалхочо. Цо бахарехь Ставропол мехкан полисхойн, низамо мага а деш, бух ца хилла и тайпа тIеман операци дIаяхьа. Кадыровна хетарехь кIоршаме низам талхор ду Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министаралла шаьш лелочунна цара дуьхье цакхийтар а.

Цо чIагIдарца Ленинан кIоштехь нисбеллачу Iоттабаккхамехь, цкъачунна хааме даха хьашто йоцу нийса дацарш кхин а дуккха ду.

Цхьаболчу бахархошна тамаше хетарг ду, Нохчийчохь къепе хIотто баьхкинчу низамхойн карх стаг валарх, оццул айина дийцар а, Iедалхошна и сел чIогIа даздалар а.

Стенна аьлча, кхузахь, полисхой бахьнехь вер-ваккхарш нисдалар могIарера гIуллакх ду.

Кху беттан 24-чу дийнахь 2 бутт кхочу Соьлжа-гIалахь эккхийтар дан воллуш кхо жима стаг велла. Бакъду, гергарниш а, я бакъонашларьярхой а тIе а буьтуш белларш гайтина бац, зийна дац декъий а, уьш балар бахьна а.

Цаьрца уьйр –юкъаметтигаш лелийна аьлла лаьцна дIавигна шиъ вен а вийна дIавеллера цIерачаьрга, дIаберзо пурба а ца луш. Беллачаьрца тIекаренаш а, чукаренаш а лелийна аьлла хIетахь лаьцна кхин а пхи жима стаг, мичахь ву хууш а дац хIинца а. И сингаттаме хиламаш, хIинца Ставропол мехкан полисхоша Дадаев вер санна-м муххале а, аьттехьа а багах баьхна бац Iедалан хьостанаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG