ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белялов мел вевзина нах буьйлу цунна орцах


20 шо хьалха Нохчийчуьра тIом сацор Кремлна тIедожош Буденновске яхначу нохчийн тIемалойн тобанца хилла аьлла бехкевеш лаьцначу Нохчийчьурчу вахархочунна Белялов Рамзанна тIехIуьттуш, иза цигахь хилла вац бохуш тоьшаллаш до дуккхаъ наха.

Нийсонца цкъа а кхел йоьрзур елахь, Гуьмсера вахархочунна дуьхьала долийна гIуллакх иштта дерза деза. Иза Буденовскехь нохчийн тIемалоша тIелатар динчу хенахь, хилла ца хиларна шортта тоьшаллаш доллушехь, уьш тергоне ца оьцу цунна доьхьала болийначу талламо. ХIинца и стаг, Пятигорскерчу «Белый лебедь» олучу талламан изолятор чохь.

Белялов Рамзанан гергарчара а, цуьнца I995 шарахь аьхка дуьйна Iа тIедаллалца Башкирехь болх бинчара, а, иза шайца вара бохуш дийцар чоьте а ца оьцу. Цуьнан жимах волчу вешийца Белялов Халидца зIене елира Маршо Радио. Иза тахана Пятигорскехь ву, вешийн гIуллакхна хьийзаш.

Белялов: «I995 шарахь цуьнца хилла болу накъостий а балош, кхуза схьа а веъна, Ессентуки гIалахь, цаьрга хеттарш а дайтина, сийсара шиъ долуш цIавеана ву со. I995 шарахь, Стигалкъекъа-беттахь дуьйна ГIура - бутт тIекхаччалц белхаш бина бу уьш.

Белялов бехкевацаран тоьшаллаш
Белялов бехкевацаран тоьшаллаш

Ас цигара цунна ахча луш хилла долу ведомость а деъна. Цигара хьакамаша дина долу тоьшаллаш а деъна, иза цигахь оцу хенахь болх беш хилла аьлла. Тахана ши сахьт даьлча, цуьнан хан кхиъ тIетухуш ю цара.

Маршо Радио: «Билгала иза Буденновскехь хилла воцийла хуушехь, цунна и «кхаж» балар хIун бахьан ду аьлла хета хьуна?»

Белялов: «Тхан юьртахь муьлха а стаг цец а волу. Бахьана цхьанна иза воьвзина бохуш ду. ХIинца и харцо а, и боьхалла а гучуяьккха гIерташ ву со. Оьрсаша шаьш долчохь иза хилла ву бохуш, тоьшаллаш далошшехь, шаьш бохучунна тIера бовлуш бац хIорш.

Совета Iедал долчу хенахь коммунист а хилла, хIинца а цуьнца йолу шовкъ дIаяланза а волуш, шен ши кIант а, нийса кхиа а вина, дола а деш, стаг вара иза. Тхан воккхаверг вара иза. Ден метта а вара тхуна иза. Иштта хан яьккхина нах ду тхо. Харцо а йийцина, дIавиги-кх цара иза».

Белялов Рамзан, I995 шарахь, Башкирехь «шабашке» олучу белхашка, шен гергарчу а, юьртахошца хилла хилар бакъ до, оцу республикера Хайбулинский кIоштера бахархоша. Оцу хенахь пачхьалкхан белхашкахь хилла уьш. Меттигерачу кIалелочу пачхьалкха бахаман куьйгалхочо Лоскутов Анатолийс, куьг а таIош, кехат язйина, Белялов Рамзан, кхечу гIишлошъярхошца I995 шера Стигалкъекъа-баттахь дуьйна, Лахьанан-бутт чекхабаллалц, шаьш долчохь болх беш бара аьлла.

Иза даре деш дуккха а бу цигахь. Меттигера яхархо Бешейко Галина, оцу хенахь, гIишлошъяран белхашкахь бригадир хилла. Цо а бакъ дира Маршо Радиога, Белялов Рамзан шен накъосташца, юьйцучу хенахь, шайца болх беш вара аьлла.

Бешейко: «Уьш I995 шарахь дуьйна Стигалкъекъа-баттахь дуьйна ГIуран-бутт тIекхаччалц сан базехь болх беш бара. Со оцу хенахь бригадир яра. Цхьанна метта дIавахна вац иза оцу хенахь. Болх беш вара. Бригадийца вара иза. I5 стаг вара цу юккъехь. Дика бераш дара уьш. Иза а дика адам дара. Де аьлларг дора.

Вон цхьанна а дина дацара цо. Ас иза даре до. Ас йозанца а даре дина. Уьш суна база еш бара. Цундела, суна цхьа а хIума а диц ца делла. Оха доттагIалла леладора цаьрца. Уьш тхо долчу богIура. Дукха нах болчу а оьхура уьш. Дукхачаьрца доттагIалла дара церан. Цхьаммо а уьш ара а ца бохура, дIа а ца тоьттура. Массара а даггара тIеоьцура. Суна дага догIу иза. Сан бIе шо ма даций, иза дага ца дан. Дика дагадогIу суна иза».

Ша цхьаъ хилла Iаш яц боху Бешейко Галинас, Белялов Рамзан шаьш болчохь болх бина хилар даре дийра долуш. Уьш дагабогIуш шортта бу, элира цо.

Бешейко: «Цхьа а веана вац со йолчу. Цхьаммо а хIумма а ца ехна. Цуьнан ваша-м веънера. Цо дийхира, ма дарра хилларг дийца аьлла. Ас дерг элира-кх. Муьлха а схьаваийтахь, сан майрачо а даре дийра ду иза, кхузахь дукха наха даре дийра ду. Урхалла деш хилла волу Лоскутов Анатолий Инвановича а, кхузахь вехачо, дийра ду даре».

Буденновскехь хиллачу терактехь Белялов Рамзан, илла а билла а хилла бохург бакъ ца деш кхин цхьа хIума а ду. Башкирехь оцу кIоштехь арадолуш хиллачу газете тIетоьхна хилла Белялов, дика белхахо санна а, меттигерачу берийн бешан гIо деш ву аьлла а. И газета, тахана арадолуш дац, амма, и номер Москохахь Ленинан цIарахчу библиотекехь хила деза. Цигара иза дан Iалашонехь ду цуьнан гергарчу нехан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG