ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелхина Абдурахманов Дукхаваха


Нохчийчоь --Нохчийчоьнан парламентан спикер лаьттина Абдурахманов Дукхаваха
Нохчийчоь --Нохчийчоьнан парламентан спикер лаьттина Абдурахманов Дукхаваха

Кху тIаьххьарчу 20-х шарчохь Нохчийчохь уггаре а чIогIа бевзачу политикех цхьаъ хилла чекхваьлла Абдурахманов Дукхаваха. 21-гIа бIе шо долалуш иза коьртехь лаьттина юьртабахаман министараллина. 2005-чу шарахь иза депутат хоржу, Нохчийчоьнан къоман парламентан гуламан коьрте а хIоттаво. Къахьегна Iедалехь болчеран аьллар тIера ца волуш, стигал Iаьрчашка кхаччал лаккхарчу муьтIахьаллица шена тIе мел дехкина декхарш кхочуш а деш.

Нохчийчохь дукха политикаш бац Абдурахманов Дукхавахас санна цхьатерра оьрсийн а, нохчийн а меттанаш говза бекош, шовкъе дош хазийна, керла-керла басарш карош, ног етташ махкахь чIагIлучу керлачу токхечу дахарна а, и дахар кхуллучу урхаллехь болчарна а хастамаш бина.

Къаьсттина хьасартне, цуьнан инзаре доьналла, беркате хьуьнарш, махкахойн кхеле дохкуш, кIадо йоцуш вийцина Абдурахмановс Кадыров воккханиг а, цуо тIамах хьалха а даьккхина къам маьршачу кхоллараллин новкъа дIахьажор а, иза а цуьнан кIант а бахьнехь Нохчийчохь керлачу, ирсечу,синтемечу дахаро заздаккхар а.

Iедалдайн лааме хьажжина, махкана а,халкъана а пайдехьа керла низамаш тIеэцарал сов, лерса ирдина самонца тергонехь латтийна спикеро юкъараллин политикан дахар а – чуьра а, дозанал арахьара а. Стохка шеран юьххьехь тIемалойн а, хIусмаша йохош гергарнаш махка бахар хьокъехь, и гIуллакх Москвахь биста кхаччалц коьртах а долуш гIовгIанаш лилхича, Абдурахманов Дукхавахас шалхо йоцуш, дIахьединера Iедалдайн тIеIаткъам къобалбеш.

«ЦIа бахка бакъо а йоцуш махках баха беза тIемалойн гергарниш,ткъа церан цIенош шайн баххашций хьаьккхина дIадаха деза». Оцунах тера хьажам хааме баьккхинера чекхдаьллачу шеран тIаьххьарчу гIуран беттан 4-чу дийнахь парламентан спикеро

Цуо аьлларг кар-кара оьцуш дийцаре а деш, кхехкачу политикан дахаран кIуркIмани юкъа кест –кеста нисвелла нохчийн парламентан хьаькам. Царех дагалецамечех цхьаъ ду Украина пачхьалкхана герз дохка сацам тIеэцначул тIаьхьа Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессе Абдурахмановс хьажийна кехат а:

«Оьрсийчоьнаца дозанаш долчу Гуьржийчоьнан а, Украинан а пачхьалкхийн бала стенна кхочу те Iамерикан? Оццул гIо дан лууш хилча гIаддайна пачхьалкхаш дукха ма яра Африкехь а…Ас со-сайга хоьтту,стенна гIерта те сел чIогIа Украине США?

И фашистех ларьеш тхан 3.5 миллион салтий ма веллера. Гитлеран Германица тIом дIабирзича Украина юхаденьеш къа ма хьегнера массо а къаьмнаша,Iамерикан пачхьалкхо цхьа доллар дайина а доцуш…

Кхузара ала ду, США бакъо яц, луларчу пачхьалкхашца юкъаметтигаш муха хила еза бохуш, Оьрсийчоьнанна хьехамаш бан. Цо Украине герз кхачадахь,оха тхайн рогIехь керлачу герзаца гIо дийр ду Мексикана, цуьнга шайн мацах хилла штаташ юхаерзо къийсам дIаболабайта… Оха тхайгахь бакъо юьту Оьрсийчохь а, Мексикехь а, Америкехь а гулам-конференцеш дIаяхьа, мацах Мексикера схьаяьхна штаташ юхаерзо а, цига партизанашна герз оза а.

..ЦIена дипломатин некъехь гергарло-юкъаметтигаш лелаяр – иза коьрта билгало ю президента Путин Владимира. Цу некъах къилба а дина йоьдуш ю ерриг пачхьалкх а. Путинан тешаме чIагIо а хилла лаьтта Нохчийчоьнан куьйгалхо а, дуьненан муьлххачу меттехь, цуьнан муьлхха омра кхочушдан кийча а волуш...» - доцца далийча ишта дIахьедар хааме даьккхинера ст охка парламента хьостано.

Цу кепара зевне дIахьедарш дуккха а дирзийна дахаре Абдурахманов Дукхавахас. Цу яхк чуьра дара Украинан Лакхарчу Радин векалш Европан Кхеташонан парламентан ассемблеяна юкъара дIабаха аьлла, стохка гIура баттахь спикеро бина кхайкхам а. Цо кхеторехь цунна бахьна дара цвара фашистийн хьу-чулацам болу кхайкхамаш бар.

Кху бовш болчу бетта 29-чу дийнахь Гуьмсан кIоштан Жалкхехь дIаверзийна Абдурахманов Дукхаваха. Хьан дIалоцур ду мукъадаьлла гIант? И хаттар жоп доцуш дукха лаьттар ду аьлла ца хета тергамхошна. Уьш тешна бу цига милла хIоттавахь а Абдурахманов Дукхавахас дIакхехьначу «машаречу» политикна, изза мила велахь а, цуо пе беттар бац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG