ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс делла сахьт" ма хьадойла аш!


Кадыров Рамзанан цIе еза, боккха пайда бохьуш лелаяьлла геннарчу оьрсийн гIаланашкарчу бозбуанчаллашлахь, аьлла даьржина социалан машанашкахь. Мел бIоба йогIу нахана хьаькамца хьовха, цуьнца хьожа-мода йолчух а Iиттабелча гойту цхьацца беламечу бохамаша.

И бозбуунчаллаш кхоъ бен хилла хааделла дац, амма, кхин дIа а уьш хира дац олийла дац. ХIунда, аьлча, бозбуунчалхой, шаьш кIорге психологаш болу дела, дукха дика Iамийна юккъараллехь йолу дог-ойланаш а, церан кхерамаш а. ТIаьххьарниг, гарехь церан бу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарца боьзна, аьлча а, цуьнан доттагIех.

Схема иштта ю. Дийнан делкъахенахь, гIала юккъехула тоьллачух машен йоьдуш, цунна цIеххьана кIела эккха, дезчух духар а доьхна волу гIеметтахIоьттина стаг. Машенах хьакхалуш, цо ларамаза санна сахьт дIа а тухий, цуьнан бIаьрг бохабо.

Хетарехь, доккха хIума ду, сахьт бен дуй иза, и стаг лаза ца вичхьана. Амма, коьрта хилам цул тIаьхьа бу. Сахьтан долахочо мохь хьоькху, ас хьо набахтехь вахкаволуьйтур ву, хьоьгара мел йолу бизнес а дIайоккхур ю, хIара сахьт сан доттагIчо Кадыров Рамзана делла ду суна, олий.

Цо, дуьйцург тIечIагIдеш санна, мичара волу ца хууш схьавогIу, лерга йоьллиниа рацин сара а болуш, костом йоьхна волу жима стаг, ша федералан гIаралхойн сервисера ву олий.

Иза тIеветтало, мохь хьоькхучу стагана :«Дмитрий Игнатьевич, хьуна хIума-м ца хилла», олий. БIаьрг бохийна долу сахьт а дIагойту, Нохчийчоьнан символика а йолуш, гIуттакх тIе «Кадыров Рамзанера, сан вешина а, доттагIчуьнна а» аьлла йоза а долуш.

Машенан долахочунна, оццул шена тIеIаткъам бича, атта хета ахча а делла, цу меттехь хилларг дицдайта. Иза цец а ца волу, лазийна ву бохучо а, гIаралхочо а, 20 а 30 эзар доллар дехча. Массийтамо и ахча делла а бохуш, дуьйцуш ду социалан машанехь. Иза даьржина Мосокхахь а, кхечу яьккхий гIаланашкахь бехачу нохчашна юккъахь а. Дуьххьара дIа и сурт беламе хетахь а, шайна иза забаре ца хета, бохуш дийцира Москох вехачу Апаев Асланбека.

Апаев: «Питерехь бехачу наха а аьлла соьга, суна хезна и хIума иштта хуьлуш дуйла. Со Москох вехаш ву. Кхузахь а, оццу Питерехь а чIогIа даьржина хIума ду и бозбуунчалла. Яьккхий гIаланашкахь хуьлуш ду и хIуманаш. Цецвала хIума дац. Тахана Рамзанан цIарца цара долийна долу и хIума, дуьххьара дIа шайна нохчашна дика дац. И Рамзан, Кремло ша хIоттийна а ву».

Иштта нах Iехабала а, шаьш Iехабайта а кийча хилча, юккъараллехь йолу дог-ойла муха ю а, Iедалхошка церан болу тешам а мел бу гойту аьлла хета Апаев Асланбекана.

Апаев: «Оцу хIуманна тIехула цхьа а стаг вийна а, лазийна а ца хилча, наха 20 эзар доллар охьдуьллуш хилча, гойтуш ду-кх и нах мел кхоьруш бу Iедалах. Цуьнах олу «полицийн пачхьалкх». Ша дерриг муха хила дезаш дара? Iедалах долчу хIуманех, нах дог токкха хила безаш бара. Ткъа кхузахь, ша дерриг нийса бIостнехьа ду».

Шайгара иштта ахча даьккхина аьлла, цхьанна а стаг арз дина дац полицига. Цо а гойту, мел бакъдеш шай васташ ловзийна Кадыровн доттагI ву бохучо а, цуьнан гIаралхочо а. Iедалхойн гергарчаьрца оцу тайпа забарш дика йоцийла масала гайтина кхин цхьа хIума а ду. Масех шо хьалха, Рублевкерачу новкъахь, шен гIаралхошца схьавогIучу цхьана меттигерчу банкиран, некъ а къоьвсина дов даьллера Нидерландера вахархочуьнца.

ГIаралохоша етта а йиттинера цунна, машен а йохош. Оццу сарахь дIалацарх, банкир Урин Матвей, ша долахь мел йолчу банкех а ваьлла, хIинца а набахтехь валлош ву. ГIаролхоша йиттина волу нидерландхо Оьрсийчоьнан президентан Путинан йоьIан тIехьийза кIант хилла, бохуш дуьйцуш ду хаамийн гIирсашкахь.

XS
SM
MD
LG