ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудчунна тIехула машенаш а йохуш дIабахана хьаькамаш


Нохчийчоь --Кадыровн ковра, 2013
Нохчийчоь --Кадыровн ковра, 2013

Гуьмсан кIоштахь зуда ен а йийна, цунна тIехула а яьлла яхана Iедалан дай эцна йоьду машенийн ковра. Ткъа иза парггIат Iорадаккха а ца хIуьтту меттигера бахархой. Суьрто гойту Брюсселерчу Дуненаюкъарчу кризисаш зуьйчу тобан тептар харц дацар.

Масех хаамийн гIирсаша къастам боллуш чIагIдарца Iедалхойн кортеж кIел а нисьелла йийна Ойсхарахь федералан некъ хадош йоллу зуда. ЦIарца гIарбийла а ца лууш, цу хьокъехь даре деш болу могIарера бахархой боцуш цу некъахьовзамах хаам Iорабаьккхинчех цхьаъ ю «Кавказан узел» агенталла.

Деа беран нана, 50 шо долу Ледиева ер нисделла чекхбаьллачу беттан 29-чу дийнахь, амма юкъараллехь хиъна дац хIинцца доцург. Юьртахоша дечу мукIарлонца цIийнда набахтехь хан токхуш а волуш, ша доьзал кхобуш, гIийла лол бетташ, хене йолуш хилла елларг. Гинчара дийцарехь, тIе машен а кхетта зуда охьайоьжначул тIаьхьа а масех машен тIехула яьлла цунна кхин а, соцунгIа ца хуьлуш дIа а яхна.

«Iедалхой тIехь болу пачхьалкхан кортеж инзаре чехка йогIу. ДегIастанан Хасав юьрта агIор боьдучу кху тхан новкъахула уьш кест –кеста лела, лаххара а 200 чакхарма чехкалла а йолуш. Сел сиха, ша кхоьруш ца лелахь суна-м хаац уьш мича кхача гIерта.

Чехкалла лах ца еш, нехан докъа тIехула бевлла а дIабоьлхуш хилча, цара арадаьккхинарг, стаг веллал а деза хIун гIуллакх хилла-м хаац… Чамбоцчу-м даьлла хIара … Дала нийсо йойла». Ишта къамел динарг ю шен цIе йоккхийла ца лиъна Ойсхара яхархо.

Меттигерчу Iедалан телевизионехь кху беттан хьалхарчу дийнахь и зуда ер хьокъехь дийцина цхьа могIарерчу некъахьовзамехь цуьнан дIакхалхар нисделчаха, машен урхалла деш хиллачу кIентан цIе а йоккхуш, каде хьааьвзинчу баккхийчара шина агIонна векалш куьйге а бахийтина, и гIуллакх маслаIате дIадерзийна хилар билгал а доккхуш.

Бакъду могIарера бахархой официалан дуьйцучух гIортор йина Iаш бац. Церан шайн некъаш ду хиллачуьнан дуьхье кхиа а, мах хадо а. Иштачех ву Гуьмсан кIоштера 65 шо долу Нурди а.

Оццул маса йоьдучу машенан кIел зуда нисьеллий а ца хууш, уьш дIабоьлхийла ян а яц аьлла хьажам бу дукхахболчеран. Стаг вер цхьана меха а ца хеташ хIара тIаьхь-тIаьхьа гена долуш доллу бохуш вара цигга кIоштера Мусбек а.

Хаамийн гIирсашкахь кест-кеста хьехош ма-хиллара Оьрсийчохь хийра дац Iедалдай тIехь болчу машенаша бехк-гуьнахь доцчу, цхьанхьа баха бевллачу могIарерчу нахана некъахьовзамаш бахар а, бехк боцу стаг хотIа вожийнера аьлла, маьIхькIамхой жоьпе ца ийбар а. Жоьпе цаийзабарра-м стенна дуьйцу, мел бехке бацахь а токхамаш бар а дуьсу ларамаза церан новкъахь нисбеллачу бахархошна.

Цунна масал ду 3 шо хьалха аьхка Камчатка кIоштехь Оьрсийчоьнан премьер –министар валош йогIучу кортеж буха шен машенахь Куклина Ольга нисьялар а. Некъана нацкъара а яьлла дIахIоттийначу кхуьнан машена тIе машен тоьхна цу кортеж юкъарчу кIайлахчу сервисан белхахочо.

Говзанчаша кхуьнан машенна хилла зе 3I9 эзар лерина,ткъа схьаделларг дац I20 эзар бен. Диснарг суьдехула лур ду аьлла, дIатеттина Куклина Ольгас хетарехь хааме даккхарца. И дерриге шен кара схьаделлехь а боху цо,цхьаболчу говзанчаша чIагIдарца иза тоьаш а дацара, шен машен кхачо йоллуш тойина дIахIотто. Интернет зIенехь ишта яздина Куклина Ольгас : «Хала хетта-кх. Оха майрачуьнца и джип эца банкера кредит эцнера. ХIинца декхарш дIатакха деза…

Доккхачу декъана иза а дац коьртаниг. Цхьа дегабааме, ма нийсо яц-кх хIара аьлла ойла йисна-кх сан. Со некъана нацкъара а яьлла, цхьангге а бохуш хIума а доцуш, Iаш яр-кх, сан машен а йохош уьш тIекхетча. Цу тIе премьер-министар валош богIурш сан бехк бан лууш а бар-кх. Цунах гIуллакх ца хилча,уьш дIасабахара, сайн балица со цхьа йитна. Ишта ала лаьа-кх - со ца юьйш йитарна баркалла шуна».

Шена тIеIоттаделлачух,даьлла хIума а доцуш шега кховдийначу харцонах ишта яздинера Куклина Ольгас. Цуьнан ирс хилла дийна йиса, амма и кхаж ца баьлла Ойсхарчу яхархочун.

Куй биллал бен йоцчу Нохчийчохь ишта меттиг нисьялар дукха тамаше а ца хетало Оьрсийчоьнан куьйгалхойн кхин бала кхочуш ца хилча, боьлхуш, богIуш ларамаза «когаш кIел» нисбеллачу могIарерчу бала безачу нехан.

XS
SM
MD
LG