ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийрачу дешнех цIанбан беза нохчийн мотт


Дагестанехь суьйлаша болх болийна шайн мотт хийрачу терминех цIанбеш. Изза болх бара нохчийн маттаца а бан безаш, аьлла хета нохчийн лингвисташна.

Цхьацца комиссеш а, тобанаш а кхуллу меттан нийсаяздаран а, бийцаран а низамаш къасторхьама. Амма къамелел кхин гена ца долу. Шарахь цхьана дийнахь меттан де аьлла билгал а доккхий, нохчийн духар а духий, холхазан куйнаш а тохкий, нохчийн кхача а бууш, нохчийн эшаршка ла а дугIуш, дIадерзадо ненан мотт ларар.

Ткъа иза тахана болчу хьолах а, цунна оьшучу хьаштех а, дуьйцуш а дац, хьахош бен.

Дагестанехь, суьйлин мотт цIанбарехь, болх болийна аьлла хезча, нохчийн меттан говзанчаша иза хазахетарца тIеийцира. Шайн мотт лоруш долу къам а лара мегар ду.

Амма халахеташ дерг ду нохчийн меттан бала кхочуш ца хилар. Меттан говзанчо Вагапов Iарбис а билгалбоху баланаш. Амма тIеэцна лелош долу дешнаш дIадохуш болх, ойла а еш, сиха а ца луш бан безаш бу, элира цо.

Вагапов: «Кхечу меттанашкара тIеэцна дешнаш массо а маттахь хуьлуш ду. Уьш ша дерш дIадаха ца оьшу. Амма шен маттахь керла дош кхолла мегаш ду, нагахь санна меттан гIирсашцаний иза кхолла хууш нах а болуш, и кхоьллинарг маттаца догIуш а делахь. Оцу агIор болх беш со а вара, кхиберш а бу. Наггахь долу дешнаш юккъе а девлла вайн.

Масала: «Алам»- «предложение», «Говза»-«произведение», «Iамат»-«учебник». Иштта дуккха а ду уьш. Со-м хьоьгуш ву суьйлех, бакъдерг дийцича. Иштта хила а деза. Амма тIехвала а, сихвала а мегар дац. Ткъа чакхенца долу гIуллакх а дан дезара. Цхьа ца алалуччохь, керла суффикс кхоьллича, гуттара дика хира ду».

Уггаре а боккха бала, нохчийн матто ловш берг, иза юккъараллехь шуьйра бийцар дастаме хетар а, иза кхин дIадолчу дахарехь оьшург ца хиларх тешар а. Оцу кхачамбацарша маттана хуьлу гIело, кхин а язъйо, аьлла дуйцу Вагапов Iарбис.

Linguist Vagapov Arbi
Linguist Vagapov Arbi

Вагапов: «Цхьана сахьтехь, ахь эзар дош хийцича, нахана иза хIун ю хууш а ца хилча, цуьнах мотт ца хуьлу, иза талхор бен. Доца дешнаш лело деза. Хьажал, тарелка бохуш лелаш ду-кх вай, бошхап а, хедар а ца олуш. ТIо а ца олуш, сметана олуш а лелаш бу цхьаберш. Йохь а ца олуш, колбаса а олу. Шен долу дешнаш леладехь, тIаккха догIур ду нехан дешнаш.

Маршо Радио: Нохчийн мотт денбаран гIуллакх жигара доккхуш ца хилча, иза Iедалца Iоттаделла, политикан хаттар-м дац теша? Нохчийн маттана Iаткъам бечу оьрсийн маттана кхерам хир бу аьлла-м ца хета-те царна?

Вагапов: «Цхьа а шеко йоцуш, гуттара а хилла ду иза. Делахь а, вайн а йолуш ю цхьацца коммисеш, терминологи а, орфографии а тIехь болх бийр бу аьлла.

Амма юха а, тIаккха а хьуна тIехь верг вуй, Iедал боху ас оьрсийн, царна а ца лаьа, шай маттера валийта. Шайх дIа а тарвелла, дIавахийта ма лаьий царна. ХIора стагана шена хаа дезаш ду, шена хIун лууш ду. Къоман яхье хьаьжжина хир ду. Иза хилахь, мотт дебар бу, ца хилахь-эшна богIур бу».

Кхечу маттера дешнаш, нохчийн метта юккъера дIадахаран болх кхечу дешнашца мотт цIанбаран болх, тIекхетта дан мегар долуш хIума дац, бохуш цхьа ойла ю ненан маттахь язъечу яздархойн а, поэтийн а, журналистийн а, хьехархойн а. И болх аттачу бер бара, нагахь санна, мехка дозанал арахь бехачу нохчаша, хIун дешнаш леладеш ду, теллича а.

И болх бича дика дара аьлла, ойла кховдийнера Iедале яздархочо, нохчийн литературехь реализман бухбиллархо лоручу Кацаев Сайд-Хьасана. Амма, и гIуллакх, дIа ца дахара шен, элира цо.

Writer Katsaev Said-Khasan
Writer Katsaev Said-Khasan

Кацаев: «Тюркизмаш а, арабизмаш а дIадахарх цIанлуш бац мотт. Шен заманций, юккъедаьхкина дешнаш ма дай уьш. Хьайн маттахь алалуш долу дешнаш, кхечу маттахь ала ца оьшу. Ткъа, «халат» боху дош, хьайн матте доккхучул а, иза дитича атта дац? Тюркийн меттанаш, чIогIа хьал долуш ма ду. Ас массийтаза ойла кховдийнера, оьрсийн маттера дешнаш, я гуьржийн, я туркойн, я вай диалекташкахь, я Iаьрбийн мехкашкахь болчу нохчаша муха олу, талла а толлуш хIума дан дезара аьлла. Лаьтташ ду-кх и хIума. Вай дийцарий бен, кхин хIумма а деш дац».

Нохчийн мотт а, Къилбаседа Кавказера кхечу къаьмнийн меттанаш а, леш дIабовлучарах бу аьлла дIакхайкхина цхьанакхеттачу къаьмнийн цхьанатохаралло. Кхиъ 50 шо даьлча, царна тIехь къамел деш а, язъеш а нах гуттара а кIезга хира бу аьлла хаам баржийна оцу цхьанатохараллехь, къаьмнийн кхиамаш толлучу урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG