ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигрантех юкъъелла Европа


ЦIеххьана лакхадаьлла тIаьхьарчу беттанашкахь Европехь тховкIело лоьхучу мухIажарийн терахь. Шемара а, Иракъера а, ткъа иштта Африкерчу пачхьалкхашкара а гIолехь дахар лоьхуш Европе уьдучу нехана терахь дела денна эзарнашкахь ду. Уггаре а дукха мигранташ Германехьий, Австрехьий гулбелла.

ХIора Делан дийнахь цхьатерра сурт ду Венина 40 чакхарма гена Iуьллучу мухIажарш тIеоьцучу лагеран кевнашна хьалха. Иттанашкахь тобанашца а, шишша-кхоккха стаг волуш а я ша цхье цIена верг – керла-керла тIебаьхкина мухIажарш хIуьтту цу лагеран ковберте. Наггахьчу деношкахь масех бIе стаг а хуьлу цига вогIург.

Наггахь полисхойн машенашца схьакхача бо и нах- Австрин тайп-тайпанчу некъашна тIехь легала боцу мигранташ дIасалалелош, царна тIехь сайоккхучу талорхоша бахкочуьра гучубовлий, я мелхо а цара некъаца цхьанхьа охьабиссийначохь тиллой, шаьш мича баха беза а ца хууш, некъаца схьаоьхучара Iедалхошна карабой.

Товбеца баттахь а, карара марсахьокху бутт болалуш а и хьал кхин ца лалучу даьллера, Европехь уггаре а ехачех цхьаъ пачхьалкхе йолчу Австрерчу Трайскирхенехь чохь Iен хьовха, кертахь Iен а меттиг йоцу мухIажарш цу жимчу гIалин урамашкахь а, паркашкахь а, дIатовжа IиндагIа дол-долчехь четарш а, гоьнаш а ехкина, Iохкуш хилар дуьненна а гIардаьллачул тIаьхьа.

Амнисти Интернешнл юкъаралло лерина шен коммисси а хьажийнера цу гIалахь доллург талла. Цара цул тIаьхьа хIоттийна рапорт Австрина вуно юхьIаьржаме а яра – гуманитаран катастрофа а, адамашна хьакъ доцу хьелаш а, Iедалийн зуламечу бендацаран тIаьхьлонаш а боху дешнаш дара цу рапортехь.

Iедалан гIорасизалла гуш Трайскирхенерчу мисканашна орцах Австрин могIарера бахархой ца бевллехь, и хьал кхин а эрчачу даьлла хир дара бохуш дийцира Австрерчу Амнистин декъан векало Пихлер Даниэлас шен цу хьокъехь меттигерчу телевизионе еллачу интервьюхь.

Цо хьахийначу могIарерчу Австрин бахархойх цхьаъ ю Венехь вайнахалахь дика евзаш йолу месаштойархо Успаева Лиза. Иза хийлаза хилла шен гергарчу нахаца а, накъосташца а Трайскирхенерчу мухIажаршна гIо эцна яхана. Лизас дуьйцу.

Успаева: „Цхьа ши шо хьалха схьаеана йолу сан гергар стаг нисйеллера цу лагерехь. И йолчу доьлхура тхо, цунна юург а оьций. Цкъа хьалха цунна цхьанна бен ца хьора оха юург. Амма цул тIаьхьа хииира суна, цу чохь нах меца хуьлу дена, цу зулчо оцу масех гIат долчу хIусамехь нохчашна а, нохчи боцучарна а и оха шена тIаьхьа даьхьана долу сурсаташ доькъуш хилар.

ТIаккха тхайн ка ма-доллу цигарчу кхечу нахана а хIума оьций доьлхура тхо. Ткъа кху тIаьхьарчу беттанашкахь цигахь и мухIажарш чутаттабеллачу хенахь, къаьстина мархин баттахь, цига сих-сиха иха дуьйладелира тхо. Дуккхаъ нохчаша гIо а лецира цу гIуллкхехь“.

Карарчу хенахь Трайскирхенера мухIажарш мелла а кхечу меттигашкахула дIасабекънехь а, амма иза данне бохург дац цигара хьал тоделла бохург. ХIинца а арахь четаршна чохь хан токъхуш бу цигахь дуккха а нах, кIиранаш хьалха хиллачу терахьашкахь бацахь а бохуш дуьйцу Успаева Лизас. Ткъа гIодан луучунна хIинца а таро ю, тIеюхучуьнца а, кхачанан сурсаташца я ахчанца царна гIо дан.

Успаева: „Шайн чохь ца оьшуш йолу хIума, хуьлда иза тIеюхург я тIе-кIела тоссург, хьаммо а йитта а йитина, иту а хьаькхна, схьаеъча, оха дIакхачайо цига. ХIинца цигара цхьаболу нах дIасабаьхна, амма вуно йоккха аре йаьккхина лаьтташ четарш ду тоьхна, цу кертахь берш дукхахберш кегий нах бу.

Юучунна кхачам ца хуьлуш, даима а меца бу и кегирхой. Вай, нохчи, а ма дуй дукхахан йоцуш иштта цу лагерехула чекхдевлла а, цу чуьра хало а, мацалла а гина. Цундела шен таро йолчуо 5 евроца мукъне а дакъалаьцна, цунах цхьа а къе а лур вац, ткъа меца волчунна цунах вузар хир ду“.

Цу юкъана Австрехь хилла ца Iа мухIажаршца тиша хьал. Иштта дукха мигранташ кху беттанашкахь чутаттабеллачу Германехь хIара шо чекхдалале 700 эзар мухIажар кхача мегаш ву бохуш шайхалла до цу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхан министралло. Ткъа йоллучу Европехь церан терахь миллионал совдала там бу.

И нах дIатарбан таронаш лоьхуш бу меттигера мигрантийн хьукматан белхахой а, адамийн бакхонашларйархой а. Ткъа политикаш тIейогIучу хенахь мухIажарийн тулгIенаш юхатоха некъаш лоьхуш бу.

XS
SM
MD
LG