ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIабайна малх а латало юха...


Могуш-маьрша дIалелачу адамо дукха хьолахь ойла а ца йо шегахь санна могашалла а йоцуш, кIелвисинчун. Сатуева Кулсам бIаьрса дайна ю, амма янне а яц бIаьрзе. Ю, мел могушверг а шен доьналлах хьоьгур волуш.

Гергарло тасаделлачул тIаьхьа хиира тхуна, Кулсам бIаьрса доцуш юйла. Соьлж-гIалахь яьхна иза, жимчохь дуьйна шена еза лоьран говзалла кара а ерзина, лор-йиша болх а беш.

2006-чу шарахь бIаьрса лахдала доладелча, шена дарба кароре сатуьйсуш еара иза Европе, кхузахь тоьлла медицина хиларе терра.

Немцойн маттахь бIаьрса доцучу нахалахь лелаш алар ду «Ich bin blind, па und?». «Со са ца гуш ву. Хилча хIун ду?»

Гарехь, дегIан муьлххачу а меженал тIахъаьлла а, адаман са чIагIдеш дерг а цуьнгара доьналла ду. Ткъа Кулсама шен дахарца гайтина шеца иза кхечу ша санначарна дIасадеккъал а дуйла.

Тахана вайна юкъахь дуккха а бу ког-куьг, бIаьрса-лерса а долуш, шаьш декъаза хеташ нах.Декъаза ву бIаьргаш доллушехь, кийрахь къинхетаме, уллерчу ша санначу адамах кхета дог доцург.

XS
SM
MD
LG