ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалан шогаллах боьлла мохк


Адамашкахь йисина тIаьххьара маршонаш а лекъаш го Къилбаседа Кавказехь. Шатайпа бу оцу могIарахь нохчий. Цхьана агIор массо а мехкел тоьлла мохк бу боху Iедалан реляцеш, вукху агIор - лоьцуш, луьттуш бахархой.

ТIеман битамаш болчу хиламех дуьзна ду Нохчийчуьра дахар. Балане, луьра зама махкахошна дагар ца ялийта Iалашо лаьцча санна, къардайна хьийзаш ю кху деношкахь массо тIегIа ницкъаллин структураш а, Шелахь а. Курчалойхь а дагийна зиярташ бахьнехь кхерамаш туьссуш, куьг бехке лоручарна наьIалташ кхайкхош, хьасартне хьийзаш бу молланаш а, имамаш а.

Ткъа цхьаболчу Iедалдайша дIакхайкхийна зиярташ дагийна кегийрхойн Шемахь боьдучу тIеман декъашхошца зIе хилла аьлла.

Цу генарчу Iаьрбийн пачхьалкхан тIам тIера цIа баьхкина нохчий кIентий лоьхуш буй, лартIахь кехаташ доцу машенаш билгалйохуш буй бохуш, юкъараллехь дуьйцуш тайп-тайпана хабарш а долуш,кху деношкахь шуьйра зераш дина полисхоша Теркаца Iохкучу ярташкахь.

Массо бахархойн керта а оьхуш, бен-бен хеттарш деш, кегий бераш доцург кертахь вехаш мел верг дIа язвеш, талламаш бина кху лахьанан беттан 18-чу дийнахь Ломаз юьртахь, 19-чу дийнахь Iелин юьртахь.

БIеннашкахь полисхой бу цу гIуллакхна арабаьхна. Герггарчу барамехь луш долу хеттарш ишта ду: "Дехьа-сехьара тIевеъна стагга а вуй? Шеко йолуш хIумма а хааделлий тIаьхьарчу хенахь? Хирг хила даьлча тIаьхьа ду, цхьаъ тусалахь хаийта..." Ишта кхин дIа а.

Низамхой ярташка баржар хьокъехь юьхьанца дукха дестийна, ирча дуьйцура, бакъду схьахаа лаьцна дIавигна а, ца богIу тIеIаткъам бина а стагга а вац. Кегийрхой дIабигна масех меттиг нисьелла бохуш дийца даьккхина хиллехь а, хьо дIа ахка воьлча бух болуш ца карийна цхьа хабар а.

Цхьа хIума ду Нохчийчохь масех батте а даьлла, тIеман чIагIдинчу хьелашкахь санна, хаддаза дIахьуш- кIадбоцчу бахьаненна нахера машенаш схьаяхар а, токхамаш ца бича дIацаялар а.

Вовшашца яхьа бевллачух тера массо бохург санна кIошташкахь, гIо деш кхийолу структураш а йолуш, некъан низам лардечу полисхоша, мел кIезиг бахьна а тоаме а лоруш, бIеннашкахь дIайохуш ю бахархойн машенаш.

КIоршаме низам талхош, жима а лерам боцуш, кехаташ схьа а дохий, хIуьнехдинччу метте дIаяийтал машен олий, долахочун пусар-юьхьиг а ца еш дIабоьду полисхой. Цара а,церан хьаькамаша а мискъал зарратал хьесапе оьцуш дац, шаьш сий дойуш пачхьалкхан низам талхош хилар а, и талхадайта бахархошна тIеIаткъам беш хилар а.

Цара лелочунна къора а, бIаьрзе а хилла Iаш мехкан сийлахь, массо хIуманан, нехаш чукхуьссучу тускаран а бала кхочуш йолу прокуратура а, кху чуьра ца хилчахьана,кхечу муьлххачу а кIошташкахь лело харцонаш дукха дика гуш йолу Нухажиев Нурди коьртехь волу бакъонан урхалла а.

Цу кепара бIорзгалш а хилла, къорбоьлла Iаш «нийсонан» дай а болуш, аьхкенан марс хьокхучу баттахь дуьйна,доцчу бахьаненашна 32 миллион сом сов токхамаш байтина машенийн долахошка.

Официалан хаме даккхарца хIетахь дуьйна нахера схьа а йохуш, гIуданан майданашка кхачийнарш ю 34 эзар сов машен.

Лач а доцуш, дуьххьал дIа тIамца возавелла хиларна, чохь яккха 3,5 хан а тоьхна набахте хьажийна Ойтарара вахархо Эмиев Булат.

Талламхоша чIагIдарехь иза масех баттахь шемарчу тIеман декъашхо хилла, кхушера бIаьстенан Стигалкъекъа- бутт тIебаллалц.

Цул тIаьхьа, Хонкар махкахула чекх а ваьлла, Даймахке вирзина.

Цунна кху беттан 18-чу дийнахь хан тоьхна Шелан кIоштан кхело. Цу кхелана реза а ца хилла арз дан хьашто яц аьлла, сацам бина, дийцарехь, цуьнан гергарчара а.

ХIунда, цунна 5 шарера 10 шаре кхаччалц хан тоха низамо таро лушшехь,шайн стаг кIедо таIзар а дина витина лору гергарчара.

Схьагарехь, Шемара тIом бахьнехь тIаьххьара кхел йинчех хир вац Эмиев Булат.

Стенна аьлча, урхаллехь болчеран а даре ца дича баха меттиг а йоцуш цу генарчу Iаьрбийн пачхьалкхан тIамехь дакъалоцуш хилла 500 сов нохчийн къомах стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG