ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн яздархо, хIун хьал ду хьоьгахь?


Нохчийн яздархой гуламехь, Соьлж-ГIала, 2015
Нохчийн яздархой гуламехь, Соьлж-ГIала, 2015

Цунна тIехь ду шен къам пайдечу лехамашка даккхар, оцу новкъахь хилла аьттонаш дуьненна бовзийтар, лайна халонаш юьйцуш, харц могIаршкахь лаьттачарна дуьхьалхIоттар , дикачу сатийсамашка адамаш Iамор.

.... Делахь а хьалха хилларг дац тахана. Советан заманахь 1,1 миллиард жайна доккхура серлоне. ХIинца – 500 миллион. Аьлча а, кхо кинжка кхочу Оьрсийчоьнан цхьана вахархочунна шарахь. Цу тIе, оьрсийн ярташкарчу 35 миллион вахархочун бац аьтто герггахь туька а карийна, книжка эца.

25-30 шо хьалха наггахь а ца нислора Нохчийчохь шен доьзалехь библитекалг йоцуш, мел кинжкица гIуллакх доцург а хуьлура, тептарех пен а буттий, шайга веъчначу хьешана хьалха дозалла тухуш.

ХIинца иза а дац. Книжкаш алсам хьан йоьшу теллича, Оьрсийчоьнан статистикехь Нохчийчоь тIаьххьарчех ю.

Ишттачу хьелашкахь болхбеш, шен кхолларалла халкъе дIакхачош дукха хьолехь ша камаIарш еттар дуьсу яздархочунна.

2015-чу шарахь Нохчийчоьнна цигарчу яздархоша делла массех керла жайна: Куни Лулас «Абрисаш», Ибрагимов Кантас «Стигал», Такалашов Султана «Дайн кхерч», Дагалаева Маликас «Деган маттахь», Яндарбиев Хьамзата «Ирсан тIулг лехар».

Европехь бехачу нохчийн яздархойн керла белхаш: Элдин Микаилан «ЦIарах йоьлхура стигал» (ингалсан маттахь кинжка араяьлла Британехь), Юсупов Iилманан «Илли а, мужIажиралла а» (Канада), оцу авторан байтийн жайнеш массех маттахь арахецна дахначу шарахь Украинехь, Швецехь.

Стохка «Хедаш боцу тIом. Нохчий доттагIийн а, мостагIийн а бIаьргашца» тептар арахецна Белгехь вехачу яздархочо-историка Бакаев Хьасана. Иштта кхин массех прозаик, поэт а ву дозанал арахьа белхаш зорбане баьхна.

Муха го яздархошкара хьал, церан кхоллараллин башхаллаш? ХIун дало ширачу, тIемаш Нохчийчохь буьйла а балале йозанашкахь болчу литераторшка? Керла чкъор дуй тахана шен дош довзуьйтуш?

Орга журналан коьртачу редакторан гIовсца Алиева Зариница хилира Маршо Радион корреспондентан Димаева Лизин нохчийн яздархойх лаьцна къамел.

Алиева Зарина яра шен хьажам бовзийтинарг. «Орга» журналан редакторца, яздархочуьнца, гочдархочуьнца, критикца Минкаилов Эльбрусца а хилира Маршо Радион литературах а, литераторех а лаьцна къамел.

Ша похIма долуш а ю, шен байташ зорбане ца яхахь шуна къа а лета, аьлла, шайн редакци еънчу зудчух лаьцначу дийцарца долийра Минкаиловс нохчийн литературигара хьал довзийтар.

Гуш ду, кху тIаьххьарчу шерашкахь нохчийн яздархой, кхидолу адам а санна, гаранашкахь буйла - махкарчу баккхий хьаькамашца гергарло лелорашший, цалелорашший. Гергарлонехь болучаьрца комаьрша, царна мидалийн кхачо еш деха Iедал. Яздархошлахь массех ву Нохчийчохь «Кадыров Ахьмадан» мидал елла дахначу шарахь. Царалахь ву, масала, Кадыров рамзанна тайначу эшаран автор а, ша иза и цхьа байт бен язйина вацахь а.

Мидалех дозалла ца хетарш а бу нохчийн яздархошлахь. Бакъду, уьш я мостагIаллехь билгалбевлла, я билгалбовлучу мIаьрган кхерама кIел беха. Таханлерчу Iедало, къам а санна, шина декъе бекъна яздархой – «паччахьан» доттагIий, «паччахьанца доттагIаллехь боцурш.

ДоттагIаллехь хила хьагIна а доцурш бу, масала, махкал арахь бехарш, нохчийн маттахь, нохчийн дуьхьа къахьогуш уьш белахь а.

Швецин яздархойн юкъаралло шен декъа эцна кху муьрехь поэт Юсупов Iилман. ДуьнентIехь иза дуьххьара волчух тера ду кхечу пачхьалкхо шен тоьллачу интеллигенцин, яздархойн, могIаршка дIаэцна нохчо.

Цуьнца дахарх, цуьнан йозанийн таханенах лаьцна къамел хилира Маршо Радион.

​Кху доццачу къамелехь бухабисина дуккха а дукха нохчийн тоьлла яздархой хьахоза. Бакъду, массо а хьехо Iалашо а яцара вайн. Дуьйцург дара дахначу шарахь хьан, хIун керла жайна арахецна нохчашлахь.

Шеко яц, вайна кхин а дуккха а керла белхаш гучубевр бу, аьр вай, вуно говза нохчийн амал йовзуьйтучу Бексултанов Мусан, тоьллачу поэтийн Бисултанов Аптин, Абдулаев Лечин, кхин а дуккхаъчу бевзачу йозанчийн. Иштта, шайгарчу похIмин кIаргенаш гучуяхаре сатуьйсу вай тIекхиинчу къоначу яздархошкара а

XS
SM
MD
LG