ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмад: "Дийнахь кхузза вала реза ву оккупанташна болх ца бан"


Нохчийчоьнан пропагандано массо кепара гезвоху тахана Закаев Ахьмад а, и санна къоман маршонан байракх охьайиллаза вуьсург а. Шега Закаевга делира Маршо Радионо цунна гонаха гIаттийначу гIовгIан хьокъехь хеттарш.

Маршо Радио: Ахьмад, кху деношкахь дуккхаъчу наха телефонаш етташ, хеттарш деш, хьан са диънийла а хаьа тхуна, делахь а, цхьа ши хаттар ду тхан хьоьга. Нохчийчоьнан куьйгалхо шун цIа вахар, цо дина къамел, хьан гергарачара иза тIеэцар, и дерриге а хьуна гина а ду, хьайх ахь чекхдаьккхина хила а тарло.

Кадыров Рамзана хьо дIавехаран хьокъехь хьан хIун сацам бу? ХIун эр дара ахь?

Закаев Ахьмад: "ХIара хIинцца долийна а ма даций цо, тIаьххьарлера, суна схьахетарехь, 8-9 шо зама ю «кхана цIа вогIий», «хIинцца цIа вогIий», «цIа вола» аьллий боху. Цхьа а тайпана бух болуш хIума а дац иза, я соьгара, цхьана а тайпана ас и сайна лаьара, я дийр дара аьлла а бух болуш а дац.

Цхьа 8 шо хьалха вай оьрсашца цхьа дийцарш долийначу хенахь, и хIун дара аьлча, со цIа варрий-цаваррий дацара, Нохчийчоьнний, Оьрсичоьнний юкъаметтиг дIанисъяр , нисъяхь, муьлхачу бухатIехь, цхъа халкъан а, къоман а цхьана берте а даьхкина, къоман лаам бу аьлла, и Оьрсийчоьнна дIа а кховдийна, Масхадов Аслана а, Ельцин Бориса а куйьгяздина, тIечIагIдинчу тептарца, оцу бухатIехь, билгалйоккхур ю аьлла долийна хIума дара иза хIетахь.

ХIинца юха а айдина цо (Кадыровс), стенца доьзна ду ала, бакъдерг дийцича, суна хала ду ала, я логика йолуш а дац иза, цхьа цIеххьана юкъадаьккхина хIума ду иза цара. Иза а ас динчу дIахьедарна тIе а тевжина, цу чохь цара дIайолийна цхьа кампани ю кх и.

Вайн нахе суна ала лууш дерг хIун ду, мохк ца безаш вац, Дала мукъалахь, нохчийн къам ца дезаш а вац, таханалерачу дийнахь цигахь лаьттачу хьолаца, цIахь долуш долчу Путина дIахIоттийначу оккупацин режиман урхалли юкъа а веана, оцу юкъахь дакъа ца лоцуш, дийнахь кхузза вала а кийча ву со.

ХIунда аьлча, иза нохчийн къомана тIехь таIзар а деш, и нохчий, коьртачу декъехь, нохчийн аматаш, гIиллакхаш, гIуллакхаш, уьш дохадайта дIахIоттийна Iедал ду иза. Уьш оцу балхатIехь дика ларош а бу-кх! Цара къомана а, махкана а дуьхьал дечу зуламан декъашхой хила йиш йолуш дац вай, Дала мукъалахь.

Сагатдеш болчу нахе ала цхьа хIума ду сан, Даймахкана са а гатло сан, къомана са а гатдо ас, цу чохь долчу хьолана а са а гатдо, амма цкъа Оьрсийчоьнан Iедалца юкъаметтиг билгалъяккха некъ карабаллалц вай маьрша а долуш, вайна ма-хеттара вешан цIахь, махкахь даха йиш йолуш дац вай".

Маршо Радио: Кадыров керта веанчу хенахь, и хьан денцIахь, чохь хиина Iачу юкъанна, шун кертара зударий боьлхучуьра совцуш а бацара, хууш ду, иза вогIу бохуш кхаа дийнахь-бусий цара наб йина цахилар а. Хьуна уьш стенна боьлхура аьлла хета?

Закаев Ахьмад: "Цара гайтина долу сурт гина ву со. Ас цаьрга а, нохчийн къоме бинчу кхайкхамехь билгалдаьккхина, оцу деношкахь цхьаъ вогIуш, важа вогIуш, дIабуьгуш, хIинцца чулелха, бохуш оцу 3-4 буьйсанна а Iийна уьш, ца Iийна и ларвеш, ас сайна хууш дерг боху, сан цаьрца зIе а яц, юкъаметтиг яц, цара деш долчу къамелехь хиънарггий, арахь дуьйцурггий бен .

Суна мухха гинехь а сайн гергара нах, боьлхуш гинехь, боьхна гинехь, гина суна, амма оцу чохь тахана лелаш долу гIиллакхаш, вайн цIахь долчу Iедалан гIиллакхаш, церан амалш, уьш вайна евза, тIаккха цара цигахь деш долчу къамелехь а, шаьш шун некъаш ма ца хедийнера, шаьш шуна вон болх биний, тхуна хьенехан йоI цIа йогIий а ма хаьара…

Шаьш оцу нахана хIинццалц зен ца дар, зулам цадар, цуьнах дозалла а деш, охьахевшина Iедалехь бу боху нах. Уьш сан гергара нах бу аьлла дуьххьала дIа тхуна юкъахь цIийн гергарло ду аьлла а, цаьргара хIуммаъ ца даьллехь а, цхьанна а зуламна уьш юкъахь ца хиллехь а, декъах ца хиллехь а, уьш сан гергара болундела, цара шаьш царна таIзар дан дезара аьлла а хеташ, шаьш и цадарх, шаьш шайх баккхий а беш, оцуьнах вовшен кхаьънаш а дохуш, дуьнене и кхайкхош бу хIорш.

Оха хIуммаъ ма ца динера шуна хIокху масийтта шарахь, шу кхузахь Iаш доллушехь а. Оцу цIахь болучеран хьал хаьа-кх вайна, и адам цара мича Iазапехь латтош ду а, мича кхерам кIел Iаш бу а уьш.

60 шарел а тIехъяьлла йиша ю сан, билхина дера, билхича а цо схьабохург, кхаа дийнахь -буьйсанний, кийра рицкъ дахана дац шайн боху цара. цаьргара шайна и кхерам бу аьлла шайга цхьана наха схьа аьлла а долундела, шаьш оцу кхерам кIел а болундела.

Цундела, чIогIа ирча хьал ду иза! Уггар лан хала дерг хIун ду, эзарнаш шерашкахь, нохчашлахь цкъа а ца хиллачу кепара вен а воьй хьан стаг, хьан кетIа схьа а вохьий, дена хьалхха дакъа охьа а кхусий, дIадолла и жIаьла, со ву хьуна хIокхуьнан са эцнарг, бохуш, нохчаша нохчийн кетIа декъий кхуьусур ду аьлла 10-15 шо хьалха вайна хезча а, цхьа а нохчо тешар а вацара

Тахана цига юкъадаьккхина долу хIума, Путина цу чохь дIахIоттийна долу Iедал, азаллехь нохчаша дозалла деш схьадаьхкина шайн юккъехь, къоман юкъехь элий ца хилла, лай а ца хилла бохуш.

И вайн къоман тIум, и вайн къоман букъадаьIак, ондда лаьттийла долу дайн гIиллакхаш, уьш ду цара тахана дохош дерш, уьш ду тахана Путина а, цо дIахIиттийначу шайн лайшка дохадойтуш дерш, оцуьнах тахана кхета а кхеташ, къурд ца аллехь а, къурд а бина, и харцо лан а ловш, цIахь Iаш турпалан къам ду вайн.

Тахана а, селхана а, сан доьзална тIехIоьттина и хьал, схьадогIучу I0-15 шерачохь бIеннашкахь, эзарнашкахь цара зенаш, зуламаш дина, махках боьхна арабевлла лелаш нах бу вайн, цIахь Iаш нах бу вайн, цундела, суна схьахетарехь, тахана оцу наха дуьйцурггий, лелориггий, шаьш зулам ца дарх цец а буьйлуш, иштта зуламан дай бу-кх тахана вайн махккахь Путина оцу халкъана тIехIиттийнарш.

Лайн амалш йолуш, оцу къомах, халкъах, царех лай бан гIерташ, Путина лай бу-кх тахана оцу цIахь талораш даржош лелаш.

Оцу АллахI Дала церан диканах-вуонах лардойла вай, массо а нохчо а, массо бусулба стаг а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG