ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбанашна керла низам тIеэцна Австрехь


Маьждиг.
Маьждиг.

Цхьаболчара хестадо керла исламах долу низам, вукхара емал до. Дуьххьара 1012 -чу шарахь тIеэцна хилла бусулба дин цу махкарчу кхечу динашца бакъонашкахь дIанисдеш хилла и низам ширдела лоручу Iедалан дайша цхьа могIа хийцамашца карладаьккхина иза.

И хийцамаш, Iедало чIагIдарехь, бусулба нахана шайн бакъонаш ларйарехь алсамох аьттонаш кхуллуш ду, амма меттигерачу бусулбачарна иза, мелхо а, шайн аьттонаш хедош го. Уггаре а хьалха го царна шайца дискримани яр, дозанал арахьарчу спонсорашна Австрерчу бусулбачийн цхьаьнакхетараллашна, масала, културийн кхерчашна я маьждигашна, я цигарчу имамашна а ахчанца гIо дар хIинцачул тIаьхьа дихкина хиларехь.

Иштта дозанал арахьара а ду и низам ирачу критике деш. Масала, туркойн Iедалша. Туркойн махкарчу урхаллин бусулба динах йолчу хьукматан кьуьйгалхочуо Австрерчу Оь-I радиона ша еллачу интервьюхь и низам бусулбачийн бакъонаш хьоьшуш а, 100 шо сов хьалха хиллачу хьоле Австре юхакхуссуш а ду элира. Уггаре а хьалха Австрерчу имамашна алапа дала кхечу пачхьалкхерчу спонсорийн бакъо дIаяккхар емал дира цуо. Ала дашна, цу пачхьалкхехь болх беш волчу 300 имамах 60 туркойн Iедалша алапа луш ву.

Иштта дуккха бу Iарбойн махкара, уггаре а хьалха СаIудийна Iарбара, алапа оьцурш. И бохург ду, Австрин Iедалхошна хетарехь, кхечу пачхьалкхаша Австрехь болх бечу имамашна а, ткъа цаьргахула меттигерачу бусулбашна а тIеIаткъам бан йиш ю бохург, царна радикалан хьежамаш герга бан а, церан интеграцина новкъарло ян а. Иштта хьахон догIу, кхечу пачхьалкхашкара Австре маьждигашкахь имамийн балха богIучу нахана немцойн мотт хууш ца хиларна, цара шайн хьехамаш Iарбойн я туркойн маттахь бо, ткъа цара хIун дуьйцу я муьлхачу кепара динах болу кхетамаш баржабо бо бохург хаа аьтто ца хуьлу я хьукматхойн а, я и меттанаш ца хуучу могIарерчу бусулбачийн а.

Маршо радиога шайн цу низамна реза ца хилар дийцинчу Австрерчу къоначу бусулбачийн цхьаьнакхетараллийн векал йолчу Ясемин Измета дийцарехь, къаьстина къоначу бусулбчарна Iотталуш ду цу низамехь бусулбчара Австрин пачхьалкхан къепе ларйан еза бохург билгалдаьккхина хилар. Цу билгалдаккхаро ойла кхоллайо могIарерчу нахалахь, бусулбчара и къепе йохош йолуш санна боху цуо..

Ясемин Измет: „Оцу исламах долчу низамехь массо а бусулбачех юкъара шеконаш хилар ду цIен тай санна чекхдолуш. Бусулбачаьрга бохуш ду цу чохь, ладогIал, аш къепе ларйан а еза, низамаш лардан а деза. Амма и саннарг цхьанге а кхечаьрга олуш дац. Дац иза я жуьгтийн динан векалех долчу низамехь а, керистанех долчу низамехь а, ортодоксийн килсах долчу низамехь а. Вайга хIун ала дезаш ду иза иштта? Цкъа аьлла а ца Iаш, массийтаза хьахийна ду иза цу чохь, пачхьалкхан низам лардан деза аш, бохуш.

Вай иштта а лардеш ду-кх уьш. Цул совнаха, пачхьалкхан конституци тIехь ишттаъ билгалдаьккхина ду-кх иза. Кхеташ ма ду, низамаш лардан дезаш хилар. Амма юх-юха а лерина хьайга цхьанге иза дуьйцуш хилча, ойла кхоллало-кх хьан, хьо потенциала кхераме стаг лору Iедало, хьо ша тергамехь латто веза аьлла хета Iедална олий. ТIаккха къоначарна шаьш Австрехь шайн цIахь долуш санна муха хета деза?! ХIинцалца схьа вуно ирсе дара тхо кху Австрехь I912-чу шарахь, тIеэцна бусулба динах низам бахьана долуш тхешан бакхонаш боллучу барамехь тхайна Iедало елла.

Йолчу Европехь а масала хилла лаьтташ дара и шира низам. Тхаьш бакъболу Австрин бюргерш санна а гора тхуна, цу низамо тхайна и бакъонаш яларна. Ткъа хIинца тхоьга боху, шу кхечу тайпана нах ду, шуьца кхечу агIор юкъаметтигаш а лелор ю Iедало. Дискриминаци ю иза. Иза ду-кх тхуна коьртачу декъехь цу низамехь новкха дерг“.

Ясемин Измета билгалдаьккхира, шаьш тIаьхьара денош кхаччалца а тешна дара, хьукматхоша бан лерина болу хийцамаш юхабохург хиларх. Амма хIинца, эххар а низам Австрерчу парламенто тIечIагIдинчул тIаьхьа, Австрерчу къоначу бусулбачийн цхьаьнакхетаралла меттигерчу Конституцин кхеле цу низамна дуьхьал латкъам бан дагахь ю.

Ясемин Измет: „Йоллу кху махкарчу бусулбчийн базис цу низамна дуьхьал ю. И бохург ду, тхо цхьана жимчу бусулбачийн цхьаьнакхетараллин цIарах къамел деш дац, кху махкахь мел бехачу бусулабчарна шайна дсикримаци еш лору и низам. Цундела тхо тешна ду, тхайн латкъамана кхинберш а тIетовжар хиларх“.

Амма нийса хир дацара цу керлачу низамехь бусулбачийн бакъонаш хьешар бен, кхин цхьа а дика хIума дац, бохуш, чIагIдича. Иштта, масала, тIедогIучу шарахь Венерчу университетехь схьаелла кечйинчу бусулба теологин факультетехь ялх профессор балха дIаэцарх сацам бина цу низамехь.

Цул совнаха, бусулбчарна бакъо луш ю лоьрийн цIеношкахь а, набахтешкахь лерина Iамийна болу Iелим-психологаша хилийта, царна луш алапа а долуш. ХIинцалца и тайпа болх луучо мехаза беш бара. Лоьрийн цIеношкахь а, набахтешкахь а хьалал бен бусулбчарна кхача бала йиш ца хилар а тIечIагIдина цигахь.

Иштта меттигера бусулабачийн низамца чIагIйина бакъо хир ю хIинцачул тIаьхьа, шайн дезденошкахь балхара а, дешарера а мукъа де лаца. Цул совнаха, Австрехь хьалал хьесапехь хьайбанна урс хьакха а, кхин долу сурсаташ хьалал хьесапца дан а бакъо елла керлачу низамо.

XS
SM
MD
LG