ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европе уьдучу нохчийн тобанаш есташ ю юха а


Австри - Шаьш махках ца бахар доьхуш рогIерчу гуламе бевлла нохчий, Вена, 03Заз2013
Австри - Шаьш махках ца бахар доьхуш рогIерчу гуламе бевлла нохчий, Вена, 03Заз2013

ТΙаьххьарчу кΙиранашкахь ца хеддаш дΙаоьху нохчий Европе. Эладита даьржина, цхьаболчу мехкашкахь, масала, Германехь, парггΙат тΙеоьцу мухΙажирш, аьлла. И мел бакъду, хΙун ду нохчий мухΙажирийн рогΙера тулгΙе гΙаттар теллира Маршо Радионо.



Интернет-машанехь вайнах гуллуш болу агIонаш схьайиллича, кху тIаьххьарчу кIиранашкахь уггаре а чIогIа дийцаре дечу хаттарех цхьаъ ду Германехь вайн махкахой тIеэцарца долу хьал хийцаделла бохург бакъ ду я дац дийцаре дар. Кхечу Европерчу нохчийн мухIажирша а, карарчу хенахь ДегIастанахь бехаш, амма шайн кадаьллачу мIаьргонехь цигара дIабаха сатессина а Iаш болучара а сагатдеш хIума ду и.

„Цигахь тIелоц бохург бакъ дуй хаи шун? Кхузар депорт йин бовзш нах бу,цигахь хинц как никогда телоц аьл циг бах дагдеан бу уьш. Даже с дублином телоц бах“, - бохуш яздо цхьаммо. Вукхо жоп ло: „Польшер нах бу циг тlетаьlин дlаоьхш“.

„Шо хьалх дlабахнаш, lаш бу хинца, амма цхьаа тlелаьцна аьл хезн хумам дац“, - боху кхозлагIчо, авторийн офрографи а, меттан башхаллаш а ларъеш далийча.
Цхьа кхечо оьрсийн маттахь яздо, шен гергара нах дIабахна цига хьалхо, петар а елла царна, дIабахана дукха хан йоцушехь, я хIумма а леткъамаш беш а бац уьш, дика реза а болуш Iаш бу, бохуш.

ДегIастанарчу цхьаммо яздо, ва ма доккха хIума, ма инзара дукха нах бу тIаьхьарчу хенахь цIера Германе дIаоьхуш, цIахь дуьйцуш ду, миллион велахь а, нохчий тIеэца кийча ю Германи, Охан-беттан хьалхара де тIекхаччалц, бохуш, иза бакъ дуй те?

Бакъдолуш, цу хабарх тешна, Германи схьабаьхкина я хIинца а схьаоьху вайнах ца кхеташ, ваха-ван а йиш яц немцойн яккхийчу гIаланашкахула лелачу цIерпоштанашкахь кху деношкахь.

45 шо долу Зарган ю цу хабарх тешна делахь а, я шен Iер-дахаран хьал дукха сов Iаткъарна делахь а, Германехь керла дахар лаха араяьллачарех. Иза деношкахь схьакхаьчна шен деа бераца немцойн коьртачу шахьара Берлине. Цигахь меттигерчу вайнаха а, Iедална белхахоша а гIо а дина, керла тIебаьхкина мухIажарш дIатарбечу цхьана лагерехь сецна ю иза.

Ша цIераяларан бахьанаш иштта дуьйцу, аьлча а, далхадо цо Маршо Радионе.

Зарган: „Бахьана дера ду сан кхин да амал цахилар. Болх ца хилар ду, сискал яккха аьтто ца хилар, хIусамах ахча даллуш ца хилар, коммуналан хьашташна дIадала ахчанаш ца хилар. ХIинцалц кхуза схьаян ца лууш, хене ялалур яцара теша, бохуш Iийнера со.

Сан хIусамда бомбанаш еттачу хенахь вийна. Со горгамаш хIокхуш, болх беш яра, цигахь суна лучу ахчанах соьга и доллу хIума такха цалора. Со Iуьйранна балха яхана йолуш, богIий "цара" серло дIайоккхура, серий дIа а хедадой, ахча схьа ца делла, олий. Ткъа ас мичара дала деза иза? И коммуналан ахчанаш дуьйцуш цу наха са кхачийна-кх. Уьш мичара довлуш ду хууш стагга а вац. Сайн са мере кхаьчна, схьа еана ю-кх со“.


Сел дукха вайнах кху муьрехь Германе дIакхалхарх лаьцна къамел хилира тхан масех шарахь Берлинехь вехаш волчу а, цигара хьал дика девзаш волчу а махкахочуьнца Султанца. Цо дийцарехь, дан а ду немцойн махка схьаоьхучу нохчийн терахь дела денна алсамдолуш.

Султан: „ХIинца долу хьал суна кхузахь цкъа а гина дац. ХIора дийнахь 20 я 10 стаг схьавогIуш ву кхуза. Польшехула богIуш берш а бу, нийсачу новкъа цIера схьабогIуш берш а бу. ХIокху тайпана и адам иштта схьадар лартIахь хIума дуй те, аьлла, цецваьлла Iаш со суо а ву“.

Султанна хетарехь, цу хIуманна бехке мухIажиршна тIехь сайокхуш йолу фирманаш хила там бу, царна визанаш йохкархьама, и эладиттанаш даржош йолу. Массо а схьа мел веънарг тIеоьцуш ву бохург дийца а кхардаме хIума ма ду, боху цо, массо а тIе муха оьцу, цхьа низам а, къепе а ма ю и мухIажарш тIеэцарехь Iедалхоша ларъян езаш. Амма цу тайпанчу ойланаша ца сацабо шайгара баланаш сов тIех Iаьткъина, ДегIастанара арабевлла я бовла кечбелла болу нах.

Iийжамаш, дегабаамаш, доцца аьлча, ша лайначу гIелонийн йилбаз мохь бу кху деношкахь Берлинехь йоьссинчу нохчийн мухIажаран Зарганан дешнашкахь хезаш. Цо ша гIур яц боху, шен ка а долуш, цу махка кхин юха, цунах ца яла гIерташ хIинцалца са а диттинера ша, амма хIинца чам чIогIа баьлла шен, бохуш.

Зарган: „Вистхиллачо олуш цхьа хIума бен дац цу цIахь: дIагIур вара-кх кхузара, дIаваха меттиг хилча, дIаваха везар-кх кхузара, бохург доцург. Я со яла а йолуш, цу махка кхин юхагIур со а яц. Оцу Нохчийчоьнах а, оцу нохчех а чамболучу тIедаьлла-кх хьал“.
XS
SM
MD
LG