ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алсамдолуш ду хи чохь лечу вайнехан терахь


ТIаьхьарчу шерашкахь, нохчи алсамох хIурдана йистехь садоIа эха буьйлабелчахьана, гаррехь алсам даьлла, хи чу а боьлхуш, лечу вайнехан терахь. Цхьана даханчу шеран аьхка Нохчийчоьнан маьI-маьIIерачу меттигашкахь иттанаш тезеташ яра, хино байъинчеран.

И ирча бохам доккхачу декъахь вайнахалахь бераш кегий долуш дуьйна нека дан Iамош Iедал ца хиларца боьзна хила мега. Нагахь санна даккхийчу хишна гуонахь, масала, Теркаца я Органца, Iоьхкучу ярташкахь кхуьуш долу бераш кегий долуш дуьйна нека дан хууш хилахь, кхечу меттигашкарчу берашна а, баккхийчарна дукхахьолахь хийра хуьлу хица доьзна дерг.

Амма иза аьлла ца Iа уьш хийисте ца боьлхуш а, я хIурдана йистехь са ца доIуш а. ТIаьхьарчу шерашкахь-м тешна а, Нохчийчуьра Каспий хIурдана тIе садоIа нах эхар Iадат а хилла дIахIоьттича дуьйна схьа.

Нека дан дукхахболчу вайнахана хууш ца хилар Берлинерчу спортхочунна Тарамов Адамна, дуккхаъчу шерашкахь Нохчийчохь тайп-тайпанчу футболан клубашкахь ловзуш хиллачу, хетарехь, цхьаьна агIор вайнехан эхь-бехках болчу кхетамца, ткъа вукху агIор нохчийн берашна нека Iамор хьеха аьттонаш ца хиларца дузу.

Тарамов Адам: „И хица доьзна долу хIума вайнахалахь вуно бехке хилла ду даима а. Цу хийисте садоIа вахча, тIера бедар дIа а яьккхина, цхьалха вала везаш хиларца доьзна иза делахь а, я вайн кегий долуш дуьйна схьа нека дар Iамон меттигаш ца хиларца делахь а, амма вайнахана дукхахчарна ца хаа кхоччун нека дан.

Ца хаара аьлла амма вай хийисте ца доьлхуш а, цу чохь ца луьйчуш а ца Iа. Цундела, соьга хаьттича, и бер кога а дахана дIадоладелча дуьйна схьа Iамон дезаш, мехала хIума ду нека дан хаар“.

Амма и ирча бохам – хIора аьхка хIурдалахь я доьду хи чохь, я ур-атталла бассейнашкахь а бераш а, баккхийнарш а леш хилар хиллане а цхьана Нохчийчоьнан проблема хилла ца Iа, цигахь цу бохамах лечеран терахь инзаре лекха делахь а. Иштта, масала, цхьана даханчу шарахь Германехь хи чу а бахана беллачийн терахь 361 стаг ду.

Царна юккъехь 32 бер а ду. Немцойн орца кхачоран юкъараллин куьйгалхочуо Вилкенс Клауса цу хьокъехь динчу дIахьедарца, цу кхелхинчийн Iожаллин бахьанаш доккхаха долу декъаца, шайна кхоччуш нека дан ца хуушехь, хIетте а кIоргачу хих ца къахкарца, уьш лар ца баларца а, ткъа иштта шайн таронаш а, хих болу кхерам цара тергоне ца эцарца а доьзна ду.

Амма коьрта бахьана нахана нека дан ца хаар ду. Цу хьокъехь Тарамов Адамс карладаьккхира, масех шо хьалха Австрехь нохчийн доьзалехь хилла болу инзаре бохам – шина бераца хийистехула тIехйолуш хилла къона зуда а, цуьнан ший а бер а Дунай чу дахана кхалхар.

Тарамов Адам: „Вайна дага догIу масех шо хьалха Венехь хилла бохам. Инзаре хIума дара иза, цу нехан гергарчара иза муха ловр ду-те аьлла хеташ. Хийрачара а оццул хала ловш долу. Къона зуда шен шина бераца Дунй хи чу а яхна, кхелхира хIетахь. Цу зудчуьнна нека дан хууш хиллехь, шен берашна орца кхачон а кадер дара цуьнан, ша а кIелхьара ер яра иза. Вай-м Iожалла кхаьчна хилла олий дIадерзадо хIума. Дера Iожалла саца-м лур яц цхьанге а, делахь а бахьана лелон ма дезий вац ваьш а“.

Кху деношкахь Нохчийчохь кхел хоттуш ю, Шуьйта кIоштахь даханчу шарахь ишколерчу берашца лийча яхана хилла 9-чу классера ши дешархо яларан хьокъехь. Цаьрца хиллачу бохамна бехке йина цу классан хьехархо, тоаъалла берашна Iунал ца дина аьлла. И кхел, гIайгIанерчу ларамазаллийца, цхьаьна йогIу кхаари дийнахь Австрехь дIайолаеллачу цунах террачу процессаца. Целл ам Зее цIе йолчу жимчу гIалахь даханчу аьхка бассейн чохь хи буха а яхана кхелхира 12 шо долу йоI.

Дукха хан йоцуш Шемара Австре баьхкинчу мухIажарийн доьзалера яра иза. Нека дан ца хууш йолу кхиазхо тоъалла Iунал ца деш хьехархоша кIорга хи долчу бассейн чохь йитарна кхеле озийна хIинца цуьнан кхо хьехархо. Цу шинна а кхелан жамIа мухха а хир делахь а, цу берийн гергарчаьрга деана долу инзаре вуо юхадерзалур дац цхьаьнге а. Ткъа ца хила а ма мегара и бохамаш аьлла хета, цу берашна жималлехь дуьйна схьа нека дан Iамийна хиллехь.

XS
SM
MD
LG