ПIераска, ГIадужу-бутт 31, 2014 Меттигера хан 22:06

Кавказ

Керимов Сулиманан долабоьрзуш бу Дагестанера «Ιедалан» бахам

Дагестанан АвиазΙенаш а, ХΙинжа-ГΙалара аэропорт а юхкуш ю эца лаам болчунна. И хаам бина, кеманаш шайн махкахь дахар-дахкар дийцаре деш, Дагестанан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама. Амма цуьнца цхьаьна цо дΙакъадийна, шена и бахам «Нафта Москва» компанино оьцийла лаьа, аьлла. Магомедовс хьахийначу Москохарчу оцу компанин долахо ву Дербентера схьаваьлла олигарх лаьзги Керимов Сулиман.

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан Дагестанера декъашхо, бизнесхо Керимов Сулиман. Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан Дагестанера декъашхо, бизнесхо Керимов Сулиман.
x
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан Дагестанера декъашхо, бизнесхо Керимов Сулиман.
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан Дагестанера декъашхо, бизнесхо Керимов Сулиман.

Мултимедиа

Аудио

Монополи чΙагΙъяларна духьало ен низам, аьлча а, бахамаш дебон аьтто беккъа цхьана нехан кара ца бохуьйту тΙедахкарш ду Оьрсийчохь, кхечу цивилан пачхьалкхашкахь санна, лелаш. Амма къайле яц, оцу низаман пусар а ца деш, тоттий, миллионашкахь кхаьънаш а оьций, хьаькамаша озабезамашца Ιедалан ю боху хьукматаш, латтанаш, маьΙданаш духкуш хилар.
 

Антимонополин низамашца догΙий-те ХΙинжа-ГΙалара мехкан аэропорт «Нафта-Москвано» эцча дика дара, аьлла, мехкан дас Магомедов Мохьмадсалама официалехь дΙакъадор?

И хаттар лела хΙинца пачхьалкхо бухкуш болу бахам долабаккха луучу меттигерчу а, махкана юьстахарчу а совдегаршлахь. Цу тΙе, тΙех нийса а дац, йохка кхоже йоккхуш йолчу аэропортан да хила доьгΙнарг оцу кепехь Магомедовс дΙакхайкхор.
 
 Хаттар могΙарчех дац таронаш дебочу инфраструктураца уггаре а къе йолчу Кавказехь бохка кхайкхош болу бахам хенал хьалха багахь цхьаьннан долабаккхар.

Иза а хьахош, муьлхачу тΙегΙантΙехь бу Ιедалша Москохарчу олигархна Керимов Сулиманна аэропорт йохка лаарца болийна болх, хаьттира Маршо Радионо Дагестанерчу антимонополин урхаллин куьйгалхочуьнга Кубасаев Курбане. Цо, дашца лар а луш, шайн мехкан куьйгалхочунна тΙерадоккху цхьаболчара тΙедожо тарло озабезамаллин ΙиндагΙ.
 
Кубасаев: «Президентан дагахь ду, лаам бу, иза аукционехь «Нафта Москвано» оьцийла. Аукционехь гуш хир ду-кх эцархо-толамхо мила ву. Цо ма ца аьлла, билггал «Нафта Москва» иза хила еза. Хила сахьт дац, эца лууш кхин стаг вала а. Аукционехь дакъалаца бакъо цхьаммо а ма дац дΙайоккхийла».
 
Собардехьа, махкахь цхьаъ бен яцаре терра, доккха бахамаллин хиндерг долу аэропорт «Нафта Москвано» оьцийла лаьара ша, мехкан дас, хенал хьалха алар дац ткъа хьан урхалло ларден низам талхор, аьлла, Маршо Радионо хаьттича, мехкан коьртачу антимонополиста Кубасаев Курбана иштта жоп делира.
 
Кубасаев: «Аьрзнаш, я дΙакъовлуш йолу хьукмат эца яржош йолу бакъонаш шен талхийна, тхоьга аьлла, стагга а вац. Бакъду, ЦIумадан кIоштахь цхьана заводера дара арз, иза тхо толлуш ду. Иза ю банкрот ялар тΙечΙагдечу новкъа яьккхина. Аренде иза хΙун бакъонца дΙаэцна хьовсуш ду тхо. Кхин аьрзнаш дац я къамел дина а дац цхьаммо а тхоьца оцу хьокъехь».

Кубасаевс ша лардан тΙехΙоттийначу низамца Дагестанехь дерриг а дика ду бахахь а, цо дередо дакъаза яларна йохка кечйинчу ЦΙумадарчу заводера аьрзнаш хилар. Амма ца хаийтира антимонополин урхаллин куьйгалхочо олигарха Курбанов Сулимана тешна а эца тарлучу Дагестанан АэрозΙенаша а, аэропорто а, Ιедалца къуьйсуш, шех дерг кхеле деллийла.
 

Массех бутт хьалха хΙаваъкеманийн компани, бахьана а ца дуьйцуш, стигалх пайдаэцаран лицензех яьккхина «Росавиацино». И цхьаъ яц стигалнекъаш боьллучу реестра тΙера дΙаяйъинарг.

Дерриг а доладелира Москох, хоккейн тоба «Локомотив» а леш, кема иккхича. Хьелаш кхерамзаллин кхачоян тоьаш дацар ду «Росавиацино», Дагестанан авиазΙенаш дΙалакъош, коьрте даьккхинарг. Амма оцу барамех пайда а оьцуш, киса шордан луурш бевлла, шаьш цхьанне а ма дохкахьара, бохуш ду, Дагестанерчу хΙаваахойн дехарш.

Дов Москохарчу арбитражан кхелехь къастийна а далале, мехкан аэробахам бохка а беза, иза Керимов Сулиманан каракхаьчча дика а хир ду, боху Магомедовс.
 

 Масарна а дерг ловзар ду. Дагестанхошна пайде хила а тарло шайн куьйгалхочунна Магомедовна товриг. Мухха а делахь а, хийра а ма ваций ша Керимов-олигарх а. Цуьнан долахь ю иштта мехкан футболан тоба «Анжи», эцна оцу юкъа, къена белахь а, дуьнено тоьллачех лоруш хилла футболхой Джей Джейси, Дрогба Дидье, Карлос Роберто, Это’О, Жирков Юрий. ХΙоранна а мах бу лаххара а 15 миллион оьрсийн ахчанца.

Дербентера схьаваьлла ву 7 миллиард долар хьал гулдина волу Керимов Сулиман. Оьрсийчуьрчу маситта мехкдаьттан компанин активийн, мехалчу кехатийн, да хиларал а совнаха, цуьнан ю ХΙинжа-ГΙалара хΙордан порт а.

Алссам ахча а делла, ша порт эцарцана, балхара вохийра цо и меттиг Ιедалан йолуш цигахь 12 шарахь куьйгалхо Ιийна стаг. Изза хир ду, шеко а яц, Дагестанан авиазΙенашца а. Амма 27 миллион сом декхаре ю пачхьалкх цкъачунна хьанна юьсу хууш йоцчу аэропортан 500 белхахочунна а.
 

 Иштта ду Оьрсийчохь шен гΙулчаш хала балица, ткъа шогга йохуш, чΙаглуш йолчу капиталан амал, гΙиллакхаш, бакъо. Керимовна лаахь, ирсе хила тарло, футболан «Анжи» тобанера кегий нах а санна,  аэропортера нах а, цара напха латтаде доьзалш а. Тарло аэропортан белхахошна даланза дуьсу алапаш Керимовс шен кисанара дала а, амма бакъо хир ю цуьнан и верриг а ах эзар стаг балхара дΙаваккха а.

ХIара форум дIакъевлина ю.
Комменташ
     
ХIокху форумехь цхьа а коммент яц. Хьалхара а хилий, тIетоха цхьаъ

Тхох лаьцна

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465

Радио:
ЛадогIа   Лестамаш        Меттигера хан
денна       5885, 9520         07:20 - 07:40
денна      13590, 11800     19:20 - 19:40

Сателит:
Eutelsat Hot Bird 13B
Орбитера меттиг: 13° малхб
Поларизаци: Vertical
Лестам: 12.226 GHZ
FEC: 3/4
Керла Символан Барам: 27.5 MS