ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БерхIитта шо даьлла президент Дудаев ЖовхIар кхелхина


Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар,1992 шо. Борко Дмитрийн сурт.
Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар,1992 шо. Борко Дмитрийн сурт.

​БерхIитта шо кхаьчна тахана Дудаев ЖовхIар вийна. Иза хиллера Гихчу эвлана йистехь. ХIаваан кеманна тIера ракеташ а тоьхна вийнера иза а , цьунан масех накъост а. Нохчийн лидер вийначулла тIаьхь, Кремлехь моьттура тIом дIабоьрзура бу аьлла, амма, иза мелхо а кхиъ марса баьлла, тахана а, цкъа гIеллуш, юха жигара болуш дIабоьдуш бу.

Тахана, Гихчу цIе йолчу, Iаьржачу лаьмнийн когашкахь Iуьллучу хазчу юьртахь цхьа а тIеман лар яц. Оьвла йистехь, коьллашна юккъахь, цхьааллехь ша лаьтта боккха тIулг. Хьалха санна, кхуза бIеннашкахь, эзарнашкахь нах ца лела зиярте санна.

Оцу меттехь Iожалла тIеэцна Нохчийчоь-Ичкерийн президента Дудаев ЖовхIара. Цунна хIоттийна хIоллам тахана а лаьтташ бу. Оцу цхьана хIумно бен кхин билгалдоккхуш дац I8 шо хьалха цигахь хилларг, шена гуонахь шортта цакхетамаш хилар бахьнехь, цуьнах доьзна эладиттанаш а долуш.

Оханан беттан 21 дийнахь, сарахь шена уллехь массех стаг а волуш спутникан телефон тухуш хиллера президент. Къамел дечу хенахь, оцу меттехь хиллачу эккхарехь яьккхий чоьвнаш а хилла, веллера иза.

Иштта, цунна уллехь хилла волу 3-4 стаг а веллера. Хилларг, шозлогIа, кхозлогIачу дийнахь бен, гIар а ца даьллера Нохчийчохь. Шена оцу хилалчуьнах дагдогIург дуьйцу, хIета Дудаеван Iедалехь культуран министр хиллачу Закаев Ахьмада.

Закаев Ахьмад: «Суьйрана 8 сахьт даьлла хан яра. Суна чIогIа дика дага догIу иза. ХIунда аьлча, цу хенахь даккхий герзаш тIедетташ йолу меттиг ГIойист яра. Ткъа иза Рошни-чуна а, Гихчуна а юккъехь хилира. Кемано ракеташ тоьхча, суна, лап-аьлла, дага а деара иза, сахьт тIе а хьаьжира со.

И (телефонехула) къамел хила дезаш йолу хан яра иза. Цул тIаьхьа шолгIа де дIадаьлча цигара хаам беара, хьала вола боху, аьлла. Со хьалакхачале, суна хууш дара, цу юкъахь ЖовхIар хиллий а, ЖовхIар дIаваьллий а».

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша дукха хье ца деш, тIеман министраллийн инарлийн штабера хьосташа боху аьлла, дIахьедарш дира, Дудаев ЖовхIар вер-лерринчу ницкъаша массийта баттахь кеч а йиина, дIаяхьан операци яра аьлла. Тахана билгал хууш ду, Дудаеван ЖовхIаран телефон чухулла долчу къамелашна терго еш хиллийла эскаран ницкъаша.

Оцу сарахь, иза зIене ваьлла хилла, хIора дийнахь санна оьрсийн политикца Боровой Констатинца. Телефонан стигал хьалайоьдучу зIаьнарца, иза волу меттиг къаста а йина, хIаваI кеманна тIера ракеташ тоьхнера. Цхьа ракета ца яьлла, ткъа, важа-нийса Дудаев ЖовхIар уллехь лаьттачу машена тIе а кхетта иккхина, цу чуьра ши гIаралхо а, Дудаев а, цуьнан гIоьнча Курбанов Хьамад а вуьйш. Оцу операцех лаьцна дукха дийцира.

Интернетехь гIардаьккхира, и ракета эккхале цхьа мIаьрго хьалха, цу тIера даьккхина сурт. Гуш ерг ю, «Нива» машен а, цунна уллехь лаьтташ волу Дудаев ЖовхIар а. ТIейогIу ракета гина, хьалхьажча санна ву иза. Ракети тIера даьккхина долу сурт бакъ ду аьлла даре дина Дудаев ЖовхIаран зудчо Дудаева Аллас. Маршо радиога цуо иштта элира.

Дудаева Алла: « И сурт дара. 1996 шарахь, суна иза гайтира Iамеркера цхьана журналисто. Цунна хаа лууш дара иза мел бакъ долуш ду. Цуо хоьттура, ЖовхIар хIун машенца лелара тIаьххарчу деношкахь. Иза баьццара басахь «Нива» яра. Суна ЖовхIаран йохь йоьвзира».

Дудаев ЖовхIаран, Нохчийчоьнан хьов, ерриге а Кавказехь лоруш хиллачу политикан мах лаккхара тахана а хадабо цхьаболчу эксперташа. Билгал хууш ду, ша экскархо волу иза, доьххьарлерачу тIаманна доьхьала хиллийла. ТIом баккха Кремль дагахь юй хиъча, иза дукха уза гIиртира Ельцинца зIене вала. Амма, Оьрсийчоьнан гуоно иза ца дайтира цуьнга. Ша, Дудаев ЖовхIар тахана а, уггаре а лоручарах политик ву аьлла дуьйцу нохчийн юккъаралхочо Хаджимурадов Сулеймана.

Хаджимурадов Сулейман: «Из муха стаг вара аьлча, эскарехь волуш а, ишколехь волуш а, миччанхьа а низам а долуш, иза массо а нохчашкахь хила а лууш вара. Массо а нохчи инарла ву аьллера цуо. Иштта дог хьостуш вара иза. Ельцинца барт бан лууш а вара иза. Шена хIума гулдеш стаг вацара иза».

Дудаев ЖовхIар вийча, Оьрсийчоьнан президента Ельцин Борисс, дIахьедар дира тIом дIабирзина аьлла. Амма, тахана а иза гуш ду, бакъ доцийла. Мелхо а, и конфликт цхьана мехкана дозаналла араяьлла. Кхин дIа а дуьйцу Хаджимурадов Сулеймана.

Хаджимурадов Сулейман: «Шай туолам баьлла аьлла дийцира Оьрсийчохь. Дудаев и тIом болийна хиллехьарий иза тоххарехь чекхбаьлла хира бара. Дудаев болийна бац, Кадыровс болийна а бац. ХIара тIемаш, Оьрсийчохь гуттара а хилла бу».

Дудаев ЖовхIар верах, лакхахь ма аллара, дуккха аэладиттанаш даьржира. 200I шарахь, Оьрсийчоьнан цхьана газетехь, Кадыров Ахьмада, дIахьедар дира, ша тешаш вац иза вийна бохучуьнах аьлла. I990 шераш чекхдовлле, Соьлжа-гIалахь даиманна митингаш лаьттара, Дудаев ЖовхIар юхвоьхуш.

Дукхачу хьолехь, нехан и сатийсамаш боьзна бара, цуьнан каш мичахь ду ца хаарца. Иза тоъалла бахьан хетара дукхачарна, «ша мел волу нохчи инарла» ву аьлла дIакхайкхина шай лидер дийна ву ала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG