ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Germanwings Airbus A320 кема чударан бахьана хууш дац


Франци -- Airbus A320 некъахойн кема чудеанчу меттигана уллехь гулбелла лаьтта журналисташ, Seyne-les-Alpes, Заза25, 2015
Франци -- Airbus A320 некъахойн кема чудеанчу меттигана уллехь гулбелла лаьтта журналисташ, Seyne-les-Alpes, Заза25, 2015

150 стаг велла Барселонера Дюссельдорфе доьду немцойн Airbus A320 кема, бохам хилла, чудожар бахьана долуш.

Airbus A320 цIе йолчу некъахой дIасалелон кеманца бохам хилла боху хаам шинари дийнахь делкъахена баьржира. Испанерчу Барселонера немцойн Дюссельдорфе доьду и кема радарашна гучура ша новкъа даьллачул тIаьхьа цхьа сахьт даьлча дIадайнера. Немцойн Шпигел журнало чIагIдарехь, Iуьйранна исс дала пхи минот йисинчу хенахь хьалаайделла долу иза цхьайтта даьлча къайладаьллера, Дюссельдорфе дIакхача цхьа сахьт герга хан йисинчу хенахь.

Жимма хан яьлча кхеташ хилира, и кема Фрацин дозанна тIехь, Лакхара Прованс цIе йолчу кIоштарчу Алпашкахь чудоьжна хилар. Чудужучу хенахь бердийн тарханах кхетта, цунах дакъош хилар бахьана долуш чу чохь хилла цхьа бIе ах бIе стагах цхьа а дийна ца висина аьлла хаам баржийна кхаари Iуьйранна Францерчу орцакхачоран сервисийн белхахоша.

Ала догIу, шинари суьйранна, кема чудоьжначу меттехь орцакхачоран белхаш болийначу муьрехь, хаамийн гIирсашкахь некъахойх масех стаг дийна висинчух тера ду боху коста даьржира. Цхьаццайолчу немцойн а, францхойн а сайташна тIехь ур-аталла дийна бисинарш мича кепар чевнаш йолуш бу я муьлхачу хьолехь бу бохург а дара хьехош. Амма и хаамаш харца хилар дIакхайкхира дукха хан ялале немцойн а, испанхойн а, францхойн а официала векалша.

Кема чудожаран бахьанаш цкъачунна девзаш дац. Аналисташа шинари дийнахь дуьйна лайф-эфирехь дийцаре деш ду, мича кепара кхачамбацарш хилар тарлора цу бохаме кхачийнарш бохуш. Airbus A320 чудоьжначу хьалхарчу сохьташкахь йийцаре еш хилла йолу терактан верси карарчу хенахь бух боцуш санна лерина, цу бохаман бахьанаш толлучу комиссино толлуш яц.

Германин къайлахчу сервисашкахь цхьа а тоьшаллаш дац, кема чудожаран бахьана теракт хила йиш ю бохучунна, аьлла, хаам баржийра немцойн пачхьалкхан хаамийн агенталло ДПАс. Ткъа ЛуфтхIанза авиакампанин куйгалло журналисташка дIахьедар дира, „кеманца хилла боху бохам – иза ларамазалла ю, кхин дIа йолу теореш – уьш эладиттанаш ду“, аьлла.

Кема чудожале цуьнан пилоташ чехкалла лах а йина, иза цхьанхьа охьахаадан гIерташ хилар гучудаларо коьрта верси техникан проблемашца йоьзна ю бохучунна тIе товжуьйту цхьаболу аналисташ.

И кема а, цуьнан долахо йолу Germanwings авиакампани а Германера хиларх терра, и бохам толлуш болчу, немцойн Iедалхоша и верси коьртаниг ю бохург цкъачунна тIечIагIдеш дац. Иштта бохаман хьокъехь талламаш дIахьош ю Францерчу Марселан прокуратура а. Цигахь, хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, хIинца а авиакатастрофин тешашка хеттамаш бар дIадолийна.

И тешаш муьлш бу бохург цкъачунна Iедалхоша хоуьйтуш дац, амма схьахетарехь, кема чудоьжначу меттиган уллорчу жимчу юьртан бахархой болчух тера ду, катастрофа шайн бIаьргашца гина болу. Марсел гIалин прокурора Робен Бриса динчу дIахьедарца, бохаман бахьанаш дийца хIинца а хьалхехь ду.

„Тхуна цкъачунна хууш дерг цу кеман чехкалла цIеххьана лахъйалар ду, кхин цул совнаха хууш цкъачунна хIумма а дац“, - элира цуо, бохам хиллачу меттехь Iаьржа гIутакхех цхьаъ карийна хилар билгал а докхуш, цу чохь дIаяздинарг хIун ду хаъалца шайна моьт-моьттурш ца дийцаре журналисташка кхайкхам а беш.

Кеманна чохь хиллачех доккхах долу дакъа Германин бахархой бу. Амма иштта кхин а масийта пачхьалкхашкара бахархой а хилла цу чохь, Испанера а, Турцера а, Нидерландашкара а, Казахстанера а, Японера а, иштта кхин дIа а.

Къаьхьа коста ду цу бохамехь немцойн цхьана ишколера I6 дешархо а, церан шиъ хьехархо а кхалхар. Дюссельдорфана гена йоцуш Iуьллучу ХIалтерн гIаларчу гимназин дешархой хилла уьш, Европерчу ишколийн Iадаташца, цхьаьна кIирана мотт Iамор кIаргдан Испане а бахана, цIабоьлхуш хилла болу.

И бераш цу бохамехь кхалхаро оцу сохьта коьрта чу доуьйту, хIора шарахь Германерчу а, Францерчу а, Австрерчу а ишколашкахь доьшуш долу нохчийн бераш а цу кепарчу мотткIаргбаран некъашка доьлхуш хилар. Испане а, Британе а, Франци а буьгу уьш, шаьш Iамочу матте хьаьжжина. Масийтаза вигина шен ши кIант шайн хьехарзошца а, шайца классехь доьшучу берашца а иштта кхечу пачхьалкхашка бохуш дуьйцу Венехь ехачу Сагаипова Зулайс.

Сагаипова Зулай: „И бохам хилар суна халонза даьлла бохург дийцина ца валлал хIума ду. Иштта хIума хезча хьайн доьзалан ойла а ма йой ахь, цу берийн гергарниш дуьхьал тоссу. Сан бераш иштта массийтаза дигина кхечу мехкашка, Ирланде а вигинера ши кIант, Итале а вигинера, хIинца ши бутт баьлча Испане вига везаш а ву и шиъ ишколера. Вахийта со хIинца йоьхьур юй-м ца хаа суна. Вукху агIор ойла йича, даима а кхийрина а ца волу“.

Зулайн а, кхечу дай-нанойн а кхерам бух болуш хиларх кхета, бохам лайна долу кема немцойн уггаре а йорахчу Germanwings авиакампанин долахь хиларо а, ткъа ишколашкара цу кепарчу некъашка бераш дуьгучу хенахь уьш, дукхахьолехь, йорахчу авиакампанешца дIасалелош хиларо а.

Шех Germanwings аьлча, иаз немцойн уггаре а йоккхачу ЛюфтхIанза авикампанин долахь ю. 2002-чу шарахь кхоьллина йолу иза шарахь I6 миллион стаг стиглахула дIасавигарх дозалла дан йиш йолуш а, 80 кеман долахо а ю. ХIинца Францерчу Альпашкахь хилларг дуьххьара бохам бу Germanwings кампанин исторехь хилла.

Бакъду, шинари дийнахь и бохам цуьнан доларчу кеманца хиллийла хиинчул тIаьхьа Germanwings авиакампанехь болх беш болу цхьа могIа пилоташ, шаьш бохам лайна дерг санначу Airbus A320 кеманашна тIехь хьалагIовтур бац аьлла, балха ара ца бовлуш севцина. Цхьаццаболчу аналисташа чIагIдарех, Germanwings кампанин долара авиапарк дукхахьолехь тишачу кеманех лаьтташ хилар ду пилотийн протестийн бахьана.

XS
SM
MD
LG