ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Нохчийчу вуьтур вац Кадыровс


Белги -- Обама Барак Брюсселехь Евробертан саммитехь, Заз. 26, 2014
Белги -- Обама Барак Брюсселехь Евробертан саммитехь, Заз. 26, 2014

Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана а, Евробертан куьйгалхошна а дуьхьал санкцеш кхайкхийна ша аьлла, дIахьедар дина Кадыров Рамзана.

Буьйцурш бу Iамеркин лидер Обама Барак а, Еврокомиссин гIантда Баррозу Жозе Мануэл а, Европан кхеташонан куьйгалхо Ван Ромпей ХIерман а, Евробертан арахьарчу гIуллакхашкахула йолу лаккхара векал Эштон Кэтрин а, Европарламентан гIантда Шульц Мартин а.

Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочо цу тайпа гIулчаца бехам бо ша боху цу нахана Либехь а, Шемахь а, Иракъехь а, ОвхIанистанехь а хуьлучунна уьш бехке хиларна.

ХIун чулацам болуш ду Кадыровс лелориг. Иштта деш хуьлий пачхьалкхан субъектан куьйгалхочо кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошна санкцеш а кхайкхош аьлла, хаьттира оха историн Iилманче Вачагев Майрбеке. Ткъа Путинна дуьхьал санкцеш цаяхаран бахьана дийцира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG