ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гельземиум, Полоний, Рицин: Кремлан мостагIий байина дIовшаш


Рицин дIовшаца тIелатар дина меттиг толлуш бу Iамеркан ФБР-н белхахой. 2013.
Рицин дIовшаца тIелатар дина меттиг толлуш бу Iамеркан ФБР-н белхахой. 2013.

Маршо Радионо дагалоцу дукхачу нахана девзаш доцучу дIовшах хIаллакхилла Оьрсийчуьрчу Iедалан мостагIий.

Зазадоккху беттан 5-чу дийнахь Британехь дIовш малийна хила мега аьлла шеко йолуш клинике охьавиллира Оьрсийчохь шпионаш лелорна чувоьллина хилла 66 шо долу Скрипаль Сергей. Скотланд-Ярд ю и гIуллакх толлуш. Маршо Радионо дагалоцу дукхачу нахана девзаш доцучу дIовшех хIаллакхилла Оьрсийчуьрчу Iедалан мостагIий.

Гельземиум

2012-чу шарахь Британехь цIеххьана велира оьрсийн хьолада Перепиличный Александр. Цуьнан дегIехь карийнера Азехь йолуш йолчу Гельземиум Gelsemium -- "Heartbreak Grass" (Инфарктан буц), "Боккхачу бохаман буц" олу дIовш. Цу гIуллакхо шеко кхоьллира иза, цхьана хенахь КГБ-но деш ма-хиллара, дIовш а малийна, вийна хила мега аьлла.

Heartbreak – "Боккха бохам" цIе йолу буц вуно дIавшен ю. Иза Азехь бен йолуш яц. Цунах шуьйра пайда оьцуш Iедал ду Оьрсийчуьрчу а, Китайра а Iожалхоша.

Перепиличный Александр 44 шо долу Оьрсийчура олигарх вара. Цо къамелаш дора Кремло дIахьочу политикана дуьхьал. Магнитский Сергей валар толлуш теш санна дакъалоцуш а вара иза.

2012-чу шарахь гуьйранна цIеххьара велира иза, Iуьйранна дегI меттахдоккхуш вада араваьллачу хенахь. Британин Iедалша таллам бича гучудаьлларг дара, цуьнан дегIехь «Боккхачу баленан буц» олу дIовш хилар. Меттигерчу прокуратурин белхахоша сацам бира иза леррина вийна хила мега, Магнитскийн гIуллакх толлуш гIо деш хиларна аьлла.

Полоний-210

Литвиненко Александр ФСБ-н белхахо хилла вара. 2000-чу шарахь дуьйна, Британин Iедалша политикан тховкъело а елла, Лондонехь вехаш вара иза. 2006-чу шарахь Лахьан-баттахь Лондонехь цхьана суши барехь Полоний-210 дIовш малийна хиллера цунна.

Полоний-210 вуно чIогIа дIовш ду. Иза доккхуш ду радиоактиван маьIданах. Ша валале хьалха Литвиненкос Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир бехке вира ша верна. Цо иштта бехке вира иза журналист Политковская Анна, дIовш а малийна, ен гIортарна. Иза хиллера Политковская герз а тоьхна еле 2 бутт хьалха.

Таллий

Таллий химин дIовш ду. Цхьа къеззиг цуьнан дозанах пайда оьцу лоьраша дегIан сурт доккхуш. Иза вуно чIогIа дIовш ду кира кхачахь. Цундела мукадехкашна дIовш кечдеш шуьйра пайда оьцу цунах. Вуно сих-сиха иза леладо зуламхоша адамаш дойуш а.

Хохлов Николай КГБ-н агент вара 1953-чу шарахь Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташка ведда волу. 1957-чу шарахь Франкфуртехь КГБ-н агенташа таллий олу дIовш малийнера цунна. ТIаьхьо КГБ-н хилла болчу белхахоша даре дира Хохловна Литвиненкона санна Полоний-210 малийна хиалла хилар. Литвиненко велча цунна малийнарг а таллий ду моьттуш бара лоьраш дуьххьара.

Уьш боцурш кхин а масийтта вевзаш волу стаг ву дIовшашца тIелатар динчу нахана юкъахь. Царах ву Оьрсийчохь коррупцех а, зуламхойн тобанех а лаьцна дуьйцуш хилла вевзаш волу журналист Щекочихин Юрий. Иза велира 2003-чу шарахь Товбеца-баттахь. Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьедар дира иза аллерги а хилла велла аьлла. Цхьаболчу талламхоша чIагIдарехь, цуьнан валар тера дара Литвиненкон а, Хохоловн а валарх.

Диоксин

Украинера политикана Ющенко Викторна малийнера «Диоксин», (Tetrachlorodibenzodioxin ТХДД) олу дIовш. Иза хилира 2004-чу шарахь Украинин президентан харжамашкахь дакъалаца иза кечлуш волуш. Ющенко дуьхьалваьллера Оьрсийчоьнан президенто къобул винчу кандидатана Янукович Викторна. ДIовш малор бахьана долуш цуьнан юьх эрча яьккхинера. Иза хIинца толуш ву. Ющенкос бехке бира шена хиллачунна Оьрсийчоьнан Iедалхой.

Зарин

Урдан-махкара Нохчийчу веана Оьрсийчоьнна дуьхьал тIолм беш вара тIемалойн тобанан хьалханча Хаттаб. 2002-чу шарахь цIеххьана велира иза. Хаттабан гергарчу наха а, нохчийн тIемалоша а дIахьедарш дира иза шега кхаьчна кехат доьшуш, цунах дIовш а даьлла, велла бохуш.

Цхьаболчу хаамашца, иза Зарин (Sarin) хилла. ФСБ-но хаам бира Хаттаб тIемалоша шаьш вийна аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан прессехь дийцара Хаттабе дIаьвше кехат дIакхачийнарг ФСБ-но лаьцна волу агент хилла бохуш.

Рицин

Шийла тIом боьдуш Советан пачхьалкхан КГБ-но шуьйра пайда оьцуш хилла Рицин (Ricin) олучу дIовшах. Уггаре а гIаръяьлла истори ю Болгарера диссидент хиллачу Марков Владимирца йоьзнарг. 1978-чу шарахь Лондонехь вийра иза, КГБ-н агенташа когах четарна буьххье боьллина рицин дIовш чохь долу маха а тоьхна. Иза динера цара Лондонерчу Ватерлоо олучу тIайн тIехь.

Иштта маха Iоьттинера КГБ-н агенто Маршо Радиохь болх беш волчу Болгарера кхечу бакъонашларъярхочунна Костов Владимирна Парижехь метро чу волуш, Марков веле 10 де хьалха. Амма дIовш дукха къорга дегIе цадолар бахьана долуш дийна висира иза.

Иштта мох тухучу тоьпаца рицин тоьхна хиллера Iамеркехь Вирджинехь 1981-чу шарахь Iамеркин агент хиллачу Корчак Борисана. Корчак а дийна висира. Амма иза тешна вара шена тIелатар динарг КГБ-н агент хиларх.

Девзаш доцу дIовшаш

1979-чу шарахь дIовш малийнера кхаа баттахь ОвхIанистанан президент лаьттина волчу Амин Хафизуллана. КГБ-н агенто цадевза дIовш тоьхнера цуьнан кхачанна. Амма шена дIовш малийна хиларх сихха кхетта волу иза дийна висира. Делахь а кхин а ши кIира даьлча Амин вийра Советан эскархоша ОвхIанинстанан президентан хIусамехь. Цуьнан метта Советан пачхьалкхо ОвхIанистанан президент хIоттийра Кармал Бабрак.

2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан Аэрофлот компанин кеманна тIехь дIовш малийнера Бесланехь герзаца болчу наха школа дIалаьцна аьлла цига йоьдуш хиллачу Политковская Аннина. Политковскаяс элира, шена дIовш малийнарш ФСБ-н агенташ бу аьлла. Ткъа зорбанан гIирсаша яздора цунна делларг КГБ-но шуьйра лелош хиллачу дIовшах цхьаъ ду бохуш. Политковская дийна йисира, амма, тапча а тоьхна, иза йийра Москох кхин а ши шо даьлча.

ХIара материал дуьххьара зорбане яьлла 2015-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG