ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty International: Политикан тутмакх ву Кутаев Руслан


Оьрсийчоь--Нохчийчоь. Кутаев Руслан талламан изоляторехь.
Оьрсийчоь--Нохчийчоь. Кутаев Руслан талламан изоляторехь.

Диъ шо хан тоьхна, набахте воьллина волу юкъараллин жигархо Кутаев Руслан синан маршонан тутмакх лерина Амнисти Интернешнл цхьаьнакхетаралло.

„Нагахь санна аш со кху кхелан гIишло чуьра маьрша а ваьккхина, дIахецахь, со цуьрриг а цецвер вац. ХIунда аьлча со бехке вац. Нагахь санна, аш суна муьлха а хан тоьхна, со чуволлахь, со тIаккха а цецвер вац. ХIунда аьлча, нохчо хилар, сий долуш стаг хилар, бакъдерг дуьйцуш а, нийсоне кхийдаш а хилар – таханлерчу хьелашкахь цунах лакхара мах бала беза. Цундела аш муьлха а сацам бахь а, ас иза, воха а ца вухуш, тIеоьцур бу“ - иштта дара Кутаев Руслана шен хьокъехь ечу кхелехь аьлла тIаьххьара дешнаш.

Цу дешнаша гойту, цу къонахчун доьналла, шен хьежамех жоп дала кийча иза хилар а, массо а аьлча санна тийна-таьIна, харцонна къера хилла Iачу заманчохь а нохчийн къомалахь кхонахийн хIу дайна ца хилар а.

Кутаев Руслан I990-гIа шераш долалуш Нохчийчохь маршонехь къийсам болабелча дуьйна схьа юкъараллин жигара декъашхо вара. Адамийн бакъонашларйарехь а, юкъараллийна мехала долчу хеттаршна йистах ца латтарца а, шена хетарг а, ша лоруш дерг а, хьул ца деш, аларца а вевзаш вара иза нахана.

Хьалхара а, шозлагIа а тIом болуш цуо ирчу критике дора оьрсийн эскархоша Нохчийчохь лелош долу талораш. ТIом дIабирзинчул тIаьхьа, я, аьлча а, иза официала дIабирзича санна кхайкхинчул тIаьхьа цуо къийсам латтабора Оьрсийчуьрчу ксенофобица, кавказхошца йолу гамонашца, маьрша нехан бакъонаш хьешарца.

Амма иза дерриге а цунна цхьа хан-зама кхаччалца гечдора Iедалша. Ца магийнарг, ца гечдинарг кхин дара: махкахь юккъебаьккхина болу керла бехкам - I944-чу шарахь къам дохор ма хьехаде аьлла болу - хьашар. Русланна ца магийнарг баханчу чиллан баттахь нохчийн къоман лазам, цуьнан цкъа а йоьрзун йоцу чов, тахана а нохчо да-нана мел дерг, къемата а ша-шен бIаьргашца и бохам гинавоцург а, иза буьйцуш бен ца хезнарг а велхош болу бохам – доллу къам Сталинан омрица, масала доцучу къизаллийца, дIадохор хьахон иза вохьар дара иза.

Къоман иэс Iедало омра дарх нехан кхетамашкара дайъалуш доцийла ца кхетачара, нохчийн къоман букътамарца боьлла болу цу бохамах болу дагалецамаш кехатан чкъуьйриг тIехь я маттаца динчу тIедожорца карчалур боцийла ца кхетачара кхузткъа шо кхочуш волчу къонахчунна корта бахон молханаш лелор бехке диллар а ду цхьа ша -тайпа символикан маьIна долу хIума.

Руслан мел вевзачаьрна шал шера хаарца цкъа а узуш я молуш хилла воцучу цунна юккъера наркотикаш коча тассар -вайн заманан, нохчийн къоман таханлерачу къоман гротескечу хьолана бух сиз хьокху, цу хьолана тIе доккха мухIар туху хIума санна ду иза. Беламе хила мегара иза, сел къаьхьа дацахь.

Кутаев Руслана шен юкъараллин а, политикан а болх дIаболочу муьрехь цуьнан чкъурара нах дуккха а бара цунна гуонахьа. Шайн къоналла Советан заманан харцонечу режимехь дIаяхна болу, изза къам махкара даккхар хьахо бакъо а йоцуш, кхиина болчу царна и аьшпийн пачхьалкхе йохар а, Нохчийчоь эххар а маьрша хила йиш ю бохург а боккха кхаъ бара. Церан цу маьршачу Нохчийчоьнан хиндолче а, цуо харжа хьакъ болчу некъе а болу хьежамаш мел тайп-тайпана хиллехь а.

Цхьаберш цу некъан тIехь тIемаш берш эгна царех. Цхьаболчара, агIо а хийцина, шаьш селхана дийцинчунна нийса бIостанехь дерг даржадо. Вуьш йистах бевлла, хIора а агIонна пе тоьхна. Ткъа цхьаберш, кхин къарбала ца тикнарш, набахтешкахь бохку. ХIинца Кутаев Руслан а кхетта царех дIа. Нохчийн къомах болчу политикан тутмакхийн, синан маршонан тутмакхийн терахь алсам а доккхуш.

Кутаев Руслан дика вевзаш а, цуьнца цхьаьна юкъараллийн белхашкахь дакъалийцина а ву Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахо, политолог Асхабов Хьамзат. Цуо иштта дагалоьцу Руслан.

Асхабов Хьамзат: „Суна Руслан суна дуьххьара хьалхара тIом болуш вевзина ву. Иза цу хенахь а вайн къоман хIуманна дог лезаш а, юкъарчу хIуманехь дакъалоцуш а вара, массо а хIуманна бала болуш а хилла ву. Цу хенахь суна дагаварехь, цхьа экстраординаран хIума дезаш а, шен позици, нахана иза товр елахь а, яцахь а, дIаолуш а вара. Дахарехь иштта хуьлуш хуьлу, нагахь санна ахь хьуо пелхьо ву аьлла дIакхайкхинехь а, цкъа цхьана дийнахь муш тIе а ваьлла, дI ахIотта везаш хуьлу, ца хIоттахь юхьIаьржа хIутту хьо.

Нагахь санна ахь хьо хелхарча ву алахь, цхьана дийнахь хелха вала веза хьо, юьхьIаьржа ца хIотта. Дала зуьй хьо иштта. Руслана мел аьлларг а, цуо мел лелийнарг а- цуьнан мах хIун бу хьожуш, Дала киртиг тIехIоттийна цунна. Цхьа а шеко яц сан, шена лиънехь, хан ца тухийташ, цу юккъера аравала хуур долуш вара иза. Шена лиънехь, цу Iедалца барт карор болуш вара иза.

Шена лиънехь цу Iедална дика накъост а хилла, доккхачу даржехь а волуш, дIахIотта хуур долуш къонах а вара иза. Тахана дахарехь ша мел лелийначу хIуманна тIе зорба а тухуш, оцу ша лелийначун цIеналла мел хилла а гойтуш, харжам бина цуо. Дала цуьнан гIазот къобалдойла. Дала сий дойла цуьнан. Кхин хIума дац сан цу къонахчух лаьцна ала“.

Тахана Русланна белшаш гIортош берш кхелехь а, кхелал арахь а цуьнгахь гIо доккхуш берш я Оьрсийчуьра адамийн бакъонашларйархойх тIаьххьадисина цинцаш ду, я дозанал арахьара дуьненаюкъара цхьаьнакхетараллаш ю дукхахьолехь. Иза кхеташ а ду, хIунда аьлча иштта ю нохчийн къоманна тахана тIехIоьттина киртиг, мацах цкъа туьйранера барзо аьлларг санна – „иччархочунна со а ма гахьара, суна иччархо а ма гахьара“ аьлла хеташ.

БIе шо сов хьалха цIеяхначу Iамеркхойн поэта, шен доллу дахар а къийсамна дIаделла хиллачу Уитмен Уолтан дешнаш карладовлу, Кутаев Русланан кхолламан ойла еш. „Набахтеша а, эшафоташа а, когах а, вортанах а дихкинчу буржалша а шайн болх бо. Сийдолу яздархой, дош ала хуурш лаьхкина, махках баьхна, даймахке сатуьйсуш маргIал бахна, кхуьучу кIенташа, вовшех эхь хеташ, бIаьргаш лечкъадо... Нах хьийзорах долу низамаш наха хазхетарца тIеоьцуш хилча, майданашкахь наха къонахийн цIераш сийсазйеш хилча, тIаккха а Маршо дIа яьлла яц, иза йолуш ю. Таба а тебна, шен хан тIеккхачалца Iаш ю иза“ - иштта яздинера цуо шен цIеяхханчу байтахь.

Тахана и дешнаш Кутаев Русланна а, нохчийн къомана а лерина яздича санна хетало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG