ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юхаяла дагахь яц PEGIDA


Германи -- ПЕГИДА боламан дуьхьал волчу стага дIалаьцна "ПЕГИДА? Ца оьшу, баркалла!" аьлла яздина плакат. 26Дечк2015.
Германи -- ПЕГИДА боламан дуьхьал волчу стага дIалаьцна "ПЕГИДА? Ца оьшу, баркалла!" аьлла яздина плакат. 26Дечк2015.

Германин Малхбалерчу гIаланашкахь дIайоьлхуш ю тIебаьхкинчарна, къаьстина бусулба дин лелочарна, дуьхьал демонстрацеш.

Немцойн Дрезден гIалахь дIа а болабелла, йоллучу Германин малхбалехь шен хIун тессинчу Пегида боламах юкъараллийна а, пачхьалкхана а болу кхерам хIинца Германехь массарна а гуш бу ала мегар ду, - политикашна тIера исбаьхьаллин векалшна тIе кхаччалца, бизнес-гуонашнара тIера пачхьалкхан хьукматхошка кхаччалца а.

Цара яржош йолу цабезаман идеологи а, цара юкъараллехь кхуллуш болу бух боцу кхерамаш а, ткъа иштта адамашна юккъехь цара тоссуш болу гамонан зирх а- и дерриге а, шен наци заманчуьра дIадаьллачуьнца тахана а къийсам латтош йолу Германехь, цхьана агIор, чевнаш тIе туьха тийсар санна, амма вукху агIор, къоман цхьаццаболчу векалшлахь а, гуонашкахь хIинцалца схьа тийна-таьIна, малха ца йоьхьуш, хIетте а шен цхьа де а, сахьт а кхачаре сатуьйсуш синан кIоргенашкахь тебна хилла нацистийн гIан самадоккхуш, цунна керла сатийсамаш луш болу ницкъ хилла дIахIуттуш лаьтта.

Ткъа и къайлаха сатийсамаш, мацахлерчу Рейхсгерманино кхаьбна сатийсамаш, тIеэца а, царна тешамца тIетовжа а лууш берш немцойн юкъараллехь вайн заманчохь а кIеззиг ца хиллийла гойту, Дрезденехь масех бIе стаго йолийна йолу Пегидин демонстрацеш, яьрж-яьржаш йоллучу Германин Малхбалехь яржаро а, царна белшаш гIорто эзарнаш адамаш тайп-тайпанчу гIаланашкахь урамашка даларо а.

Даханчу кхаарий дийнахь Дрезденна гена йоцуш Iуьллучу Лейпцигехь санна. Цу дийнахь Лейпциган урамашка 35 эзар стаг ваьллера. I5 эзар Пегидин гара ша лоручу Легида боламан цIарах, ткъа важа 20 эзар стаг царна дуьхьало ян арабевлларш.

Нагахь санна бусулбачарна а, тIебаьхкинчарна а белшаш гIортон арабевлла болу немцой, терахьца шаьш дукхох белахь а, машаре шайн гулам дIа а баьхьна, цIехьа бирзинехь, Легида боламера нах полихойх а, журналистех а лататассабелира масийтаза. Царех 50 стаг журналисташна тIелеттера, ткъа иттанаша полисхошна шишанаш а, ягоргаш а, тIулгаш а дитинера. Цу нахах дала тарлуш долчу зуламах Лейпцигхой ларбан араваьлла 4000 полисхо хиллехь а, саца ца деллера Iедалхошка церан къепедацарш.

И вуно дIаьвше юкъараллера хIаваъ а, Пегидин а, цуьнан агIончаша а яржош йолу гамо а, харц цIе а кхин дIа иштта лан кхераме а хетта, Дрезденера дIаиэха буьйлабелла бусулба доьзалш бохуш яздо цу юкъана хаамийн гIирсаша. Уьш кхоьру, цу нацин хьежамаш марсабохуш болчу зуламхоша шаьшна я шайн берашна дуьхьал талорш дарх. Ишттаъ кIеззиг бен бусулба нах ца беха меттиг йолчу Дрезденехь вуно кIеззиг бен нохчийн терахь дац.

Амма уьш цунна луларчу гIаланашкахь бу, цигахь мухIажарийн юкъараIойла хилар бахьана долуш, бохуш дийцира Маршо радионе вевзаш волчу немцойн адамийн бакъонашларйархочуо Маас Эккехарда. Амма цкъачунна цхьанна а нохчочунна дуьхьал цу кIошташкахь зулам дина меттиг бац аьлла билгалдаьккхира цуо.

Эккехард Маас: „Цу Дрезденна луларчу Кемниц гIалахь бу дуккхаъ нохчи, иштта уьш Заксен регионан кIошташкахь а, гIаланашкахь бехаш а бу, амма иштта дIогара дукха бац. Церан билгал долу терахь цхьанна а ца хаьа. Амма суна бевзаш а, соьца зIе йолуш а нах бу цигахь. Цаьргара цхьа а хаам хилла бац соьга, нохчашна цигахь кхерам бу, я царна дуьхьал цхьа талор дан там бу, аьлла. Ткъа цу Пегида боламо ечу демонстрацех аьлча, суна маьттаза хеташ долу хIумнаш ду цара даржош дерш.

Кхетамца схьалаца хала ду суна, и хийрачаьрца цабезам баржош йолу шира идеологеш иштта атта самаяха йиш ю бохург. Цара дахкош долу бахьанаш тергоне эцча-м муххале а. Оцу Заксен лаьттахь верриге а вац вехаш 4000 герга бен бусулба стаг. Цаьргара Германина исламизаци хиларна кхерам бу бохург беккъа цIена пал бу, дошдоцург а ду. Немцойн бIеннашкахь кериста динера ара а бовлуш, бусулба дин тIеэца буьйлабелла хилча-м цхьа кхерам хьехон а тарлора, вуьшта дош дац цара дуьйцург“.

Мел кхераме бу Пегида болам а, цуьнан питанаш а шена Германина а, амма уггаре а хьалха цигахь бехачу бусулбачарна а? ХIун гойту цу боламан цIеххьана сел дукха агIончаш гучубовларо немцойн юкъараллерчу синхIоттамех? Ша а Малхбалерчу Германера орамаш долчу, ткъа Германи шине декъе екъначу хенахь диссидент хилла волчу адамийн бакъонашларйархочуо Маас Эккехарда дуьйцу, вуно кхераме а, инзар воккхуш а долу хьал ду Пегидано а серлоне даьккхинарг. Адам мел сиха муьлхачу а мел маьттазчу а Iалашонашна гуонахь вовшахтоха а, меттах даккха а, ира-кара хIоттон а йиш бохург гойту цу боламо, элира Мааса.

Эккехард Маас: „Со тешна ву, цу наха Германехь юкъараллера климат хазнесанна дIаьвшечу хьесапе дерзош хиларх, цхьа а бахьана а доцуш, цара нахалахь кхерамаш баржош хиларх а. Германехь дуккхаъ мигранташ хиларо кхуллуш ду кху вайн кху махкара тароне а, исбаьхьа а дахар. Цу мухIажаршна Iедало еш йолу харжаш царех пачхьалкхана болуш болчу пайдан кхозлагIа дакъане а ца кхочу.

Цу боламо гойту амма, и тайпа кхераме идеологеш нахана юккъехь самаяха мел атта ду бохург. Иштта, масала, атта хиллера изза национализман идеологи Оьрсийчоьхь самаяккха а, яржон а. Советан пачхьалкхе йоьхначул тIаьхьа цхьанна а ца моьттура, цу махкахь хийрачаьрга болу цабезам иштта баьржар бу бохург. Цхьа тамашийна шира амалш йолчух тера ду-кх уьш, мичча а хенахь самайовла а, хийрачаьрна дуьхьал жигарйовла а кийча йолу“.

Цу юкъана цецваллал хIума ду шен Пегида боламан могIаршлахь лаьтташ дерг, цара кхайкхош дерг цара лелочуьнца цхьаьна дуьстича-м муххале а. „ Моллас бохург де, моллас деш дерг ма де“ бохучу нохчийн кицанахь санна, кхечу пачхьалкхашкара, къаьстина бусулба дин лелачу мехкашкара тIебаьхкинаберш лакхара криминалан потенциал йолуш а, зуламаш лелош а хуьлу, ткъа иштта уьш низамаш лардеш а ца хуьлу бохург чIагIдеш болчу цу боламан шен куьйгалхо Бахманн Лутц гIарваьлла волу зуламхо ву ша.

Инзаре дукха зуламаш а, талораш а дарца кхелина ю цу 40 шо долчу стеган биографи, олуш ма-хиллара, оьздачу стага салам кховдор доцуш волчу. Масала, иза кхеле озийнера къоланаш дарна, къайлаха нехан хIусамашка чу а вуьйлуш, хIумнаш лечкъорна, нахах летарна, кокаин лелорна а, йохкарна а, ткъа иштта ненаца кхуьучу шен кIантана низамца даладезаш долу рицкъ дIадала ца тикарна а. Шена кхело тоьхна долу 4 шо герга хан ца яккхархьама ведда Къилба Африке а вахана, цигахь харцкехаташца ши шо даькхнера цуо, амма эххар а цигарчу полисхошна гучу а ваьлла, Германе депортаци йинера Бахманна.

Цу кепарчу хьуьнаршца гIарваьллачу стаго, гуш ма-хиллара, шен дахарехь ша мел лелийнарг ду тIебаьхкинчара лелдо бохуш юхьаралаьцна. Амма и кепара биографи йолу стаг шен коьртехь латтон эхь ца хетара Пегида боламана еххачу хенахь.

Бакъду, хIинца эххар а Бахманн Лутцан цуо ша Гитлерх тарвеш, фюреран санна долу мекхаш а дитна, цуьнчух тарйеш кIозалш а хедийна сарташ гучудевллачул тIаьхьа шегара Пегидин куьйгалхочун дарж охьадилла дезна цу стеган. ХIунда аьлча хIинца юха а, рогIера Iедалшца гIулкх тассадала дезар ду цуьнан – Дрезденерчу прокуратурано керла бехкталламан гIуллакх схьадиллина Гитлеран агIончина дуьхьал.

XS
SM
MD
LG