ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьа Iелам-стаг вийна ХIирийчохь


БуритIехь джамIат-маьждигехь, 14Чилл2011
БуритIехь джамIат-маьждигехь, 14Чилл2011

Гамзатов Расул вийна БуритIехь, шен хIусаманна гена доццуш машен чуьра араволуш. ХIирийчоьнан талламан кхеташоно бечу хаамца, зуламхочо Гамзатовна ворхIазза герз тоьхна. Хилла йолу чевнаш бахьана долуш дукха хан ялале велла Iелам-стаг.

БуритIехь хилларг цу тайпана дуьххьар зулам дац. Ши шо хьалха Къилбаседа ХIирийчохь вийнера Дударов ИбраьхIим. Вийна волу Гамзатов санна, муфтийн гIоьнча вара иза. Цу гIуллакхан талламан болх а зуламхочунна тIехь ца кхиар бахьана долуш дIакъевлина ду. Зуламхойн коьрта Iалашо – Бусулба дин ду, бохуш, дуьйцу Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтийс Гацалов Хаджимурада

ГАЦАЛОВ: «Бусулба дин. Кхи цхьа а бахьана хуьлийла дац. Кхузахь радикалш а бац, я экстремисташ бац. ХIириIчохь йолчу паргIатонна реза боцуш нах бу. Дин хьоьхуш вар а Расул. Цкъа а кхерармаш а ца тийсинера цунна. Кхузахь оха лелош дерг бен-м бусулба дин дан а дац. Цкъачуьнна цхьа а верси яц».

Имам вер хьокъехь Къилбаседа ХIирийчоьнан къепелатторан урхаллаш бехк-такхаман кодексан 222-гIа а, 105 артиклан (стаг вер) гIуллакх долийна. Талламан болх дIабоьдуш бу, амма зуламхочун лорах тIаьхьа ца кхиъна низаман белхалой, бохуш, дуьйцу Къилбаседа ХIирийчоьнан талламан кхеташонан куьйгалхочун гIовса Джиоев Вячеслава.

ДЖИОЕВ: «Зуьйш ю дуккха а версеш. Царна юккъехь ю цуьнан балхаца йоьзна йолу верси а. Амма иза коьртаниг ларалуш яц талламан балхахь. Хилла долчу зуламан бахьана цуьна балхаца доьзна хиларна тоьшаллаш дац. Вер бахьана хила тарло декхар а, цабезам а, къийсамаш а. Массо бахьанаш ду талламан белхалоша зуьйш».

Гамзатов Расул 4-гIа Iеламстаг ву, хIокху шарахь Къилбаседа Кавказехь байъинчарех. 6 бер диссина Гамзатовн. Вер бахьана цуьнан балхаца доьзна ду, бохуш, ойла ю имамана уллехь хиллачу дукха нехан.

XS
SM
MD
LG