ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна оьшуш дац Сочера Олимпиадехь зуламаш дар


Оьрсийчоь -- Сочера Олимпиада йолош хилла церемони, Чил7, 2014
Оьрсийчоь -- Сочера Олимпиада йолош хилла церемони, Чил7, 2014

Сочера Iаьнан Олимпиада йолаелла ши де бен дацахь а, хIинцале а политикан говзанчаш ойла еш бу, муха хийцалур ю Оьрсийчоьнан Iедалийн Къилбаседа Кавказера политика и ловзарш дIадирзича бохучух лаьцна.

Масала, Москох Экономикан Лаккхарчу Школан хьехархочунна, дуккха а шерашкахь Москох Карнеги Центран аналист хиллачу, политикан говзанчина Петров Николайна хета Оьрсийчоьнан Iедалша шайн Къилбаседа Кавказера политика хуьйцур ю аьлла. Цигахь дикачу агIор хийцамаш хир бу аьлла сатуьйсийла ю бохуш дийцира цо ша Маршо Радионна еллачу интервьюхь.

Петров Николай: "Гой шуна. Суна хетарехь, Олимпидера хир дац те аьлла сатийса мегар долу коьрта диканиг ду иза кестта дIайоьрзур хилар. Ткъа цул тIаьхьа машар а, дика дахар а гайта дезарна, хьал чолхеча ца даккха дихкина хилла федералан центран куьйгаш мелла а даьстина хир ду.

ТIаккха сатуьйсийла ю, кхетам а тоьлла, цхьамогIа стратегин юьхьарлацарш, Козак Дмитрий Къилбаседа Кавказан гонехь Оьрсийчоьнан президентан векал волчу хенахь вайна ган дуьладелла долу гIуллакхаш юха а дIадолор ду аьлла".

Амма Къилбаседа Кавказан регионехь хьал дикачу агIор хийцалур ду бохучух дIоггара тешаш баца хIара программа кечйеш оха къамелаш дина говзанчаш.

Дуьннена а евзаш йолчу "ХIюман Райтс Вотч" (Human Rights Watch) организацино Сочера Олимпиада йолаяла дисина ши кIира а долуш, Iора даьккхира шен леррина дахьедар. Цу тIехь аьлла ду, Оьрсийчоьнан Iедалшкара тIеIаткъам ловш бу Олимпиада хьокъехь Iедалшна критика еш болу журналисташ а, бозуш боцу жигархой а аьлла. Цунах лаьцна дийцира Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь цу организацин Москох йолчу бюрон куьйгалхочуьнан когаметто Локшина Татьянас.

Локшина Татьяна: «Пресса маьрша болх бан йиш йолуш хилар а коьртачех цхьа принцип ю Олимпан хартийна тIехь чIагIйина йолу. Ала деза, маьрша болх бан йолу прессин бакъо йохийна хиларх лаьцна Сочехь а, Къилбаседа Кавказерчу регионехь а. Яккхийчу проблемашна хьалха латта безаш хилара цига боьлху журналисташ.

Царна юкъахь Москох баьхкинарш хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкара богIу журналисташ а бара. Цул сов, алсам болу Iаткъам ловш бу цу регионехь бехаш а, болх беш а болу бозуш боцу журналисташ а».

«ХIюман Райтс Вотч" организацина Олимпиада чекхяьлча Оьрсийчохь адамийн бакъонашца доьзна хьал чолхе дала мега аьлла хета. Дуьйцу Локшина Татьянас.

Локшина Татьяна: «ХIун хир ду аьлла хета шуна, нагахь, Дала лардойла вай цунах, Олимпиада дIайирзича Оьрсийчоь дуьнено йиц яхь, ткъа массо а хIинца Олимпиада тIеоьцуш йолчу Оьрсийоьнга хьожучура кхечу агIор хьежа буьйлалахь?

Тхо чIогIа кхоьруш ду иштта хилахь алсамдала мегаш ду махкахойн юкъараллина Iаткъам бар а, дешан маьршонна Iаткъам бар а, жигархошна Iаткъам бар. Цундела цхьа некъ бу иза ца хийлийта: Олимпан ловзарш дIадирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоь тидам а боцуш ца йитар».

Къилбаседа Кавказехь хила луучу хийцамех лаьцна аьлча харц хир дац, нагахь нохчашна и хийцамеш, масала, Iедал мал даларца а, махкахь нийсо хIотторца а, дешан маршо хIоттарца а, шена хетарг маьрша дIаала йиш йолуш хьал хIоттарца боьзна хила лаьа аьлча.

Амма иза дукха гена гIуллакх ду аьлла хета Кавказерчу къаьмнийн Ассоциацин президентана, политикан тергамхочунна Кутаев Русланна. Цхьана а кепара дикачу агIор хицамаш хир бац, ткъа вон дерг дерриг а Оьрсийчоьнан Iедалш Къилбаседа Кавказехь, ша аьлча Нохчийчохь, дина даьлла бохуш дуьйцу цо.

Кутаев Руслан: "Ахьа оцу хьолана анализ йича гуш ду. Кху Кавказехь, Къилбаседа Кавказехь и Путин веачхьана, оцу Путина, цуьнан гоно кхузахь ца деш дитина хIумма а дац. Цхьаболчара дуьйцу, дуьненера лидерш Олимпиаде ца бахкарна кхоьруш, цунна бойкот ярна кхоьруш цхьацца таIзарш ца деш Iаш бу уьш, хIинца иза чекхяьлча кхин а таIзарш дийр ду цара бохуш. Цара дан а ца деш дисина таIзар дан а дац кхузахь. Цара кхин цул а сов даьккхина хIун дийр ду? Иза хууш дац".

ДIоггара хийцамаш хир бу аьлла билгалонаш яц Къилбаседа Кавказехь аьлла хеташ ву нохчийн историн Iилманча а, политикан говзанча а волу Вачагаев Майрбек а.

Вачгаев Майрбек: "Суна хетарехь, кхин тIех даьлла хийцамаш хир болуш, хьажахь, хIинццалц хIара далуш доллушехь ца дина-кх бохуш, цхьа хIума хир ду аьлла ца хета суна. ХIунда атьлча, и пачхьалкх муха ю аьлча, дерриг а лелош верг цхьа стаг ву. Оцу стеган, Олимпиаде а ца хьежош, хьал хийца йиш йолуш ду. Ша бохург дан йиш йолуш а ву иза. Иза цо дахь, иза хIунда дина аьлла, цуьнга хоттур долуш да вац цу пачхьалкхехь".

Кадыров Рамзанан кхолламехь а хийцамаш хила мега бохуш, хаамаш баьржира дукха хан йоцуш интернетехь. Масала, иза хийца мега Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь аьлла къдийнарг вара "Дождь" олучу телеканалан эфирехь вист хуьлуш вевзаш волу журналист Джемал Орхан. Амма Кутаев Русланна хетарехь иза цхьа а бух болуш дац. Кадыров Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь вуьсур ву бохуш дуьйцу цо.

Кутаев Руслан: "Оцу Фсб-н белххоша йина хилла и "вброс", Кадыров дIавоккхур ву аьлла... Суна иза а бух болуш ца хета. Оьрсийчоьнан полтикана цкъа а тIаьхьа кхууьр вацахь а. Оьрсийчоьнан политикехь а бен, кхара бен хIара хир мега аьлла доцуш хIуманаш кхара бен деш а дац. Кхара мила ву а ца хууш волу стаг балха схьа а вала во.

Цхьа а бахьана а адоцуш иза дIа а воккху. Бахьана а доцуш чу а вуллу. Доца доцу рицкъ дIа а ло, и рицкъ схьа а доккху. Амма суна ца моьтту Кадыров дIавоккхур ву, я Кадыров хуьйцур ву. Иза суна дош ца хета, хIунда аьлча Оьрсийоьнан политика Кавказера къаьмнаш шен куьйгакъеллахь, охьатаIийна латто Iалашо йолуш ю. И болх Кадыровс дика бо".

Вачагаев Майрбек а ца теша Кадыров Рамзан хуьйцур ву бохучух. Нагахь, иза кхечу дарже а ваьккхина Нохчийчохь цхьа хIума гал далахь, юха а цига алсам ницкъ хьажо а дезар ду, дуккха а харжаш а ян а дезар ду бохуш дуьйцу цо.

Вачгаев Майрбек: «Цу тIехь хийцам хир бу аьлла ца хета суна, хIунда аьлча, хьалхе дуьйна цо (Путина) къаста а вина цига иза оцу Путина дIахIоттийна хилча, цигахь хийцам хилча, цигахь гIуллакх галдалахь а, юха нисдан алсам ницкъ а безар бу, алсам харж а езар ю, алсам юха а хан а езар ю. Цундела цара цхьа а хIума цигахь хуьйцур ду аьлла ца хета суна. Тахана цигара сурт дIахIоьттина даьлла лаьтташ хаьл ду аьлла лаьтташ ду. И хьал дохо луур дац царна".

Хьалха Къилбаседа Кавказера шайн политика дIахьош Оьрсийчоьнан Iедалша юьхьарлаьцнарг яра Нохчийчоь. Цуьнан жамI вайна гина ду – кIиза ши тIом а, йохийна, шен орамех хадийна нохчийн юкъаралла а, да воккхавуьр воцу кхане а. Тахана Оьрсийчоьнан куьйгалхоша чоьхьарчу мостагIан метта хIоттийна ю Дагестан аьлла хета политикан говзанчана Кутаев Русланна.

Кутаев Руслан: "Оьрсийчоьнна коьртехь болчу нехан хьал муха ду аьлча, гIазакхий меттах бовлахь, уьш балхара дIа а баьхна, буьтур болуш бац. Iедал карчахь цаьргара рицкъ схьадоккхур ду, уьш бойур бу. Царна тIехь сийсазалла а лелош, керчира долуш ду и хьал.

Цундела, хIара Нохчийчоь кху 20 шарахь лелийра цара, вайх цхьа ха деш йолу лаборатори а йина. ХIинца даиман а, Нохчийчоь лелийна девр дац вай аьлла, оцу Дагестане диллина ду иза. Иза латтош ю Оьрсийчохь гIоьртина хьал хIоьттича, цунах пайда эца".

Сочехь Олипиада вовшахтухуш а, хIинца иза йолаелча а дуьйцуш а, хьехош а ду цигарчу кхерамазалла латторах лаьцна хаттар. Нагахь цхьана ницкъаша шайн Iалашонашка кхача дагахь цхьа вониг дина, нах лазийна, я байина зулам дахь, иза юха а бале дера ду вуьшта а бала хьогучу нохчашна аьлла хета Вачагаев Майрбекана. Иза уггаре а нохчашна оьшуш доцург ду бохуш дуьйцу цо.

Вачгаев Майрбек: "Дала ларвойла цигахь цхьаъ хуьлучух. ХIунда аьлча, цкъа делахь цигахь кху дуьнентIера дукха нах бу, пресса а ю. Цигахь цхьа хIума хилахь гIазакхашна дуьхьал динера, Путинна хIуьттаренна динера аьлла дIадоьрзур долуш дац.

Кху дуьнентIехь вуно во цIе яхар а бен кхин цунах хир долуш хIума дац. Иза кхечу къомах наха дича а вайн коча догIур долуш ду иза. Оцу (Умаров) Доккас шена тIеэцар бахьана долуш, иза нохчаша тIеоьцуш ду.

Кху тIаьхьарчу масийтта шарахь хьажча, лелхийтарш динарш нохчий бац, кхечу къаьмнех нах бу. Царна юкъахь гIазакхи а ву, суьйли а ву, кхечу къомах верг а ву, амма хьехош берш нохчий бу. Иза нохчашна тIетосуш ду. Доккас хIара бохура, важа бохура олу.

Вай, цо баьхча а ца баьхча а, цо тIеэцча а, ца эцча а цо иза деш доций хьера ваьллачунна а хууш ду. Амма цхьаммо цхьа зулам дича, ша дина олий, гIуллакх а доцуш, цо шена тIеоьцу иза. ТIаккха иза вайн кIоманна тIедужу. ЦIахь болчерна а дужу, арабевлла лелачерна а дужу".
XS
SM
MD
LG