ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

15 шо кхаьчна Путинах президент хилла


Оьрсийчоь -- Гуьмсехь къамел деш ву Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, 20ГIур2011
Оьрсийчоь -- Гуьмсехь къамел деш ву Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, 20ГIур2011

Путин Владимиран нохчашца юкъаметтигаш дика елахь а, иза гена дера долуш гергарло дац аьлла хета меттигерчу бахархошна.

1999-гIа шо чекхдолуш тIаьххьарчу дийнахь хIета Оьрсийчоьнан президент хиллачу Ельцин Бориса Керла шо тIекхачарна бахархой декъал беш, дIахьедар дира ша дIавоьду аьлла. Шен метта цуо витира йоккхачу политике веана дукха хан йоцу дукхачу нахана вевзаш воцу Путин Владимир. Иза КГБ-ра схьаваьлла хилар бен кхин хIума хууш дацара цунах.

ТIедеанчу 2000 шарахь хиллачу президентан харжамашкахь 11 кандидат вара. Зазадоккху-беттан 26 дийнахь кхаж тесча харжамхойх 53 процент цуьнгхьа вара. 93 процент вара Нохчийчохь кхаж таса веана аьлла дара харжамийн каппашка даржийна терахь.

XS
SM
MD
LG