ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIазкхий телхина тIаьхьарчу 20-30 шерашкахь. Нохчий Шемарчу тIамехь


Shutterstock - Карма, шалхонаш - гайтаман маьIнехь сурт
Shutterstock - Карма, шалхонаш - гайтаман маьIнехь сурт

1. Карарчу хенахь Оьрсийчохь беха бахархой дуккха а хийцабелла, 20-30 шераш хьалха хиллачул а. И аьлла дIахьедар дина хьастагIа Оьрсийчоьнан Iилман Академин психологин институтан Iилманчаша. ХIинцалерчу Оьрсийчуьра бахархой кхузза оьгIазе а, девне а, эхь доцуш а бу. 2. ХIун лоьху нохчийн кегийрахоша Шемарчу тIамехь?


Карарчу хенахь Оьрсийчохь беха бахархой дуккха а хийцабелла, 20-30 шераш хьалха хиллачул а. И аьлла дIахьедар дина хьастагIа, 1981-чу шарахь дуьйна 2011-гIа шераш кхаччалц Оьрсийчура юкъарчу вахархочуьн куц-кеп теллинчу Оьрсийчоьнан Iилман Академин психологин институтан Iилманчаша. ХIинцалерчу Оьрсийчуьра бахархой кхузза оьгIазе а, девне а, эхь доцуш а бу боху цара.

Цуьнан бахьана, чIогIа ледара гиллакх-оьздангалла хилар а, Iедалша лелочунна реза ца хилар а хета Iилманчашна.
Советан заманахь дуьйна адаман синIаткъаманна хуьлу билгалонаш толлуш ву Iилманча Китаев_Смык Леонид. Цунна хетарехь, Советан заманахь Iедалех кхоьруш, леш бохкуш бара нах. Ларамаза аьлла дош бахьанехь, Сибрехарчу набахте хьажон тарлора еххачу ханна. Ткъа хIинца а кхерам бац, цундела эвхьаза даьлла хетало адам, бохуш дийцира цо шен маршо радиоца телефонехула хиллачу къамелехь.

Китаев-Смык: Къамел доцуш, Оьрсийчохь беха нах хийцабелла тIаьхьарчу 20-30 шарахь. Советан Iедалехь хиллачух тера бац уьш. Уьш хийцабаларан коьрта бахьана маьршо ю. Советан заманахь хиллачу КГБех болу кхерам дIабаларца йоьзна маьршо ю иза. ХIетахь массо хIума ладугIуш яра - хIинца а ю уьш я-м - оцу делан сохьта луьра таIзар дора ларамаза аьллачунна. ХIинца иштаниг дац.

ХIинца тIекхуьуш чкъор ду и кхерам ца бевзаш долу. Сайх лаьцна-м ишта ала йиш яц сан. Со шина агIора хьожу цуьнга. Цхьана агIора, суна иза дика дага догIу. Вукху агIора, гуттар а цунна доьхьало ян дог догIу сан. Коьрта бахьана ишта го суна. Пачхьалкхан репрессин чархана хьалха нехан кхерам ца хиларехь го суна, тIаьхьарчу 20-30 шарахь адам ишта хийцадалар бахьана. Тахана иза мухха хетахь а, СССР йолчу хенахь хилларг хIинца дац.

Маршо радио: Ткъа оцу Европехь ма яц репрессин чарх, тIедазделла кхераме Iедал а. Европерчу нехан собар а ду, оьгIазалла яц, нахана тIе ца чийха, аьлча, говзанчо элира, «европахой цу муьрех чекхбевлла ехха хан ю. Оьрсийчохь масех чкъор кхиа кхиа деза, Европерчу хьолана тIекхача», элира.

Китаев-Смык: ТIаьхьарчу 20-30 шарахь Оьрсийчохь нах хийцабаларан уггар коьртачех бахьана хилла, церан репрессин чархана хьалха хилла кхерам дIабалар. Советан заманахь и кхерам КГБ-ца а, партин аппаратца а боьзна бара. Хьалха оцу кхерамо цу нахехь лачкъийна хилла билгалонаш гучуевлла. Билггал цуьнца доьзна ду къаноша а, хьалхалерчу психологаша а хIинцалерчу нахехь оьгIазалла, эхь ца хетар, доза доцу эвхьазалла а, девне хилар а ю алар. Иза а ю маьршонан цхьа агIо. Цхьаъ дIадаьлча, цуьнан метта кхиниг хIоттар ду иза. Суна хетарехь. уьш вуон амалш яц. Уьш ханна йолу билгалонаш ю. Таханлерчу чкъуран амалш ю уьш, коьртачу декъана. Ткъа уьш а, хенан йохалла, оцу чкъурера нах гIеметта хIуьттучу хенахь, дIаевр йолу амалш ю. Амма цул тIаьхьа тIекхуьу чкъор Европерчу адамех дIатарделла хир ду.

Маршо радио: 1980-чу шерийн сурт а, таханлера Оьрсийчура сурт а теллича билгалдолу кхин цхьа хIума а. Оьрсийчура Iилман академин хьесапехь, оьрсий кхузза оьгIазе а, оццул шога а, цхьана а кепара нахана шайгара хила тарлучу новкъарлонна саготта а бац. Цуьнан уггар къегина билгало го царна, Оьрсийн Федерацехь адамаш дайъаран терахь. Оцу декъехь, Iамеркехь долчул а диазза лакхара ду и терахь. Иттазза лакхара ду малхбузера Европехьчул а. Уггар ирча зуламаш дийцича, царна юкъара 80% адамаш, цIеххьаша тIе оьгIазалла йоьссича дайъина ду.

Амма синIаткъаман говзанчина Китаев-Смыкана хетарехь, Советан заманахь дора юкъараллехь шортта, адамаш дойъуш зуламаш. Амма уьш гIара ца дахара.
Делахь а, тIехь лаьтташ таIзар дан кийча режим ца хиларо, куьйгаш досту юкъараллин.

Китаев-Смык: Цуо нехан цхьа эвхьазалла кхуллу эр дара аса. Дов даккха бакъо а; собар доцуш, оьгIазалла цхьанненна тIеяссон бакъо ю аьлла а хета шайн. ХIинцалера кегий нах эхь доцуш болуш санна а хета. Соьга хаьттича, Советан Iедал долуш хьалакхиинчу нахана хета ишта. ХIетахь хьалакхиинчу синIаткъаман говзанчашна и кегий нах чIогIа эхь доцуш хета. Иза стагаца йогIуш йоцу, вуон амал хета царна. Иза бакъ дац.

Бакъ дац кхин цхьа хIума а - нах собаре а, шаьш хIун леладо а хууш бац бохург. Цхьана а кепара бакъ дац иза. Майралла алсамъяларца, церан собаре хилар а ирло. Шаьш лелочунах жоп далар мелхуо а лакхарчу тIегIанна тIе долу церан. Уьш чIогIа дика кхета маца хIун мега а, муха мега а.

Кхин цхьа хIума а дара суна хьахон лууш. ЦIеххьаша лакхадаьлла боху вайн пачхьалкхехь нах байъар. Вуон ду дера и терахь Iамеркехь чул а лакхара хилар а, Европехь чул кхин а дуккха лакхара хилар а. Амма иза аьттехьа бохург дац, Советан Iедал долчу хенахь 20-30 шо хьалха нах байъар кIезиг хилла бохург. ХIетахь хьесапдар чIогIа къайладахийтина дара. Со суо а теш ву цунна. ХIунда аьлча, Советан заманахь и терахьаш сан карахула чекхдевлла ду, цундела суна и хьал вуно дика девза. И хьесап-м ур-атталла Политбюрога кхочуьйтуш а дацара. Бакъонийн органийн, лерринчу сервисийн а архивашкахь совцуш дара.

15 шарахь Iедалан лаккхарчу хьукхаматашка кхойкхуш хилла ву со хьехамча санна - СССР-н Лаккхарчу Кхеташонан Президиуман информацин декъе а кхайкхара. Суна дагадогIу, инзаре доккха нах байъаран терахьаш дийцаре дар. Цкъа а зорбане даьхна а дацара уьш. Пачхьалкхана урхалла дечу нахе а ца лора уьш-м, уьш холчу ца хIиттон. ХIунда аьлча, цара бакъонийн органашка жоп доьхур ма дара, "хIара хIун болх бу аша беш берг?", аьлла. Бакъонийн органашна лаа ма ца лаара, шайга хийцамаш балур боцу хIума гIарадаккха.

Маршо радио: Иштта, Оьрсийчура Iилман академин хьесапехь, Оьрсийчура доьзалшкахь кIезиг ду гIиллакх-оьздангалла. ХIора биалгIачу доьзалехь ницкъ беш Iедал ду. Китаев-Смык Леонидана хетарехь, Оьрсийчура юкъаралла йоькъуш шуьйра социала-экономикан харш хилар ду, цуьнан бахьанех цхьаъ.

Китаев-Смык: Нах социала-экономикан бекъна болун дера хилла ца Iа нехан оьгIазалла а, эвхьазалла а гIовттош дерг. Тамашийна делахь а, тIаьхьарчу хенахь бен ца буьйлабелла хаамийн гIирсаш, вайн Iедалан тIегIанашкара нах, цу Iедалан декхаршца богIуш ца хилар. Масала, оьрсийн пачхьалкхан ДУМехь болу нах бахархоша хаьржина бац, уьш цхьа къайлахчу, шеконан партийн цIезонашца кхаьчна бу Iедалан хьукхмате. Цул сов - иза хаамийн гIирсаша лачкъа ца до - церан лелар а ду цхьа тамашийна. Цхьа бух боцу, Iовдала низамаш тIеоьцу цара. Цхьа бехкамаш юкъабоху цара. Уьш кхочуш муххале ца дало, царах кхета а ца ло. Цуо а, соьга хаьттича, дукхах болчу Оьрсийчура юкъара шераш долчу бахархошна а, кегийрахошна а тIеIаткъам бо.

Маршо радио: Кхин цхьа бахьана ду, Оьрсийчура юкъараллехь оьгIазалла кхиарна. Iедале богIучу нахах доьзна ду иза, элира синIаткъаман говзанчо.

Китаев-Смык: Миграцин проблема. Хьалхалера Москохан мэр Лужков волчу хенахь, цо питанаш леладора царна дуьхьала. Суна чIогIа эхь хетара урамехула воьдуш я метро чохь - суна хетта ца Iара, дуккха а наха хетара эхь - славянхойн тайпа воцу стаг саца а вой, тIех ца волуьйтуш, цхьа а ларам боцуш, цуьнан дегIах хьовсуш гича. Берашца боьлхучу нахана а, церан берашна а гора, славянах боцу нах сецош, документаш доьхуш, талламаш беш а. ТIаккха жимчу берана хетар ду дера, и стаг цхьа вуон стаг волчух тера ду аьлла. И бераш ду даккхий хилла, церан хIинца 30 а, кхин сов а шераш ду. Церан бIаьргашна хьалха лаьттина сурт ма ду иза тIаьхьарчу шерашкахь. Царах доьлла хIума ду иза. Церан дуьнене болчу хьажамах дIаяккхалур йоцу амал хилла цунах.

Маршо радио: ТIаьхьарачу 30-тех шарахь Оьрсийчура юкъарчу вахархочуьн куц-кеп теллинчу Оьрсийчура Iилман Академин говзанчаша динчу жамIаца, Оьрсийчура вахархо, эвхьаза мотт ца бийцича мегаш вац. Иза а ду, доьзалера гIиллакх-оьздангалла лахара хиларца доьзна. Кхузахь билгалдаккха деза, эвхьаза мотт бийцар - гIазакхийн къомаха болчу нехан – воккхачуьн, жимачуьн, хьаькаман, белхахочуьн а - билгало хилар. Кавказхошна и мотт хезча, шайн сий дойъуш хетарх, гIазакхий мелхуо а ишта маттах дикахуо кхета, шайн сий дойъуш а ца хета царна.

Китаев-Смык Леонида боккха болх бина оцу хьокъехь. Зорбане баьлхна белхаш а бу цуьнан. Маршо радиога гIазакхаша а, кхечара а эвхьаза мотт лелабаран бахьана дуьйцуш, цо элира.

Китаев-Смык: Доцца алалур ду. Эвхьаза мотт бийцар - стеган ледараллица доьзна ду. Масала, тIом бечу нехан дог ойъуш - со Нохчийчура тIемашкахь дукха хилла ву – гIазакхийн салтийн дог ойъуш, майралле кхойкхуш лелош берг боьха мотт бара, эвхьаза мотт. 50-60 шо хьалха а Дуьненан ШолгIа ТIеман ветеранашца дукха цхьанакхетарш хилла сан. Цара соьга гуттар дийцара, цхьа а "За Родину!", "За Сталина!" боху кхайкхамаш цкъа а аьттехьа тIама тIехь ца хилла, бохуш. Беккъа и боьха мотт хилла. Билггал цу эвхьазчу матто алсамъйоккху, тамашийна делахь а, боршачу нехан майралла а, эвсаралла а. Ткъа хIинца и эвхьаза мотт бийцар (гIазакхийн) Iедалан структурашкахь а даьржина.

Маршо радио: Оцу массо а бахьанашна тIе кхета, кхин цхьаъ, чIогIа маьIне бахьана – Оьрсийчура дешаран система. Экспертийн хьесапехь. Цо дуьнене марзо кхолларна метта хьагI кхуллу. Масала, керлачу историн жайнашкахь дукха дуьйцу вуочу хIуманах лаьцна. Дика хIума чIогIа кIезга ду боху Iилманчаша. Цара масаллина ялайо цхьа жимма шайн истори хазъйина юьйцу Iамерка. И бахьанехь Iамеркахойн шайн пачхьалкхах а, шайн къомах а дозалла дан бахьана ду, боух цара.
Ткъа Оьрсийчохь, гуш ма-хиллара, вуониг урамашкахь, телевизионехь, шортта ду. Цхьана тидам а бина ма-аллара, «чуьра ара ца волуш, оьрсийн хьалхарчу канале хьаьжча, эхI, массо ма дикаа ду-кх» аьлла хоьтуьйту. Ткъа НТВ канале хьаьжча, «ванах, со оцу арара дийна чу а муха кхаьчна те» аьлла хотуьйту.

Нохчий Шемарчу тIамехь

Шеман президентана Асад Башарана а, Шемара оппозицина а юкъахь боьду тIом шемахойн хилла ца Iа. ГIазот даккха доьлху шаьш аьлла, цига бахана Нохчийчура, Европера нохчий а, Оьрсийчура бусулба динера кегий нах а. Шайна, шемахошна хетарехь, тайп-тайпана идеологица арара чуоьхучу тIеманхоша чолхе доккху, ишта а гена даьлла хьал.

Нохчийн тIемалоша Шемахь тIом беш хиларх лаьцна а алссам дийца долийна тIаьхьарчу хенахь. Чехера университетхь бизнес Iамо веанчу Шемарчу жимастага Хьадиса дуьйцу.

Хьадис: "Суна хаьа цунах лаьцна, амма суна сайна цкъа а дуьхьал кхетта вац цхьа а нохчо. Аса дешна цунах лаьцна, хаза а хезна суна (телевизионехула). Асадан Iедало оппозицехь мел верг бехке во, церан Ал-Кхайдица уьйраш ю бохуш. Оппозици - исламан экстремисташ санна гойту цара. Ма-дарра аьлча, цара нах кхерабо (иза а дуьйцуш)"

Цхьацболчу хаамашца, интернетехь Шемарчу гIазоте кхойкху бусулба нах. Коьртачу декъана, цунна жоп ло, Нохчийчура а, Гуьржийчура пIаьнгаза чIожера а, дай-наноша тIамах бовдийна, Европе балийначу а нохчийн кегий наха.

Шишани Мурад Лондонехь туп тоьхначу BBC телевизионан, радионан компанин белхахо ву. Иза дукха хан йоццуш ПIаьнгаза чIоже вахана веана ву. Нохчий, оцу декъехь ПIаьнгаза чIожера а Шемарчу тIаме эхарх лаьцна хьал талла вахана вара иза.

ПIаьнгаза чIожехь беха нохчий чIогIа гIийла бохкуш бу. Церан латта а вуо ду – я даьхни лелон а, юртбахам лелон а цхьа аьтто болуш дац. Дукхах болу нах пенсех бехаш бу. Цхьаберш Гуьржийчоьнан коьртачу Тбилиси гIала боьлху белхаш бан, элира Шишани Мурада. Нохчий бехачу ПIаьнгаза чIожехь чIогIа чIагIбелла салафийн Iаткъам, бохуш дийцира цо.

Шишани Мурад: Салафий олу нах (вахьабхой олу царах) мажош йолу кегий нах, уьш алссам бара цигахь.
Юкъаметтигаш юхур юй те нохчий салафий а, суфий а бекъабелча, аьлла шайга аса хаьттича, дукхах болчара жоп делира: "хIан-хIа, юхур яц. Гергарлонаш чIогIа ду юкъахь."

Маршо радио: Суфийн идеологина тIера дIа а бевлла, салафийн идеологи гIоли хетаран хIун бахьанаш далийра хьуна ПIаьнгазера нохчаша?

Шишани Мурад: Соьга цунах лаьцна ца дийцира цара. И къовсам дукха хенахь дуьйна дIахьош ма бу Iаьрбийн махкашкахь а. Суна хетаделларг цигахь (ПIаьнгаза чIожехь) шайн юкъаметтиг ца йохон гIерташ бу.

Маршо радио: Билггал Шемарчу тIаме бахаран хIун бахьана ду цигарчу нохчийн

Шишани Мурад: Цуьнан буха ца кхечира со. Аса хаттарш дича, цара элира, "дешара арабевлла хилла кегий нах буй Iаьрбийн махкашка, Мисара, Шема, юха цIа баьхкича цара юкъадаьккхина иза" аьлла. Шаьш деша баханчехь карийна ойланашца бахана бу бохура уьш.

Маршо радио: Шемахь йоккха нохчийн тIемалойн тоба ю боху тIом беш. Гуьржийчура а бу боху шортта.

Шишани Мурад: Бакъ ду иза. Цхьаболчара Панкисера I00 сов стаг хир ву бахара цига тIом бахана. Кхечара кхин а кIезга бу бахара. Церан куьйгалхо Шишани Iумар Гуьржийчура вахана ву. гуьржаша чувоьллина хилла иза 20I0-чу шарахь. Цул тIаьхьа иза Шема вахана. Цигара тIемалоша вовза вевзина, шайн куьйгалхо хIоттийна ву. И воцург кхин а ву вайн Сейфулла бохуш. Амир Муслим ву хьалхарчу (Нохчийчура) хилла ву.

Аса хаьттира цаьрга, "Шема хIунда бахана уьш тIом бан? Къилбаседа Кавказехь ма бу беш тIом? Цига хIунда ца бахана уьш?" Цара соьга элира, "церан метта шайга жоп далалур дац, амма, шайна хетарехь гIазакхаша шайн Гуьржийчоьнца долу доза вуно чIогIа дIакъевлина, минаш йоьхкина. Ткъа Шема Туркойчуьра кхачало. Цига дIа-схьа лелаш машенаш ю", бахара. «Вай цIера бу бохура. ПIаьнгазара бахана бу бохура. Интернета чохь Шемара нах хьийзош гина, цунна доьхьало ян бахана бу», бахара.

Маршо радио: Шемахь цара къуьйсург хIун ду?

Шишани Мурад: Цара шайна хетарехь, джихIаде бахана бу уьш. Церан аьтто бац боцу (Нохчийчура) ломахь болчарех дIакхета.

Маршо радио: ХIун бахьана ду, билггал нохчийн кегийрахой оццул цу тIама тIе баха хьаьгна хиларна?
Нохчийчохь оьрсийн ницкъаш латтийначу къизалло бина тIеIаткъам? ХIинца а оьрсийн Iедалша лелон харцо? Я, генара тIом - романтика ю? Цигахь тIемаш бан Iемина, юха, Нохчийчохь юха а Iедал карчон Iалашо ю? Я говза пропагандо кортош схьаоьцу?
Шайна, шемахошна хIун хета, шайн махка тIемаш бан оьхучу нохчех а, кхечарах а лаьцна?

Хьадис: "Нохчийн а, кхинболчу а, тIом бан оьхучу тIемалошка аса хIун эр дара аьлча, хIинцале долчул тIе а чолхе доккху цара Шемара хьал. Уьш массо а тайп-тайпана идеологи, тайп-тайпана хьашташ хьалха даьхна леташ бу. Иза церан тIом бац. И дара сан ала Шемарчу девнехь дакъа лаца баьхкинчу нохчашка а, арахьара тIебаьхкинчу кхечу тIеманхошка а."
XS
SM
MD
LG