ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кхелхинчу шиннан тезет ду Ломаз-Юьртахь


Iамеркарчу журналисташа тоьшалла до кху суьрта тIера тIемалой нохчий бу, бохуш. Юккъехь хиина Iачу муджахIидан Абу-Iумар-ал Шишани цIе ю, цара тоьшалла дарехь. (The Long War Journal тIера)
Iамеркарчу журналисташа тоьшалла до кху суьрта тIера тIемалой нохчий бу, бохуш. Юккъехь хиина Iачу муджахIидан Абу-Iумар-ал Шишани цIе ю, цара тоьшалла дарехь. (The Long War Journal тIера)

Теркйистерчу Ломаз-Юьртахь шатайпа ши тезет ду тахана лаьтташ, дΙадохка декъий доцу тезеташ. ТΙехьа-Мартанарчу стага хаийтина боху Ломаз-Юьртарчу ВатаевгΙеранний, ЕлхоевгΙеранний ши кΙант Шемахь кхелхина, аьлла. Тезетан дайша цхьаъ дуьйцу, амма цигахь лаьттачеран шеко яц кегий нах Ιаьрба гΙаттамхойн могΙаршкахь лелла хиларх.



Теркйист-кIоштан Ломаз -юьртара велла шиъ ткъе иттара а бовланза кегий нах бу: Ялхоев а, Ватаев а. Юьртахоша дечу мукIарлонца, дикка хан хилла уьш Европехь дахар а нисдина, вехаш болу.Ишта цара тоьшалла до билггал шайн ши кIант валаран хьокъехь,къастам боллуш,хаам кхаьччий бен цIерачара тезет хIоттийна дац бохуш.

Ши кIант Шемахь велла хиларан, лач делахь а, тоьшалла лору ломазюьртахоша церан декъий цIа кхачийна цахилар. Хууш ма-хиллара вайнаха шайн веллачу стеган дакъа, цунах йисинарш даьIахкаш бен яцахь а, мел генахь и хиларх, цIа кхачош ду, ур-атталла Малхбалера а.

ЯлхоевгIар а, я ВатаевгIар а лууш бац уьш баларх дийца. Цара шайн доьзалхой некъахьовзамехь белла а хуьлийта, сагIийна вовшахтоьхна, гуминатаран юург эцца машенахь боьлхуш, Шеман дозанехь белла а хуьлийта, мина а иккхина. Ткъа могIарерчу наха кхин дуьйцу.

Ломаз-юьртара вахархо: «Юьртахоша дийцарехь, и шиъ тIамтIехь велла Шемахь. Къаьсттина уьш гIазотехь белла хилийтаран агIончаш кегийрхой бу. Иза бакъхила герга а ду. Стенна аьлча, церан баларх хаттар дича, цIерачарна а деза ца ло. Соьга хаьттича хьашдоцург ду-кх. Бохам баьккхи цара шайн гергарчарна. Дахар нисдан шаьш Европе дIадахана хилча, и совнаха хIуманаш а ца лелош, шайн а, шайн берийн а дахар тодан хьовса безар-кха. Суна и аьлла хета. ГIазотехь бала меттиг йоцуш бахна бу уьш, я и гIазот даккха бахна бу?..»

Нохчийчоьнан урхаллехь долчу Iедало магош дацахь а, тахана махкахь кIезиг кегийрхой бац, мичча маьIIехь, Iаьрбийн пачхьалкхащкаххьа-м муххале а, тIамтIе а бахана балар,гIазот лоруш берш. ХIинцца къиина богIу кегийрхой бу и санна ойла кхобурш, ткъа баккхийчара иза церан леррина «галбаьккхинчу кхетамца а, дахаре болчу харц хьажамца а" дузу. Иштачех ву Ломаз-юьртара ТIахир а.

ТIахIир: «Хьажахь, кху агIор берш а, шаьш толийта бохуш, Деле доьхуш бу, вуьйш а иштта доьхуш бу, шаьш толаме кхачаре сатуьйсуш… Шина а агIор хIаллакъхуьлурш бусалбан нах бу. Церан хьенан, муьлхачун доIана жоп дала деза Дала? И хьанна хаьа. Уьш а, вуьйш а, леш берш, гIазотехь хуьлийла дуй?..»

Эшам хиллачу юьртахошна новкъадагIахь а бохуш, шен цIе йоккхийла ца лииначу ломазюьртахочо дийцарехь, кху цIахь ца нисделла дахар нисдан Европе шаьш дIадахана хилча, цигахь тIедоха а, даа-мала а, ца оьшуьйтуш, Iедалша тидам-терго еш а хилча, ца догIу харц хIуманаш леладар.

Баккхийчара тидарехь, вайнехан иэс-амалца а догIуш дац, нехан диканах пайда а эцна, хьайна чусадеъча, хьо санна болчарна юкъахь нийсо-бакъо хIотто аравалар.
XS
SM
MD
LG