ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн футболхойн хьакъ долу толам


Бразили -- Немцойн футболхоша толам баьккхина Бразилехь хиллачу дуьненан чемпионатехь. Рио-де-Жанейро, Маракана стадион, Товб 13, 2014
Бразили -- Немцойн футболхоша толам баьккхина Бразилехь хиллачу дуьненан чемпионатехь. Рио-де-Жанейро, Маракана стадион, Товб 13, 2014

Дуьненан футболан чемпионатехь тIаьхьарчу дейтта шарахь дуьххьара чемпионан цIе юхаерзийна шена Германин футболхойн тобано.

ХIара аьзнаш КIирандийнахь Венерчу гIалин юккъехь, Дунай хи йистехь дIаяздина ду. Дуьненан футбол чемпионатан тIаьхьарчу ловзаре арахь дIахIиттийначу масех метар даккхийчу экранашна тIехь хьовса гулбеллера бIеннаш футболйезархой. Царех доккхах долу дакъа, кхеташ ма-хиллара, луларчу Германин тобанехь узуш берш бара.

Чемпионат йолаелча дуьйна схьа толам баккха там болчу фаворитех лоруш яра немцойн къоман тоба. Бакъду, кху чемпионатехь дукха тамашаш хилира, массо а цецвоккхуш, дукхахберш догмовла бохуш, хийланарш белхош болу. Иза дIайолалучу муьрехь тергамхоша а, цIеяхначу спортан аналисташ а, могIарерчу футболйезархоша а дина хила долу шайхаллаш доха а деш. Сатийсамаш а, хетарш а, хаарш а, хир ду аьлла моьттинарш а дохочех яра и чемпионат. Сенсацех йоьттина.

Уггаре а хьалха хьахон йогIу кху турнирехь хIиттийна йолу дуьненан рекордаш. Царех даиманна а футболан исторехь а, миллионаш футболйезархойн дагалецамашкахь а юьсур йолчех ю Бразилица, цу футбол цIийх, тIамарх а йоьллачу къоман тобанца ловзарехь Германино хIусамдайшна бина эхье эшам – 7:1 жамIица.

Цкъа а дуьненан футболан чемпионаташ йолийча дуьйна схьа хилла дацара и тайпа дукха голаш еттар хIинцалца схьа. Хьал кхин а къахьдеш дерг дара бразилхой шай цIахь ловзуш хилла хилар, уьш чемпионаш хила сахьт доцучу фаворитех ларалуш хилла хилар ца хьехийча а.

Кхин цхьа рекорд а яра немцойн а, бразилхойн а тобанашца йоьзна. Оццу Бразилхошца ловзарехь немцойн уггаре а къеначех футболхочуо Клозе Мирослава дуккхаъчу шерашкахь цхьанге а ца йохаелла хилла цIеяхханчу бразилхочун Роналдон рекорд йохийра. Нагахь санна Роналдо дуьненан чемпионаташкахь I5 гол тохарца гIарваьлла хиллехь, 36 шо долчу Клозес ялхийтталгIа гол туьйхира.

Ткъа чемпионатан тIаьххьара ловзар – аргентинхойн, немцойн тобанашлахь хилларг – шеко а йоцуш, цу къовсаман лакхе а, футбол ловзаран исбаьхьаллин масала а хилла дIахIоьттира. Хьалхарчу минотера дIа тIаьххьара кхелахочуо шок туху мIаьргоне кхаччалца шайгахь мел болу ницкъ дIа луш, къар ца луш, хаза левзира ший а тоба, бохуш дуьйцу, кху тIаьхьарчу шовзкъа шарахь немцойн футболйезархо а, йовзархо а волчу, ша а тайп-тайпанчу Нохчийчуьрчу футболан тобанашкахь левзина а, ишколехь спортан хьехархо хилла а волчу Тарамов Адама. Чемпионат йолаелча дуьйна схьа коьрта ловзарш Берлинерчу Бранденбургийн кевнашна хьалха кечйинчу Public-Viewing-ехь тергал деш вара иза.

Тарамов Адам: „Кхечу агIор хуьлийла а дацара. Ловзуш ерг ший а дика ши тоба яра. Финале гIийла командаш кхочуш а яц. Делахь а, немцойн команда алсамох барт вовшашлахь болуш а, вовшашца зIе дика йолуш а хиларна уьш туьйлира.

Спортехь ма-аллара, ондох верг тулуш хуьлу. Немцошна чIогIа жоьпалле ловзар дара селхана хилларг. ХIунда аьлча, дуьненан чемпионат схьаяккха Iалашо цара шайна хьалха хIоттийна йолу дикка хан яра. Цига ца кхачалуш цара дуккхаъ къа а хьийгира. Делахь а, хIинца церан вовшах кхетта йолу тоба дика хиларна, церан тренер, коьрта баьчча говза хиларна а, баьккхина цара и толам.

Церан уггаре а коьртаниг хIун дара аьлча, царах хIораммо а, ша мел дика футболхо велахь а, мел гIарваьлла велахь а, и буьрк шена ловзо а ца гIерташ, гол ша -ша тоха ца гIерташ, вовшашка дика пас а луш, буьрк дIай-схьай а хьовзош, левзира уьш. И амал чIогIа дика хийтира суна церан“.

Немцойн, аргентинхойн финалан ловзаран уггаре а хаза мIаьргонаш муьлханарш яра бохучунах лаьцна иштта дуьйцу Тарамов Адама.

Тарамов Адама: „Футболех уггаре а хаза мIаьрго гол тохар ю. Немцойн тобанехь хийцам а бина юккъеваьллачу футболхочу гол тохар дара уггаре а хазниг. Цкъа делахь, цуо гойту церан тренеран дика стратеги хилар, цунна шен ловзархой дика бовзар а, ловзаран хIора а мIаьрго цуо сема тергалйеш хилар а. Цуьнан бIаьрг массанхьа а кхочуш хиларан билгало ю иза.

Дуьненна а вевзаш волу Клозе, иза гIелвеллийла гича, ара а ваьккхина, цунна метта къона футболхо юккъе ваьккхира цуо. Ткъа цуо юккъе ваьккхинчо гол туьйхира, шена тIедиллина долу декхар кхочуш а деш. Иза чIогIа хаза момент яра.

Иштта аргентихоша а туьйхира цхьа гол. Амма иза лара ца лерира церан, футболан низам дохош нисъелла аьлла, оффсайдера иза кхетарна. ХIетте а хаза ловза а йина, хаза тоьхна гол яра цераниг а“.

Сенсацеш а, беламе а, белхаме а мIаьргонаш а кIеззиг яцара цу турнирехь. Уггаре а коьртачех ерг сенсаци – цхьаммо а башха мехала дуьхьалонча ца лоруш хилла йолу Коста-Рикин тоба финалан деалгIачу декъе кхачар.

Ала дашна иштта йоккха сенсаци яра хIинцалца схьа дуьненан а, Европин а чемпион хилла йолу Испанин тоба а шен Иньестоцани, уггаре а тоьллачех ларалуш йолу Португали шен Роналдоцаний, италхой а шайн Балотеллицани, ингалсхой а шайн Руницани – уьш берриш а чемпионатан деалгIачу декъе хьовха, хьалхарчу, плей-офф гуонера хьала ца бовлабелира„.

Сенсаци яра иштта Алжиран къоман тобан ловзарш а. Кху чемпионатехь немцошна уггаре а чIогIа ницкъ бинарш аржирхой бара аьлча харц хира дацара. Цу ловзаран коьртачу хенахь шайна цхьа гол ца тохийтира цара оццул нуьцкъалчу Германин тобане, ткъа кхин а ах сахьт хан тIетоьхначул тIаьхьа 2:1 жамIийца бен толам дIа ца белира.

Уггаре а тамашийнарг амма - алжирхойн цу дийнахь, шаьш немцошца ловзучу хенахь багахь мархаш хиллера. Хьалхара тайм дIа аьлла, 15 минотан садоIа бахча, хи маларца а, яй хIума кхалларца а марха а даьстина, юха юккъебевллера уьш.

Ткъа шаьшна цу чемпионатехь дакъалацарна елла йолу премеш алжирхоша шаьшна схьа а ца оьцуш, Газерчу баланаш ловчу бусулба нахана сагIийна хьажийнера. „Тхуна чул а дукхох царна оьшу и ахча“ - аьллера цу тобан ловзархочо Слимани Ислама журналисташка цу хьокъехь.

XS
SM
MD
LG