ГУЛАГан уггар яккхийчех хиллачу лагеран администрацин центр хиллачу Долинка поселкера, политикан репрессешкахь байинчеран сий деш йиначу музейхь цхьа ша-тайпа экскурси дIаяьхьира буьйсанна. Цига баьхкинчеран таро хилира, Карагандинский кIоштара Карлагехь чубоьхкинчарна тIехь латтийна хиллачу къизаллашка хьажа. 19Сти2013
Карлаг
1
Къизаллаш лелоран чоь. Куьйгех ирах оьллина "Карлаган тутмакхан" меттана ву музейн белхахо. Цунна ницкъ беш верг "НКВДен" белхахо ву. Нахера иштта, шаьш ца динарг тIелоцуьйтуш, мукIарло дайтина кхузахь. "Ма вижа! Аса ма вижа аьлла хьоьга!" аьлла, "НКВДен эпсаро" мохь хьаькхча, чохь гулбеллачара шайн дегIех зуз деара элира.
2
Карлаган урхаллина хьалха оркестр ю мукъамаш локхуш. Иза ларамаза дац. НКВДен белхахоша а, тутмакхаша а дийцарехь, урхаллин гIишлонна хьалха гуттар хилара оркестр.
3
Политикан бахьанашца чубоьхкина тутмакхаш, кира лелочу вагонаш чохь дIасалелабора. Доьзалш "бежанийн вагонаш" чохь бигара. Оццу вагонаш чохь бераха зударий, бераш дакхош болу зударий, бераш, къаной а хилара. Эзарнаш чаккхармаш некъ бечу заманчохь дуккха а нах лара.
4
Музей баьхкинчарна гид ву дуьйцуш, репрессийн шерашкахь Советан пачхьалкхан маьI-маьIIера Казахстане тайп-тайпана къаьмнийн векалш балош хилла хиларх лаьцна.