ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дефолтана хьалха лаьтташ ю Греци

Гергарчу хенахь Греци дефолт кхайкхо мегаш ю. Цуьнан ахча дац европерчу кредиторашна дIадала. Банкаш къевлина ю. Грецина юхалург ахча деллачу институташа цхьамогIа билламаш бехкина Грецин Iедалшна хьалха. Царна юкъахь бахархой реза боцу реформаш а ю, масала, хиллачу пайданах луш йолу ял алсам яккхар саннарш. Нагахь Греци цунна реза хилахь кредитораш реза бу цунна кхин дIа а ахча дала. Оршот-дийнахь дуьйна Грецехь банкоматаш чура схьаэца йиш ю хIора дийнахь 60 евро кхаччал ахча.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG