ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIар а, цуьнан гергарнаш а

Бостонехь 2013-чу шарахь лелхийтарш кечдарна а, кхочушдарна а бехкевина Царнаев ЖовхIар. 2002-чу шарахь Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка нохчочо бина беха некъ кхачабо оцу вердикто.

Алссам адам хIаллакден герз лелорна а, цуьнца кхо стаг верна а, 260 сов лазорна а бехкевина Царнаев ЖовхIар. Иштта бехкево иза полисхо верна а, машен лачкъорна а. 21 шо кхаьчна волу иза вен догIу я валлалц набахтехь кхаба догIу къастор ду хIинца.

Царнаевн адвокато даредина иза бехке хиларх, амма чIагIдо, иза зулам дан араваьккхинарг цуьнан воккха ваша Тамерлан хилла, бохуш (Тамерлан вийра лелхийтарш динчу доьалгIачу дийнахь ши ваша лаца тIаьхьабевллачу полисхоша).

Хууш ду Сталинан заманахь нохчий махкахбохийначу шерашкахь дуьйна ЦарнаевгIар ГIиргIазойчохь баьхнийла. Баьхна Дагестанехь а. Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча (1999 шарахь) Кавказера дIабахна доьзал. ТIаьххьара а 2002-чу шарахь кхаьчна Цхьанатоьхначу Штаташка. ЖовхIарх 2012-чу шарахь Штаташа шен юьззина бакъо йолу вахархо вина.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG