ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинехь йоьхна тийналла


Байтлахам-гIалахь тийсадаларш дара доьлхуш оршот-дийнахь ГIаза-асанахь йоьдуш йолчу тIеман операцина реза боцчу палестинхошний, Израилан эскархошний юккъехь. Демонстранташ тIулгашший, петардашший кхуьссуш бара израилхошна тIе. Ткъа вукхара гIовгIа оьккхуьйту гранаташ йиттира палестинхойн агIора. Палестинхоша чIагIадарехь, тIаьххьарчу 7 дийнахь Израилан кеманаша кхиссинчу бомбанаша вийна 173 стаг, дукхах берш маьрша нах а болуш. ГIаза-асанара 17 эзар вахархо араваьлла шайн хIусамаш чура. Израилан агIора дараш дац. (Reuters)

XS
SM
MD
LG