ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIенчу дагца дечух хуьлу хайра


Ши шо ду Хьалха-Мартанарчу Ахмадов Минкаила а, цуьнан накъосташа а шайн гIалахь, нахера бедарш а, кхача а гулбеш, мискачу нахана дIасабоькъу. Цара кхоьллина "Хайра" фирма хаъал шоръелла хIинца. Фирмано духарца, кхачанца сагIа дарал совнаха дакъалоцу адамийн могашалла Iалашъярехь а. Махкарчу лоьрашна гIоьнна цо вовшахтуху могашболу нах шайгара цIий цомгушчарна дала а. Маршо Радио/ Чабаев Мохьмад.

XS
SM
MD
LG