ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера Славянскехь полицин дакъа лаьцна Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша


Украинан малхбалера Славянск-гIалин администрацин гIишло дIалаьцначу жигархоша цунна тIехула оьрсийн баракх оьллина. Оццу дийнахь, Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша дIалаьцна Кхерамазаллин Сервисан гIишло а, кIоштан полицин дакъа а. Милицин декъехь герз долуш ткъеха стаг ву. Цара шаьш «Донецк Республикан хьалхе лелон тоба» ю аьлла. Милицин декъехь мел хилла белхахой ара а бовлийтина, цара шайна дерзийна цу чохь хилла герз – 400 тапча а, 20 сов масатоп а.

XS
SM
MD
LG