ТIекхочийла долу линкаш

Мисси


Маьрша Европа/Маршо Радион мисси демократин Iалашонаш а, институташ а хьалхататтар а, бакъйолу информаци а, идейш а яржор ю.

Юккъерчу Европера Тийначу хIордана тIекхаччалц, Балтикан хIордана тIера Iаьржачу хIордана тIекхаччалц, Оьрсийчура дIа Юккъерчу Азера Персийн Аймина тIекхаччалц йолу пачхьалкхаш а, автократийн институташ а, адамийн бакъонаш йохаяр а, Iедалша караерзийна йолу экономикаш а, къаьмнашний, динашний юкъахь йолу гамонаш а, регионашна юкъахь йолу конфликташ а, хаамийн гIирсаш охьатеIор а, духататта гIерташ ю.

Демократин тIеххьий, маьршачу йохка-эцаран маркетан бух тIеххьий йолу паргIато дерриг а дуьненарчу машарна чIогIа маьIне хIума ду.


1. Маьрша Европа/Маршо Радионо бакъдолу керланаш а, анализ а, чоьхьара а, арахьара а гIуллакхийн дийцарш а дIакхачадо шуна. Уьш чIогIа ладаме ду демократин а, маьршачу маркетан экономикин а хийцамашна.

2. Маьрша Европа/Маршо Радионо юкъаралла чIагIъйо, демократин Iалашонаш кхочуш а еш.

3. Маьрша Европа/Маршо Радионо къийсам латтабо къаьмнийн а, динийн а хьокъехь йолчу хьагI-гамонца. Вовшех кхетар даржадо нахана юкъахь.

4. Меттигерчу хаамийн гIирсашна масал гойту Маьрша Европа/Маршо Радионо. Говзаллаш лакхаяха а, бозуш ца хила а гIо кхийдадо царна. Кхиабо, меттигерчу хаамийн гIирсашца болу цхьанаболх.

5. Регионерчу пачхьалкхашца а, демократи дIахIоьттинчу дуьненарчу пачхьалкхашца а йолу уллера уьйраш кхиайо Маьрша Европа/Маршо Радионо.

ИНФО

XS
SM
MD
LG