ТIекхочийла долу линкаш

Маьрша Европа/Маршо Радион къайленаш ларъеш йолу политика


Маьрша Европа/ Маршо Радио тешна ю, интернет лелочеран шайн къайленаш ларъян бакъо хиларх а, тIе хьожуш йоцчу интернете бовла а, интернетан навигаци лелон а.


Хьовсархошна уггар а дика интернет-сервисан кхачамбан Iалашонца оха шина тайпа информаци гулъйо тхайн хьешех лаьцна а, хьошалгIа оьхучаргара а: и-мейлехула Маьрша Европа/Радио Маршон зорбан информаце язбала луучеран электронан адрес; интернет-агIонна тIебаьхкинчеран хьесапдеш ерг а.

И-мейл адресаш:

Маьрша Европа/Радио Маршон керланийн кехаташна язвеллачуо шен и-мейл адрес ло шен лаамехь. Цхьана а кепара Маьрша Европа/Радио Маршоно и адресаш кхоалгIачу агIонна луш дац. Язбеллачеран и-мейл адресийн цIейоза керланийн кехаташ дIасахьовсош бен лелор дац. Керланийн кехаташна язбеллачеран, шайна луъучу хенахь аьтто бу, муьлхачу а кехат тIера, информацин бюллетенехь а, вебсайтана тIехь а долчу урхалле хьаьжжина, юхаязвала. Нагахь санна, язвеллачера дIаволуш проблемаш хилахь компанин белхахочуьнга и-мейл яздина я Интернет Департаментаца зIене а ваьлла, проблема къасто йиш ю web@rferl.org

Хьесапийн Терахь
Вебсайтийн дукхах болу гIирсаша санна Маьрша Европа/Радио Маршоно а вовшахтуху сайтан тIе баьхкинчеран терахьаш. И терахьаш гулдаран бахьана ду сайтан тIе маса стаг веана а, уьш муьлхачу пачхьалкхера бу а, муьлхачу агIонашка уьш хаьвсина хьесапдар а, иштта дIа кхин а. Оцу хьесапдаран процессо аьтто ца ло Маьрша Европа/Радио Маршон хьо мила ву хьажа. Вебсерверана тIетесначу компьютеран леррина номер гайтар бен. Терахьийн хьесапдеш оха лелочу программийн кхачамбар, браузеран стандартан билгалонна тIетевжаш ю. Цунах куки (cookie) олу. Интернет-агIонна тIе хьошалгIа баьхкинарш муьлхачу вебагIоне хьоьжуш бу гойту кукис. ХIора хьаша мосузза вогIу, иза муьлхачу агIоне хьожу гойту. Хьаша дIа ма-ваххана, и терахь дIадойуш ду. Сайтан дикалла лакхайоккхуш а, чоьхьа цунах пайда оьцуш а леладо оцу кепара гулдина терахьаш.


Хаттарш а, комментареш а кхуза хьовсае web@rferl.org

ИНФО

XS
SM
MD
LG