ПIераска, Стигалкъекъа-бутт 18, 2012 Меттигера хан 08:59


Тхох лаьцна


Массо а Маьрша Европа/Маршо Радионан журналисташ а, корреспонденташ а бухахь ялош йолу принципаш кхочушъян езаш бу:

Нийсалла
Маьрша Европа/Маршо Радионан журналисташа массо хIума дийр ду шайн эфирехь йолу программаш а, зорбане йолу информаци а (интернете йоккхург а цхьана) нийса хилийта. Хилларг хьокъехь шеконаш я цхьанацадараш кхоллалуш хилахь, мел лаххара а шиъ дозуш доцу хьаст хила деза.

Маьрша Европа/Маршо Радионан журналисташа эфире а, зорбане а йоккхур яц эладиттанашна тIетевжина я, тIечIагIбан бух боцу информаци.

Даьлла гIалат мелла а сиха нисдийр ду.

Озабезаме ца хилар
Хуьлуш дерг а, хаамаш а, шаьш ма-барра, бовзуьйтур бу, цхьаннега а озабезам ца беш.

Цхьана ца йогIуш а йолу ойланаш, хетарг а нийса а, баланс йолчу кепехь а йовзуьйтур ю журналисташа. Нагахь санна балансана оьшуш йолу тобанаш я адамаш комментари ян хIуттуш дацахь, цунах лаьцна ала мегар ду я хьахо мегар ду материалехь.

Маьрша Европа/Маршо Радио йозуш йоцуш хила езаш ю политикан партех, урхалла дечу я цунна оппозицехь йолчу партех а, миграцин организацех а, коммерцин хьашташ долчу я шен леррина Iалашонаш йолчу организацех а, дин дайх а. Уьш Маьрша Европа/Маршо Радион радиохула я телевизионехула йолу программаш (оха тхайн ладогIийлаш тIехьажийначу мехкашка) дIакхачочу пачхьалкхашна юкъахь я арахьа. Маьрша Европа/Маршо Радио юкъара а ца лела, тIе а ца хIутту цхьана а политикан а, экономикан а, динан а хьажамна.

Анализ, Комментари, Нисдар
Хьалха хилларг дагадоуьйтуш а, цунах кхетош а хила еза эфире мел яьлла материал а, зорбане йоккхуш йолу материал а - ладогIархошна а, ешархошна а хезначу а, ешначу а репортах кхетар аттачу даккха. Факташна тIехь йинчу материалашкахь шайна хетарг тIетоха а, мах хадо а ца беза журналисташа.

Комментареш ца ян хьовса беза. ХIора стага ша мах хадор гIоли хета RFE/RL. Наггахь, комментареш ца язъйича ца йовлуш хилча, уьш язъян тарло Маьрша Европа/Маршо Радионан белхалоша Эфиран Директоро я цуьнан Когаметто къобалдарца. Арахьарчу экспертийн комментареш Маьрша Европа/Маршо Радион говзаллин кепаца йогIуш хила езаш ю.

ГIаьхь-барамаллин а, Лараман а кеп
Эфире а, зорбане а мел йовлуш йолу материалаш массо хенахь собаре, гIаьхь-барамехь а кечъйина хила езаш ю. Иштта, гIиллакхехь а, бух болуш а хила еза материала, массо тайпа адамийн бакъонаш а лоруш. Эфирера а, зорбане евлла а материалаш сий дожош хила ца еза цхьана а стеган, тобан, динан, къаьмнийн, социалан-экономикан, културин а агIора. Юкъара стандарташ а, гIиллакхаш а, оьздангалла а юьхьар а лоцуш.

Питане я ницкъ баре кхойкху материалаш эфире я зорбане яха йиш яц. Факташна тIехь вовшахтоьхна а, баланс йина а хила еза.

АгIо ца лацар
Демократин пачхьалкхашкахь лоруш йолчу демократина гIортор йо Маьрша Европа/Маршо Радионо. Делахь а, Маьрша Европа/Маршо Радионан гIортор ян ца еза леррина тIеэцначу политикина а, низамашна а. Иштта, къобалбан я дуьхьало ян ца еза хоржучу я тIечIагIвинчу кандидатана.

ХIелсинкерчу Европин Кхерамазаллин а, Цхьанабелхан а Конференцехь билгалдаьккхина ма-хиллар, Маьрша Европа/Маршо Радионо гIортор йо, массо а адамийн шаьш довла йолчу бакъонна. ХIетте а, эфирерчу а интернетерчу а материалаша гIортор ян а, къобалъян а ца еза сепаратистийн я шаьш йовла гIертачу пачхьалкхийн а ойланаш.

Маьрша Европа/Маршо Радионо гIортор йо, дуьненаюкъахь тIеэцначу кепашна тIе а тевжина, адамийн дIасалеларна а, кхечу пачхьалкхашкахь баха охьаховшарна а йолчу бакъонна.Амма, Маьрша Европа/Маршо Радионо эфире я зорбане ца йоху махкара довдаре я эмиграци яре кхойкхуш йолу материалаш.

ГIиллакхехь лелар
Массанхьа а этикин лаккхара стандарташ ларъян езаш бу Маьрша Европа/Маршо Радионан белхахой а, корреспонденташ а. Девнехь болчеран цхьанненан а агIо ца лаца хьовза деза; оха болх беш йолчу регионна чоьхьа а, арахьа а девнехь болчеран гIуллакхийн дакъа ца хила а, цхьана стеган, я тобанийн, я пайда лоьхучеран агIо ца лаца а. Маьрша Европа/Маршо Радионан белхахоша а, корреспонденташа а цхьана кепара нахалахь сий дайа ца деза шайн статусан. Иштта, шен Iалашонашка кхача гIерташ, цуьнан цIарах пайда эца а ца беза. Iалашонийн бакъонашка хьажа.