Кадыровн кхаа кӀентан долахь йу Соьлж-ГӀалахь 2 млрд сов мах болу хIусамаш. ГIишлош карийна «Можем объяснить» проектан журналисташна Росреестрера кхаьчначу хаамашкара.
18 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀантах Кадыров Адамах некъахьовзам Iоттабелла Соьлж-ГӀалахь. Орцан министраллан кеманца Москва кхачийна иза. Республикехь Ӏедалан масех даржехь ву кхиазхо.
Кадыров Рамзана а, цунна тӀаьххье цуьнан кӀенташа а, уллорчу гоно а шога, сийсаза а тIеийцира Зеленский Владимира Вашингтоно нохчийн урхалхочунна Венесуэлан хиллачу куьйгалхочунна Мадуро Николасна диннарг дан деза алар.
Нохчийн куьйгалхочун 20-шо долу кIант Кадыров Ахьмад мехкан вице-премьеран дарже хIоттийна. Кадыров Рамзанан могушалла галъйаьлла аьлла, хаамаш баьржинчул тIаьхьа делла цуьнга и дарж.
Нохчийн куьйгалхочуьнгара "масал эца" аьлла президенто Путин Владимира, кIентаршна хьалххе зударий балор хьоьхуш. Бакъаонашларйархоша кест-кеста тидам тIеузу цу кепара гIуллакхаш низамехь цахиларна а, бертаза деш хиларна а.
Республикан куьйгалхочуьнца хиллачу уггар а йоцачу "дуьххьалдIа" эфиран йуьззина видео Нохчийчоьнан Ӏедалша къайлайаьккхина.
Дагестанера бахархой протесте бевлла докха догIа деъначул тIаьхьа: цхьайолчу кӀошташкахь масех де а ду хи а, ток а йоцуш, цIеношна хичу даьлла, шиъ тIай дохийна.
Пугачева Аллас Дудаев ДжовхIарх лаьцна дешнаш аьллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана иза “къоман мостагI” йу элира. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхам бира йишлакхархочуьнга, “Доллу къомана йукъа питана ма таса” аьлла.
Украинан кхерамзаллин сервисо тIеман зуламаш дарна йуха а шеконашка эцна Кадыров Рамзан. ХIинца бахьана даьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо украинхойн тIеман йийсархошна кхерамаш тасарх.
2025-гIа шо доладелчхьана ницкъаллийн структурийн белхалоша Нохчийчохь бIенашкахь меттигера бахархой лечкъийна. Дозанал арахьа бехачу нохчийн жигархошна билгалбевларш бен бац уьш а.
Мехкан куьйгалхочун 17 шо долчу кӀантана Кадыров Адамна зуда йалийна той хилира Нохчийчохь дахначу мукъаденошкахь. И даздар дӀадаьхьира шуьйрачу барамехь.
ГIажаройн зарратан программа хIаллакйан Iалашонца операци йолийначул тIаьхьа ГIажарийчоь а, Израил а саццанза вовшашна тохарш деш схьайогIу. Гергарчу Малхбалера хьал марсадаларх Нохчийчохь пайдаоьцу Украинана дуьхьал тIамана пропаганда йеш, кхайкхам бо массарна а мобилизаци кхайкхайе бохуш.
Хьажа кхин дIа а