Минскан кIоштерчу Мачулищи кIотарехь вехачу Тутов Игора шен гараж чохь танк вовшахтесна. Цхьана шарахь эх шарахь къахьийгира пхьеро. ХIинца цуьнга хьежа оьху туристаш.
Путинан Оьрсийчура бахархой сагатлуш бу Советан пачхьалкхана
...Ельцина кхайкхийна тIом ши кIира даьлча кхечира Соьлж-ГIаличу. Бес-бесара йогуш коьрта база а йолуш, Керлачу Шеран буса гIевттира тIематийсадаларш. Оцу цхьана буса хIаллакйира нохчаша масситта бIе техника, ийгира шина а агIор бIеннаш. И буьйса дагалоьцу тешо. Эрсно Казбекан видео.
Австрехь кхуьучу берашна нохчийн, Iарбойн меттанаш Iамош, вайнехан гIиллакхаш марздеш, довзуьйтуш жигарабаьккхина "Вайнах" цIарца кхоьллинчу юкъаралло шен болх. Эрсно Казбек хилира кху деношкахь юцу организацехь хьошалгIахь.
Нохчий Шемахь
ГIирмехь хиллачу репрессешна лерина шен суьртийн гайтам сьхаблиллина Прагехь "Маршо" Радион корреспонденто Наумлюк Антона.
Нохчийчуьрчу низамхошна гIуран-беттан 17-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дина т1елатарш “Халифатан БIахоша” дина аьлла хаам баржийна ДАIИШ-о. Амма ца хааман авторшна ца хаьа я цу операцин декъашхойн ц1ераш а, я церан дуккхала а.
Австрехь бехачу нохчийн нанойн юкъараллан куьйгалхочо Курбанова Майната Венехь семинар вовшахтоьхнера, берийн Iуналла дечу „Югендамт“ хьукматан белхало а кхайкхина. Оцу гуламе баьхкинера дай-наной, цхьаберш карарчу хенахь бераш доьзалера дIадаьхнарш бара. Эрсно Казбек а хилира цигахь.
Дайша лелийначу гIуллакхашлахь уггар баьрччера меттиг дIалаьцначу маслаIатан тобанах, оцу маслаIат бохучу дешан мехаллех, дозаллех къегинчу масалшца дуьйцу Европерчу нохчийн къанойн кхеташонан хьалханчас Докудаев Ахьмада. Эрсно Казбек хилира и волчахь хьошалгIахь.
Массех де ду Европерчу мехкашкахь Шемарчу тIамо тахана а маьршачу нехан цIий Iенош латтарх сагатдечу наха гуламаш хIиттабе. Венерчу гуламе вахара Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек.
Европерчу дуккха а гIаланашкахь гуламаш лаьтта Шемахь марсабаьллачу тIамна дуьхьал. Протестхойн могIаршкахь ю кху деношкахь Австрин шахьар Вена а, цигара дуккха а къаьмнийн диаспораш а, бухара бахархой а. Еарийдийнан гуламера Эрсно Казбекан видео.
Хьажа кхин дIа а