Доладеллачу шеран хьалхарчу баттахь дуккха а бохамаш хилла Нохчийчохь. Уьш дага а лоьцуш, кху бохамечу беттан жамI до кху видеоно.
Даккхий герзанаш дIасатохар бахьанехь Малхбалерчу Украинехь шинна а агIор бу байинарш.
ХIун Iалашо ю техьа Нохчийчу хьажийначу Оьрсийчоьнан эскаран?
Социалан машанашкахь адамийн вовшашка боцчу ларамах, къинхетамах, собарх аларшца, кицанашца, ширачу дийцаршца Докудаев Ахьмадан къамелехь. Эрсно Казбекан видео.
Цу акцин Iалашо - тIемаш дина ветеранаш могIарчу дахарх булийтарна тидам тIебахийтар. Украинхой а дIакхетта дуьненаюкъарчу флешмобах.
Дуьненахь уггар а сийлахьчу ненех, цуьнан къинхетамечу дагах, шен доьзале бовхачу безамах дуьйцу дагалецамашца а, халкъан дийцаршца а яздархочо Хачукаев Сайд-Мохьмада. Эрсно Казбекан видео.
Дечкен-беттан 29-чу дийнахь буьйсанна Шелахь полисхошна динчу тIелатарехь цхьа полисхо а, кхоъ тIелатар динарг а вийна, бохуш хаамбо Маршо Радион хьостано Нохчийчуьра. ТIелатар динарш цкъачунна муьлш бу хууш дац. Шеларчу РОВД-н хьалха лаьттачу КПП-на дина хиллера тIелатар.
Цхьаьнатоьхначу Штаташка бусалба мухIажарш ханна чубитар дехкаро протесташ яржийна Iамеркехь. Тхан ладогIархочо тесна тхуна хIара Бостонехь дIаяьхьанчу протестера видео.
Иракъехь а, Шемахь а меттигерчу а, дуьненаюкъарчу а ницкъаша ДаIишана тIехь бохучу толамаша церан карадохуьйту ДаIиша Iуналлехь хилла латташ. ДаIишера схьаяьханчу меттигаша Iорадоккху цара куьйга вовшахтоьхна герз а, кхийолу тIеман коьчалш а; Iорайоккху цара нахана тIехь лелийначу къизаллин лар а, нах Iазапехь латтийна хьелаш а.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан а, Британин премьер-министран Мэй Терезан а цхьаьна хиллачу пресс-конференцин кийсак.
Москох урамашкахь дина хIара хаттар.
Эха шарахь тIехь да воцуш лаьттинчу Австрин эххар билгалвьлла президент. Пачхьалкхана а, къомана а тешаме хила чIагIо йина керлачу президента. Эрсно Казбек хилира президентан инаугурацехь.
Хьажа кхин дIа а