Iамеркан Сенатехь ладогIарш дIадаьхьира оьрсийн кибернитекан кхерамах.
Гайтамехь пайдаэцна видеокийсакаш а, суьрташ а ду Ютубера, социалан машанашкара а.
Кхоъ Iамеркан сенатор вахана хиллера Гуьржийчуьрчу НАТО-н Iаморан центре. Цара емалйира Оьрсийчоьно регионехь лелон политик.
Дуьнено керла шо даздечу муьрехь шийла кхаъ кхечира Нохчийчу: бIе сов дакъ дохьуш Нохчийчу кхечира Ростовера цIерпошт. Вайнехан доцчу Iедалехь дIабоьхкира ткъа шо хьалха оьрсийн эскарша хIаллакбина нах.
Иттаннаш нах байина а, чевнаш йина а бу Истанбулехь буьйсанан клубана тIелатар дар бахьана долуш. 700 гергга садоуш стаг волчу цу клубехь гез диттина цхьана стага. (Видео Reuters)
Нохчийн къоман иэсехь даим лаьттар ю 22 шо хьалхалера Керлачу шеран буьйса. Оьрсийн эскарша Соьлжа-гIала "деа сахьтехь" шайн караерзор ю аьлла, долийра луьра тIелатарш. Абдурзаков Руслана дагалоьцу... Эрсно Казбекан видео.
Москох керлачу шеран буса Iедалша ЦIен майда дIакъевлинера могIарерчу нахана. Майдане битара цхьаболу леррина кхайкхаман кехат дерш. Iедалша дийцарехь, иза доьзна дара керлачу шарна хьажийна телешоу йоккхуш хиларца.
Хьалхарчу тIамехь лар йоцуш вайна хилла 109 стаг дIавоьллина Нохчийчохь. ПIераскан дийнахь царах йисина даьIахкаш цIа еанера Ростохара. Уьш ду бераш, зударий, къена нах. Царах шиъ бен мила ву хиина дац. Цу шина стагах диснарг дIадаьхьна гергарачара.
Композитор, илланча, поэт Усманов Iимран нохчийн къоман уггаре а мехала болчу нахах ву. Цо олу дош, йовзуьйту дахаран философи даима а ю мехала. Керла шо тIекхочуш Маршо Радион корреспондент Султанов Ахьмад хилира Усманов Iимранан хIусамехь.
Алаудинов Аптис балха тIехь кхиаме карьера йина, амма иза ишта кхиаме хилар доьзна хета цо Кадыров Рамзанна томехь дерг дийцарца а, дарца а.
ТIаьхьарчу 5 баттахь шайн махка дан дихкина 9 зар тонн кхачанан сурсаташ хIаллакдина Оьрсийчохь. Официалан хаамашца, 22 миллион гергга стаг ву Оьрсийчохь къелла хьоьгуш. Кхин а 5 миллин вахархо ву цу пачхьалкхехь 7500 соьмал лахара алапа оьцуш.
Хьажа кхин дIа а