Къизаллица къам махкахдоккхучу дийнахь эскарехь хиллачу Умаров Iелин дагалецамаш. Эрсно Казбекан видео.
Къатарехь Оьрсийчоьнан иччархоша машен а эккхийтина, вийра, рузбанехь а Iийна, цIаваха новкъаволуш Нохчийчоьнан Ичкерин идеологин лидер, Дудаев ЖовхIар президент волуш цуьнан гIовс лаьттина Яндарбиев Зеламха. Иза дагалоцу цуьнан белхан гIовс лаьттинчу Ибрагимов Виситас. Эрсно Казбекан видео.
8 шо хилла ламанхочун Бибулатова Кхокхин вайнах махках бохучу 1944 шарахь. Эзарнашкахь эгна цуьнан бIаьргех дагалецаман тIадамаш. Ца севцца лешачуьра бIаьргаш хIинца а. Кхолламах дагалоьцу цо ша ехачу Венера. Эрсно Казбекан видео.
Кхушеран 6-чу кIиранах Маршо Радион корреспонденташа бинчу тидамашкара.
Оьрсийчоьно гIодечу сепаратисташа дийцарехь, малхбалерчу Украинерчу Донецкан регионехь тIом бина церан цхьа буьйранча вийна. Вийначун цIе яра Толстых Михаил.
'Маьршачу' Нохчийчуьра тахана а Европе кхача гIерта Нохчий, амма массеран а ка ца йолу Беларусан а, Полшан а дозанал дехьавала. МухIажарех йуьзна Европа а ца кхета Оьрсийчуьра нохчий дIабаха хIунда гIерта. Уьш махках баьккхинчу бахьанех а, цара ловчу халонех а дуьйцу кху филмо.
Оьрсийчоьно Украинехь а, Гуьржийчохь а шен геополитикан Iалашонашка кхачархьама шуьйрра пайдаоьцу пропагандах. Цуьнан пропагандан хIилланаш Iорадоху Витмор Брайнс шен йоцачу видеогойтиллехь.
Москохан урамашкахь дIабаьхьна хаттам
Дечкен-беттан статистико ма-гайттара Путинан цIарал дуккхах а яьккхина Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша Трамп Доналдан цIе - 202,000-за, Путинан цIе - 147,000-за.Ткъа хIун дуьйцу оьрсийн хаамийн гIирсаша Трампах гойту кху клипо.
Арарчу гIашлошлахь дIабаьхьана хаттам
Австрино никъабашна дуьхьал низам тIеэцарна резабоцчу Венерчу бахархойн гулам хIоьттира шоьтадийнахь. Цигахь хилира Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек.
Полшехь мухIажаран статус яккха Iалашано кхачийна цхьа нохчо Беларуси. Нохчийчуьра тховкIело лоьхуш араваьллачу мухIажаро меттигерчу журналисте интервьюхь дуьйцу ша махках валаран бахьанех.
Хьажа кхин дIа а