Шеларчу Гучигов Чакин 19 шо хилла къам махкахдоккхуш. Доьзал боллол волчу цунна, масcарна а кхаьчна къаьхьа дакъа кхечира 1944 шеран Iаьнан шийлачу Iуьйранна - депортаци.
Вайнах махкахбахар билгалдаьккира Ослохь а. Гуламхой дукха бацахь а, бовзийтира баьхкинчара къоман баланаш, хаийтира шаьш депортацин де дицделла Iаш доцийла.
Австрера вайнехан кхеташо вовшахкхийтира Венехь нохчий а, гIалгIай а махкахбахар дагалоцуш. Цигахь хилира Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек.
Вайнехан депортаци дагалоцуш йолчу Европерчу шахьарийн могIарахь ю Вена а. Вайнахаца цхьаьна гуламехь бара кхечу къаьмнийн векалш а. Эрсно Казбекан видео.
Вайнехан бусалбанийн сагIадаран юкъаралла Салсабил а ца йисира Депортацин денна юьстах. Цо дуккха а сагIанаш декъна тахана.
Луларчу Нохчийчохь веккъа цхьа Оьрсийчоьнан Турсхо вазвеш барамаш боьлхучу юкъанна, вайнах махкахбахар шуьйрра билгалдаьккхира ГIалгIайчохь, хьалха даьлла меттигера Iедал а долуш. Iовжаме ю таханлера и контраст хIора а могIарчу нохчочунна...
Вайнехан 1944 шеран депортаци дагалоцуш, шайн коьрта гулам Европерчу нохчаша хIоттийра Францерчу Страсбургехь. Цигара - Эрсно Казбекан видео.
Вайнах махкахбахар дагалоцу гуламаш бу дIабоьлхуш ГIалгIайчохь, Европерчу массех пачхьалкхан шахьаршкахь. Берлинехь хIоьттинчу гуламехь вара массех бIе нохчо, гIалгIа, меттигера бахархой. Эрсно Казбекан видео
ТIехьа-МартантIера Раисова Алпату 1929 шу шарахь йина ю. Вайнах махках бохор дика дагадогIу цунна. Шайн доьзало депортацехь лайначу халонех лаьцна дийцира цо Маршо Радиога.
Аьрга-Хишкарчу (Серноводскера) яхархочо Джакаева Маккина дуьззина кхаьчна депортаце хьажийначу вайнехан кхолламан дакъа. Шен заманарчу нохчаша санна, сица хало ловш дагалоьцу цо Юккъерчу Азехь шаьш лайнарг.
US Vice President Michael Pence speaks out in support of NATO on behalf of the US President Donald Trump at the Munich Security Conference on February 18, 2017.
"Кавказ.Реалии" видео.
Хьажа кхин дIа а