Оьрсийчоьно Украинехь а, Гуьржийчохь а шен геополитикан Iалашонашка кхачархьама шуьйрра пайдаоьцу пропагандах. Цуьнан пропагандан хIилланаш Iорадоху Витмор Брайнс шен йоцачу видеогойтиллехь.
Москохан урамашкахь дIабаьхьна хаттам
Дечкен-беттан статистико ма-гайттара Путинан цIарал дуккхах а яьккхина Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша Трамп Доналдан цIе - 202,000-за, Путинан цIе - 147,000-за.Ткъа хIун дуьйцу оьрсийн хаамийн гIирсаша Трампах гойту кху клипо.
Арарчу гIашлошлахь дIабаьхьана хаттам
Австрино никъабашна дуьхьал низам тIеэцарна резабоцчу Венерчу бахархойн гулам хIоьттира шоьтадийнахь. Цигахь хилира Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек.
Полшехь мухIажаран статус яккха Iалашано кхачийна цхьа нохчо Беларуси. Нохчийчуьра тховкIело лоьхуш араваьллачу мухIажаро меттигерчу журналисте интервьюхь дуьйцу ша махках валаран бахьанех.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн Вовшахтоьхначу Къаьмнийн Кхеташоне йолчу векало-Хейли Никкас-емалдира Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси яр а, малхбалерчу Украинерчу сепаратисташна гIо дар а. Оьрсийчоьно Украинана ГIирма юхаяллалц, Iамерко санкцеш дIайохур яц, аьлла билгалдаьккхира цо.
Iамерко эскар а, тIеман гIирс а хьажийна Оьрсийчоь кхераме лоручу Малхбалерчу Европе.
Хьиджабан денна лерина лаккхарчу тIегIанехь болчу зударийн васташ далийна Эрсно Казбека шен видеохь.
ВЦИОМ-о хаттамбина Оьрсийчоьнан бахархошка, новкъа юй дешаран меттигашкахь хьиджабаш, аьлла.
Украинерчу малхбалехь пачхьалкхан ницкъашна а, Оьрсийчоьно гIортоечу сепаратисташна а юкъахь тIаьхьарчу диъ дийнахь марсадевллачу тIематийсадаларшкахь цхьа Украинан эскархой вийна Чиллан-Беттан 1-чу дийнахь, аьлла дIахьедира Украинан Iедало. Цу Iедалан чIагIдарца, тIахьарчу масех дийнахь вийна 7 эскархо. Байинарш дIабоьхкира Чиллан-Беттан 1-чу дийнахь.
Маршо Радионо Къилбаседа Кавказерчу бакъоларъярхошка хаьттира, муьлха мессенджераш а, браузерш а кхерамзалле ю аьлла хета шуна шаьш бечу балханна. Скайпал а, кхечу гIирсал а тешаме йолучийн цIерш ехира цара.
Хьажа кхин дIа а