Европерчу пачхьалкхийн массех шахьарахь хIиттира "Лийрйоцу полк" боламан барамаш. Алссам бара дакъалоцуш Оьрсийчоьнан бахархой а. Венерчу гуламе вахара шинарийдийнахь Маршо Радион корреспондент.
101 шо дара Маршо Радионо Толаман Денна кечамбеш ши бутт хьалха къамел динаТIехьа-Мартанара тIеман ветеран Умаров Iела.
"Айра" компанино юкъабаьккхинчу SMART TRACK керлачу гIирсан презентаци а еш, велосипедистийн хан тIекхачар къобал а деш, оршотдийнахь Соьлжа-ГIалахь лерина тобинчу некъа тIехула вилспеташ хехкар дIадолийна. Smart Track кечйина ю интеллектуалечу серло латточу системица. Цо гIо до садайначул тIаьхьа велосипедца дIасаваха, некъахь хинболчу хьовзамех а ларвеш.
"Йицъялаза Полк" цIе йолу Дуьненаюкъара ШолгIа тIом бирзинчу денна лерина гулам хIоьттира Чехин шахьарахь Прагехь Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь. Эзар гергга оьрсий а, цхьана декъанна меттигера бахархой а бара Толаман Де даздеш.
"Таханалерачу хьолехь айса схьалаьцначу новкъахь суна со ирсе хета. Суна са гуш дацахь а, сан дагчохь ю-кх и серло", иштта ойла ю Соьлжа-ГIалахь йиллинчу теннисан клубан декъашхойн дог-ойла. Маршо Радион корреспондент хилира церан Iаморашкахь.
Соьлж-ГIалахь дIайирзина Ибрагимов Ризванна тIехь йолийначу кхелан хьалхара кхеташо. Кхеле озийначу яздархочун дехарца и процесс интернетехь онлайн-трансляци а йолуш хир ю. Иза боккха толам лору цунна накъосталла дечу юкъараллан жигархоша. РогIера кхеташо хир ю Стигалкъекъа беттан 19 дийнахь.
Ахьаро йоккха меттиг дIалоцу нохчийн кхача лелорехь. Масала, ахьаран галнаш, сискал, хьовла, худар. Масала, дуьненчу даьлла бер дуьххьара аганчу дуьллуш, ахьаран хударх яй а боккхий, лула-кулара,гергарнаш чу а кхойкхий, ламаст дара лелаш.
Венерчу Симмеринг кIоштарчу NG Wien клубе шоьтадийнахь баьхкина дукха хьеший бара: клубан декъашхой, спортхойн дай-наной, гIалин администрацин векал, Венерчу дзюдон федерацин президент ишта кх дIа а. Австрин дзюдохула чемпион ваьлла нохчо Бибулатов ИбрахIим декъалварца гулбеллера уьш.
Iамеркан тIеман-космосан талламан спутник орбите яьккхинарг ю Falcon 9 олу ракета. Цул тIаьхьа цу ракетан хьалхара дакъа охьахиина Iамеркан мыс Канаверал олучу меттигерчу тIеман хIаваан базехь.
Советан Iедалера кхаьчна дезде - 1-ра Май - билгалдоккхуш ю, Оьрсийчуьра кхин регионаш а санна, Нохчийчоь. ГIали юккъехь хIиттийна концерташ, ловзарш, хелхарш.
Ненан меттан де билгалдоккхуш, барамаш дIабаьхьна Соьлжа-ГIалахь. Даим санна, иллешца, эшаршца, хелхаршца, тойнашца, нохчийн духаршца... Маршо Радион корреспондент а хилира даздаршкахь.
Туризман а, садаIаран а дуьненаюкъара "Шашлык-Машлык" фестивал дIаяхьна Соьлж-ГIалахь.
Хьажа кхин дIа а