Нохчийчохь хиллачу тIемаша берашна йина чевнаш тахана а хьегIа. Бераш Iалашдаран денна леринчу роликца гойту, цивилан пачхьалкхашкахь берийн бакъонашца хьал мухха делахь а, вайн махкахь бераш эшамехь хилар.
Бераш Iалашдаран де даздеш яра бошмаш Нохчийчохь а. 51-чу "Седа" ("Звездочка") бешахь иштта гира и Де Маршо Радиона.
Берийн яххьаш самукъане, екхаелла хилча баккхийнаш а хуьлу сапаргIат. Ткъа шаьш ирсе хетийта берашна-м ца оьшу башха дукха хIума а: марзолгаш, лоппаргаш, вилспет, машен, ден-нена безам а.
Шайн дай-наной, тайп-тукхум, къам санна, сина паргIат кхуьу нохчийн бераш. Тайп-тайпанарчу меттигашкахь фотообъективо схьалецна ду хIара васташ – берийн синпаргIаталла, аьрха, ира, беламе амалш! Сурташ вовшахтоьхна Димаева Лизас/ Маршо Радио.
Нохчийчоьнан прокуратуро экстремизмаллехь книгаш бехкеечу яздархочун Ибрагимов Ризванан кхел ю йоьдуш. ЛадегIаршка кхозлагIа кхайкхича а ца еана иза бехктакхаме озавайтина зуда. Адвокат а, Ибрагимовн накъостий а тешна бу цунна тIеяьхьнарг харцо хиларх. РогIера ладегIарш хир ду пIераскан дийнахь.
Полшерчу Лодзехь вехачу Салуев Ахьмадна шен балкон тIе цхьамма буса кхоьссина хьакхин корта карийна. Иза Мархин баттахь нисдаларо, «мила ву зуламхо» бохучу хаттарна кхачадо жоп – вехачу кварталехь дукха бу неонацисташ, Iедалерчу нахаца гергарлонашкахь а бу уьш, боху цо.
2006-чу шеран гурахь Лондонехь полоний-дIаьвшаца шен майра вер теллина даьлла, амма банза бу бехкечарна бекхам, боху Оьрсийчоьнан Iедал халкъана дуьхьал зуламаш лелош хиларна бехкедеш ваьхначу Литвиненко Александрах йисинчу Литвиненко Маринас. Маршо Радион къамел хилира цуьнца.
ЦIеначу хIух схьаяьлла 50 гергга говр ю Кадыров Рамзанан доларчу реманахь. Цхьайолчу говрийн мах миллион доллар бу, экспертийн хаамашца. Ткъа стенах оьций, латтайо Кадыровс говраш, зорбане яьккхинчу деклораци тI ехь 11 миллион бен рицкъ шарахь тIедеана а ца хилча?!
Панкисехь бехачу нохчийн иллийн фестивал хилла Тбилисехь. Цигахь, шаьш цу кIоштахь беха нохчий боцурш, дакъалоцуш бара гуьржийн яздархой а, поэташ а, музыканташ а, юкъараллийн жигархой а, ткъа иштта Нохчийчура хьеший а.
Суворов Виктор (бакъ цIе – Резун Владимир), вина 1947 шарахь. Къайлахчу сервисан (ГРУ) эпсар а волуш, ведда Советан пачхьалкхера.
Шен пхи шо кхаьчхьана бIаьрса дайна ву Бишкекера Нурматов Евгений. ХIетте а ша бакъволчу профессионало санна доккху цо хIора а сурт.
Хьажа кхин дIа а