Жигимантас Павилионис - Литува пачхьалкхан дипломатин векал, оппозицехь йолчу консервативан партин лидерех цхьаъ. Дуккха а шераш ду мехкан цIарх цо Нохчийчоьнца лелачу юкъаметтигийн доладен. Политико бовхачу безамца дагалоьцу муха дуьйлира гергарлонаш Литуваний, Нохчийчоьний юкъа.
1957 шарахь Нохч-ГIалгIайчоь меттахIоттош омранаш кечдар доцург, кхин дина хIумма а дацара оцу барамна Советан Iедало. Цундела гIаттам айбира Соьлж-ГIалахь а, гонаха а бехачу наха. Нохчаша а, гIалгIаша а мехах схьаоьцура цаьргара шайх 13 шо хьалха дисина цIенош. Я къинтIера а ца бехира вайнах...
ЦхьамогIа юкъараллаша "политикан тутмакх" а лоруш, набахтехь хан текхна ваьлла Кавказан Къаьмнийн ассамблеян президент Кутаев Руслан. Цкъачунна бакъо яц цуьнан шен хьалхалеррачу дахаран жигаралле верза.
3 шо ду ХIинжа-гIалахь автобус лелочу 65 шо долчу Чупалаев Iабдулмежеда пIераскан деношкахь а, ГIурбан дийнахь а адамаш мехаза дIасалелон. Цу кепара Далла хастам бо цо, 4 инфаркт а, ши инсулт а хиллачул тIаьхьа ша дийна висарна. ХIинжа-гIаларчу бахархоша, шайн агIор, ахча а гулдина ХьаьжцIа вахийтин
Кху деношкахь социалан машанашкахула яржийнера цамгарца бала хьоьгучу жимачу кIентан дас орца доьхуш яьккхина видео. Тахана цунна гIо дан буьйлабелла махкахой. Лоьрашна дарба карор хиларе сатуьйсийла ю, бохуш дуьйцу цо тахана. Ша сихвелла хиларна къинтIера бовлар а доьху нахе.
Нохчийчоьнан-Ичкерин Европерчу министрийн кабинетан векалш, коьртехь Закаев Ахьмад а волуш, ши кIира хьалха Литува бахара цигарчу парламенто (Сеймо) хьошалгIа кхайкхарца.
Кадыровцаш а, Инстаграм а. Триллер.
Атарех йина далнаш вайнехан уггаре ширачу даарех ларало. Новкъа хир яц уьш таханлерачу Керлачу Шеран шуьнехь а! Уьш еш гойту Венерчу кхачан говзанчас Исханова Айзас.
24 шо хьалха, ГIура-беттан 31-чу дийнахь 1993-чу шарахь, Гуьржийчуьрчу Дзвели Хибула эвлахь кхелхира Гуьржийчоьнан хьалхара президент Гамсахурдиа Звиад. 1992-чу шарахь, дуьххьара Нохчийчохь Маршонан де даздtш, Соьлж-ГIала баьхкинчу хьешашна юкъахь вара гуьржийн лидер. ТIаьхьо, махкахь карчам хилча,
…Керла Шо ши синхаам бохьуш догIу Венехь вехачу Якъубна. Цхьаъ делахь – шен доьзалерчу берашна дезаде. ШолгIа делахь – Нохчийчоь яккха баьхкинчу федералаша Соьлж-ГIалахь хIоттийна жоьжахати дагаэхар. 1994-чу Керлачу Шеран цIаро дагийна де-буьйса дагалоьцу тIемалочо.
23 шо хьалха, 1994-у шеран ГIуран-баттахь, луьра тIом болало Нохчийчохь. Оцу хенахь Оьрсийчохь президент хиллачу Ельцин Бориса, шен политикин хьелаш тодархьама, эскарш хьажадо Нохчийн Республике, низам а, къепе а, юкъараллин кхерамазалла а дIанисъян еза, олий. Оцу хенахь болийна болу тIом хIинца а буьззинчу барамехь бирзина бац махкахь.
Соьлж-ГIалин яхархочун Ибрагимова РабIатан цIахь самукъане ду. Кху шина-кхаа дийнахь цаьрга хьеший бу оьхуш, иза а, цуьнан йоI Хьава а декъалйеш. 22 ши шо хьалха къаьстина хилла, хIинца бен вовшах ца кхетта наний, йоIIий. Хьава дукха жима йолуш яйна хилла цуьнан...
Хьажа кхин дIа а