Нохчийчоьнан-Ичкерин Европерчу министрийн кабинетан векалш, коьртехь Закаев Ахьмад а волуш, ши кIира хьалха Литува бахара цигарчу парламенто (Сеймо) хьошалгIа кхайкхарца.
Кадыровцаш а, Инстаграм а. Триллер.
Атарех йина далнаш вайнехан уггаре ширачу даарех ларало. Новкъа хир яц уьш таханлерачу Керлачу Шеран шуьнехь а! Уьш еш гойту Венерчу кхачан говзанчас Исханова Айзас.
24 шо хьалха, ГIура-беттан 31-чу дийнахь 1993-чу шарахь, Гуьржийчуьрчу Дзвели Хибула эвлахь кхелхира Гуьржийчоьнан хьалхара президент Гамсахурдиа Звиад. 1992-чу шарахь, дуьххьара Нохчийчохь Маршонан де даздtш, Соьлж-ГIала баьхкинчу хьешашна юкъахь вара гуьржийн лидер. ТIаьхьо, махкахь карчам хилча,
…Керла Шо ши синхаам бохьуш догIу Венехь вехачу Якъубна. Цхьаъ делахь – шен доьзалерчу берашна дезаде. ШолгIа делахь – Нохчийчоь яккха баьхкинчу федералаша Соьлж-ГIалахь хIоттийна жоьжахати дагаэхар. 1994-чу Керлачу Шеран цIаро дагийна де-буьйса дагалоьцу тIемалочо.
23 шо хьалха, 1994-у шеран ГIуран-баттахь, луьра тIом болало Нохчийчохь. Оцу хенахь Оьрсийчохь президент хиллачу Ельцин Бориса, шен политикин хьелаш тодархьама, эскарш хьажадо Нохчийн Республике, низам а, къепе а, юкъараллин кхерамазалла а дIанисъян еза, олий. Оцу хенахь болийна болу тIом хIинца а буьззинчу барамехь бирзина бац махкахь.
Соьлж-ГIалин яхархочун Ибрагимова РабIатан цIахь самукъане ду. Кху шина-кхаа дийнахь цаьрга хьеший бу оьхуш, иза а, цуьнан йоI Хьава а декъалйеш. 22 ши шо хьалха къаьстина хилла, хIинца бен вовшах ца кхетта наний, йоIIий. Хьава дукха жима йолуш яйна хилла цуьнан...
Урдунерчу нохчашна дика хаьа шайн дайша Нохчийчуьра арабовлале лелийнарг. Церан къамелаша йовзуьйту къоман хьалханчийн, турпалийн, дуьххьарлерчу Iеламчийн цIерш. Iаларо Iусмана гойту вайна, дайша тIаьнешка а луш, Урдунехь шайн доьзало кхузамане кхачийна жайнеш, дуьйцу нохчийн безачу нахах лаьцна.
Деношкахь Литуван Сеймо а, Iедалан, махкарчу партийн куьйгалхоша а Вильнюсехь тIеийцира Европехь тховкIело йолчу Нохчийн Республикан Ичкерин куьйгалхойн тоба. Сеймехь а, пачхьалкхан кхийолчу урхаллашкахь къамелаш хилира Ичкерин минстрийн кабинетан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан.
Нохчийчуьра а, Дагестанера а джиперш (ницкъалчу машенийн дай) Соьлж-ГIалахь вовшах а кхетта, бахара шерачу аренна 2000 метр тIехула йолчу ТIерлойн лаьмнашкарчу НикIара. 1944-чу шарахь, вайнах махках баххарх, дIатесначу битинчу дайн кхерчех синна кхача ийцира экспедицино.
Шеларчу шина урамера цIенош ду дохош кху деношкахь. Iаьнан Iуьйранна чуьра арабохуш бу нах. Керлачу шарна "Шали-сити" комплекс йина ялийта тIетаьIна Iедалхой. Шайн хIусамашкара арабаьхначу нахана эвлан йистехь латтанаш делла цIенош дан. Бахархой реза бац, амма шайна хетарг дIаала хIуьттуш бац Iедалх
"Кавказан къаьмнийн ассоциацин" президент Кутаев Руслан набахтера араваьлла 4 шой,10 буттий хан а яьккхина.
Хьажа кхин дIа а