Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Соьлжа-ГIалахь даздарш дирзинехь а, цу дийнахь майданахь лаьттинчу 200 нускалх дийцарш хIинца а лахдалаза ду.
ГIалгIайчохь шолгIа кIира ду Нохчийчоьнца официалехь хIоттийначу дозанна реза боцчу наха протест айина. Магасера гуламхой реза бац Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а куьйгаш яздинчул тIаьхьа дозанах долу документ тIечIагIдинчу парламентна а, мехкан кхиболчу куьйгалхошна а. Кремле гIуллакх таллар а, листар а доьху жигархоша. Евкуровс бакъо елла барам кху беттан 15-гIа де тIекхаччалц латто.
Нохчийчоьне ша латта дIалуш халкъах дага ца ваьлла Евкуров Юнус-Бек, боху гуламехь лаьттачу къоначу гIалгIаша.
ПIераскан дийнахь ши даздар дIадаьхьна Нохчийчохь - билгалдаьккхина Соьлж-ГIалин 200 шо дузар а, Кадыров Рамзанан 42 шо кхачар а. Журналисташ, шайн парггIат болх бойла дацара бохуш летккъахь а, хаза кечйина а, ондда ларъеш а яра шахьар.
Оьрсийчоьнан ММА-н латархочо Нурмагомедов Хьабиба толам баьккхира Ирландерчу Макгрегор Конорца хиллачу латарехь. Маршо Радион «Current Time» проектан корреспондент хилира ХIинжа-гIалахь.
Соьлжа-ГIалин 200 шо кхечи. Шахьаран майданахь доккха той дара хIоттийна, баьхкина генара-гергара хьеший. Маршо Радион корреспонденто меттигерчу бахархошка а, хьешашка а хаьттира, уьш реза болуш дирзирий даздарш.
ГIалгIайчохь дIайоьдуш ю Нохчийчоьнца латтанаш хийцарна дуьхьал хьажийна акци. Иттаннаш бахархоша Магасехь буьйса яьккхина республикан парламентана хьалха. ГIалгIашна хетарг зен Магасе вахара Маршо Радион корреспондент.
Соьлж-ГIала йиллина 200 шо кхачар даздеш ду Нохчийчохь. Цунна хьажийна цхьамогIа мероприятеш хилла Соьлж-ГIалахь а, республикерчу кхечу гIаланашкахь а, ярташкахь а. Соьлж-ГIалин де дазда республике баьхкина бу Оьрсийчуьра а, махкал арахьара а хьеший.
Хьажа кхин дIа а