Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Красноярскерчу набахтешкахь гIело латтор а, корупци лелор а таллар тIедожийна футболан фанат Свиридов Егор верна 20 шо хан тоьхначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Черкесов Аслана.
Урдунехь бехачу нохчийн кегийрахоша ша тайпа дIахьо суьйренаш. Шайн кепехь кегийрахойн пхьоьха хIоттайо цара шаьш бехачу гIаланашкахь. Заркъа олучу гIалахь чай, къахьо молучехь цхьаьнакхета цхьаберш. Ткъа Сувелехь вотанца а, пондарца а самукъадолу.
«Хьунхахь эскархой бу, шу дехьа довлуьйтур дац», - бохуш, дIахьедарш до меттигерчу бахархоша. ТIеман барзакъ доьхначу наха машен сацийра Фортанга хина тIехула тесначу тIайна герга кхоччуш. Циггара йолаелла шина республикан конфликт.
КIира ду Айиза шен дайна бер лоьху. ЙоI яларо халчу хIоттийна Мейрен. Эшамаша Iадийначу берашна меттадахка гIо деш хьийза Мухьаммад. Индонезехь иккхинчу мохо дестийначу хиша вийна 2000 сов стаг. 5000 доьза вайна. ХIусам йоьхна 80 000 вахархочун.
"Адамашна шайн кортош меттабало таро луш йолу", уьш политиках "нийса кхетош" йолу набахтеш шайн махкахь хиларх дуьххьара даредина Китайн куьйгалло. Оцу набахтех лаьцна леткъамаш баржо буьйлабелла кху муьрехь Китайра оппозиционераш. Царех чекхваьлла хила тарло миллион гергга стаг.
Соьлжа-ГIалахь даздарш дирзинехь а, цу дийнахь майданахь лаьттинчу 200 нускалх дийцарш хIинца а лахдалаза ду.
Хьажа кхин дIа а